ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Набахтехь воллушехь ахчанаш хьежийна тIемалошна?


Санашоков Аслан
Санашоков Аслан
Пейсахова Анна, "Кавказ.Реалии"

16 шарахь набахтехь а Iийна, маьршавала везачу дийнахь Черкесскера вахархо жоьпе озийна Шемарчу гIеранашна ахчанца гIодарна. Набахтехь такха кхин а 15 шо тоха тарло цунна.

Санашоков Аслан, Черкесскера вахархо, зуьйш ву Оьрсийчоьнан бехктакхаман кодексан 208-чу артиклан 1-чу декъо буьллучу бехкаца доьзна. ФСБ-н Ставропол-махкарчу урхалло чIагIдарехь, 2014-чу шарахь террорхошца уьйрехь волчу цхьана стаге, Абдулаев Iабдуллига, ахча хьажийна цо.

“Мухха а ваьллехь, интернет чу а ваьлла, талламна довзанза дуьсучу хьелашкахь Санашоковс “Вконтакте” машанерчу цхьана агIонтIера низамехь боцчу Шемарчу тIемалошна ”Сбербанкехула” ахча хьажор доьху текст дIаэцна, кхаьбна иза шегарчу флеш-карти чохь “, - боху талламан документо.

Санашоковн дехарца, талламо дийцарехь, ахча дIахьажийнарг ву цунна вевзаш хилла кхин стаг – Танатаров Мухьаммад. Танатаровс шен зудчуьн “Сбербанкан“ карти тIера хьажийна хуьлу ахча.

Ткъа ша Санашоков набахти токхуш ву хIинца а. Полисхочун дахарна тIекхевдина аьлла, 2005-чу шарахь чохь яккха 16 шо хан тоьхна цунна Кхарачой-Чергазийчоьнан кхело (Бехктакхаман кодексера 317-гIа артикл).

КIира хьалха, Охан-беттан 22-чохь, мукъавала везаш вара Санашоков Ставропол-махкарчу №11 набахтера. Цунна дуьхьалбахана, и ларвеш лаьттина гергарнаш а, накъостий а. Амма ФСБ-но къайлах гIалин изоляторе дIавигина иза. Кхин гойла а ца хилла доьзалан. Оццу дийнахь айбина тутмакхна дуьхьал керла бехк.

Санашоковс, шена боцу бехк тIехьерчабо, боху. Цунна ца вевза Абдулаев, цо цхьаьнгге а ца дехна ахча, я иза цхьаьнхьа хьажаде а ца аьлла. Ша кхерара ницкъхоша шена хIара де тIехотторах, шен зуда Атакова Рузана йолчу бахана хилла стохка аьхка ФСБ-нера нах, цара зуда, полиграфах чекх а йоккхуш, лейина, яздо Санашоковс.

“2020-чу шеран хьалхарчу баттахь со волчу набахте веара ФСБ-н майор, хиттира соьга Абдулаевх лаьцна. Дечкен-беттан 30-чу дийнахь со вуьжучу метта флеш-карта кхоьссира, юха иза Iорадаккха тешаш балийра“, - боху Санашоковс бакъоларъярхошка а, прокуратуре а.

Тутмакхо чIагIдарехь, Чиллан-баттахь а баьхкина ФСБ-н белхахой набахте, флеш-картин хьокъехь лебина цуьнца чохьбохкурш, вукхара аьлла, и карта цхьамма бухакхоьссина ду. Делахь а, я талламо а я Санашоков лаца Охан-беттан 24-чохь магийначу кхело а тидаме ца эцна иза, боху адвоката Узуев Рамазана.

“Суна цIийнах хьажа баьхкинчу ницкъхоша бохура, ас Абдулаевга ахча хьажийна. ТIаьккха хетта буьйлира, майрачо ден а аьлла, диний ас иза. Ас майрачун дехарца ахча хьажадахьара аьлла цуьнга, амма дехна и ахча юург эца а, набахте хьажо а, цхьана а кхечу метте хьажаде ца аьлла“, - дуьйцу Санашоковн зудчо.

Адвоката Узуевс дийцарехь, цхьа теш ву талламчийн, цара къайла а ваьхьина левеш. Цо дийцарехь, имам хилла Санашоков, джихIаде ахчанаш хьежаде бохуш лелла иза.

Ткъа бакъволу имам а ву 11-чу набахтехь, боху адвоката. Цо дийцарехь, Санакошковс 5 эзар сом Абдулаевга хьажаде алар тIечIагIдеш дац цхьана документ.

Узуев а, цуьнан накъостий-адвокаташ а толлуш Iа дуьйцу ахча 6 шо хьалха муха, стенга хьажийна. «Бехктакхам бух боцуш кхоьллина дуйла гайта дохку тхо. Флеш-карта кIелакхоьссина хилар а, мила ву баккъал а тIемалошна ахча хьажаде баьхнарг а ду къасто дезаш. Шена тоьхначу хенах 2014-чу шарахь итт шо текхна ваьлла волу Санашоков, шена Абдулаев джихIаде хьежон ахчанаш гулдеш вуйла а хууш, хIуттур варий цуьнга ахча хьажо? Цу тIе, Санашоковна стенна оьшу ‘Вконтакте’ машанера копи схьа а эцна, иза чохь кхобу флеш-карта ялх шарахь шен набахтерчу меттах доьллина кхаба? Атта дара-кх цунна терахьаш дагахь Iамийнехь я кехат тIе дIаяздинехь“, - аьлла хета адвокатана.

ФСБ-но дов гIаттош бинчу сацамехь боху, «2014-чу шеран Стигалкъекъа-беттан 23-гIа де тIехIоттале ду цо Танатаровга 5000 сом дIатасар дехча, и ахча низамехь йоцчу тIеман гIеране хьажош дуйла а хууш“.

И къамел, адвокатана хетарехь, деса ду – бух бац. Бехктакхам айбина ФСБ-но нийсса Санашоков набахтера араволучу дийнахь. “ГIуллакх байначу баттахь я кхечу хенахь схьадиллинехь, кхета атта хир дара. Амма Санашоковца къизахьаьвзина, кийрахь дог доцуш. Кхин а пхийттех шо тоха тарло цунна набахтехь даккха. Оцу девнах тера девнаш бIеннашкахь ду “, - боху адвоката.

Изоляторе кхачийна Санашоков, иза лаьцна латто магийна Мангал-беттан 22-чу дийнналц.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG