Прагин мэр Гржиб Зденек а, шахьарарчу Ржепорые а, Прага-6 а кIоштийн куьйгалхой Новотны Павел а, Коларж Ондржей а Чехин пачхьалкхо ларван сацам бина, яздо, шена информаци еллачун цIе а ца йоккхуш, меттигерчу Respekt журнало, хаам бо Маршо Радион Оьрсийн сервисо.
Respekt-о бахарехь, Советан заманарчу маршалан Коневн хIоллам дIа а боккхуш, фашисташкахьа ваьллачу инарла Власовн "Оьрсийчоь Мукъаяккхархойн Эскарна" (РОА) дагалецаман у хIотто Прагерчу Iедало сацам бинчул тIаьхьа Оьрсийчоьно кхерамаш тийса елира Чехин коьрта шахьаран куьйгалхошна.
Respekt-о дийцарехь, вуьйр ву аьлла дIахаийтина, масала, Прага-6 кIоштан куьйгалхочуьнга Коларже шегга, ткъа Чехин къайлахчу сервисо тергалдина Оьрсийчуьра махка цунна кхераме хила тарлуш волу стаг кхачар.
Журнало бечу хаамца, хааделла Оьрсийчуьра Европе кхаьчначу шпионийн терахь совдалар. Хетарехь, Прагера Коневн хIоллам дIабаккхарца доьзна хила а тарло иза.
Прага-6 кIоштахь лаьтта хIоллам дIабаьккхира Охан-беттан 3-чу дийнахь. Шахьарахь еш йолчу ХХ бIешеран дагалецамийн музей дехьаяьхьина монумент.
И хилам шайна Iаьткъина хилар хаийтира Оьрсийчоьно. ХIоллам дIабаккхарна бехктакхаман гIуллакх айдина Оьрсийчоьнан Талламан комитето, Чехи нацизм юхаденъеш ю, аьлла, бехке а еш.
Ржепорые кIоштахь Стигалкъекъа-баттахь хIоттор ду дагалецаман у Прагин дуккха а бахархой 1945-чу шарахь фашистех Iалашбарна Власовн "Оьрсийчоь Мукъаяккхаран Эскарна". Кремло емалйо и гIулч а.
Прагин мэр Гржиб реза а волуш, Чехин шахьарарчу Оьрсийчоьнан векалтна уллехь болчу урамна елла массех бутт хьалха Москвахь вийначу оппозиционеран Немцов Борисан цIе, ткъа цунна гена йоццучу цхьана майданна тиллина журналистан Политковская Аннин цIе.