ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ЭльджаркиевгIеран ши ваша вийна аьлла, шеконашца лецнарш чохь буьтуш бу


Москварчу Басманан кхело Товбеца-беттан 12-чу дийне кхаччалц яхйина Полонкоев Хьасан а, Картоев Iели а, Белхароев Алихан а чохь таллман изоляторехь вуьту хенаш, яздо "Кавказский узел" агенталло. "Э" центр олучу ЦПЭ-н (Экстремизмана дуьхьало йон центр) куьйгалхо Эльджаркиев ИбрахIим а, Москвахь дарбан цIийнехь болх беш хилла цуьнан ваша Ахьмад а вийча, шеконаш кхоллаелла совцийна бу уьш.

Маршо Радионо яздира Эльджаркиевн гIуллакх толлуш шеконашца 12 стаг лацарх лаьцна. Верриг а зуламна юкъара хета 30 стаг, яздо хьостано.

ЭльджаркиевгIар байарна бехкеечу тобан куьйгалла деш хилла бизнесхо Полокоев Хьасан. Ишта лаьцначарлахь ву цуьнан вешин кIант Полонкоев Аслан а, воI Закра а, Картоев Iела а, Накастхоев Iийса а, Белхароев Алихан а.

Лахьан-беттан 2-чу дийнахь Москвахь дира зулам. ГIалгIайн «Э» центран буьйранчица Эльджаркиев ИбрахIимца цхьаьна вийра цуьнан ваша, Москварчу цхьана клиникан лор Ахьмад.

Юристаша бахарехь, цIий Iанийна нах «Э» центрехь хьийзор а, беттанаш хьалха БатIал-Хьаьжин тIаьхьенах волу Белхароев ИбрахIим вер а доькхуш динчух тера ду зулам.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG