ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

COVID-19 шеца йолу йоккха стаг лазартнера араяьккхира. Цуьнан доьзалехь ун даьржина


Бурятера 72 шо долу яхархо Кузнецова Надежда Охан-беттан 23-чохь лазартнера араялийтира, пневмони олучу цамгарна дарба а дина. Цуьнан гергарчара дийцарехь, дегIан температура лаккхара йоллушехь, йовхарх а цIанъялале хилла иза. Йоккха стаг цIа йохуьйтучу дийнахь коронавирус юй хьожуш, тест йинера зудчунна. Жоп муха хуьлу а ца хьовсуш, цIа яхийтина хиллера пенсхо. Цхьа де-буьйса даьллачу хенахь анализаша гайтина цуьнца COVID-19 инфекци хилар. Юха а дарбан цIийне охьайиллира Кузнецова. Амма иза кхелхира масех де даьллачул тIаьхьа. Ткъа боллу цуьнан доьзалехь инфекци яьржина бохуш, яздо Сибирь.Реалии портало.

Улан-Удэхь яьхначу Кузнецова Надеждин деган лазарш а цхьана хиллера. Дуьххьара Зазадоккху-баттахь дегI вон хиллера цуьнан. Оцу беттан 12-чохь кхайкхина, баьхкинчу лоьраша дарбан хIусаме дIайигира зуда дагна лоралла дан. Кардиологин декъехь Iиллира иза бархI дийнахь.

"Надежда Савельевнас тхоьга дийцира, дарбан хIусамехь юххерчу палатичуьрчу цхьана зудчуьнца уьйр тасаеллера шен, иза даим а йовхарш йетташ хьулура бохуш. ДIасакъаьсташ телефонаш дIасаеллера цу шиммо, гергарло лело дагахь. Сан марнанас шен ма хуьллу гIо деш хиллера цунна, хIунда аьлча, кхул а ханна йоккха яра и зуда, 80 шо дара цуьнан. ТIаьхьо хиира тхуна, и зуда кхалхарх. Ца хаьа тхуна, хиллий цуьнца коронавирус", - бохуш, дийцина Кузнецова Надеждин несо Юлияс.

Гергарчара бахарехь, дарбан цIийнера араяьккхина ши де даьлча, йовхарш чIагIлуш, са лоьцура пенсхочун.

"Садукъалора цуьнан, ирахь дукха йолаелла а ца лелалора. ТIаьхь-тIаьхьа хьал эшна догIура цуьнгара. Шена дарбан хIусамехь евзинчу зудчуьнга телефон тоьхна, забарца хаьттира цо, со йовхарш етташ ма ю, стенца ун делла ахь суна бохуш", - дуьйцу Юлияс.

Кузнецова Надеждин гергарчарна тахана а хууш дац, важа зуда стенах елла хилла. ХIетахь талламаш беш лелачохь дацара церан гIуллакх.
Кхин дIа дуьйцуш ву Кузнецова Надеждин воI Сергей.

"Де дийне вон дара мамина. ГIора эшна догIура, юучун чам а ца хаалора, йовхарш йеттара. Шозза лоьраш тIекхайкхира оха, амма цара диагноз хIоттош яцара. Эххар а терапевт ялийра оха, цо трахеит ю аьлла, хьесап дира. Дарба долийра, амма хуьлуш гIоле яцара, де эшар бен. Юха дарбан хIусаме охьайиллира сан нана", - дагалоьцу кIанта.

Куьзгана тIе яьккхича, къаьстина хилла, шина а агIор зудчунна пневмони хилар. Ткъа COVID-19 вирус хилар толлуш йинчу тесто, инфекци ца гайтинера. Ветеранашна леринчу госпиталехь шаьш хIоттийначу пневмони лазарна дуьхьал дарба долийра лоьраша. Цул тIаьхьа, гергарчеран дийцарца, цIа яийтина хиллера Кузнецова, кхачо йоллуш гIоле хилла а йоццушехь.

"Де хьалха олуш хуьлура, пациент аравоккхуш ву. Тхоьга цу дийнахь элира. Суьйранна нанна тIаьхьадахначу тхуна гира, халла ког а боккхуш, йогIура иза неIаре. Сенъелла яра цуьнан бат а, балдаш а, куьйгаш тIера пхенаш а дара тIедевлла. ЦIахь юьстича хиира тхуна, дегIан температура а лакхара юйла. Кхаа сахьтехь иза йохъян гIерташ, цунна улло хьийзира сан хIусамнана. Со кхеташ вац, иза цIа стенна яийтина хиллера а, цуьнан могушалла кхачам боллуш талла хIунда ца теллина хилла а", - бохуш, дагахьбалламашца дуьйцу кIанта Сергейс.

Кузнецова Надежда дарбан хIусамера араяьккхина де даьлча, инфекцина дуьхьало ен барзакъ доьхна нах баьхкира кхаьрга. Буьйса юккъе йоьллачу заманчохь дархо маса дIайигира цара дарбан хIусаме, коронавирусан анализаша цуьнца инфекци хилар тIечIагIдина аьлла.

"Инфекцийн лазартнерчу реанимацехь охьайиллинера сан нана. Телефон дIаеттарх жоп луш стаг а вацара. Аппаратна тIетесна хиллера иза. Ши де даьлча реанимацера палатичу дехьаяьккхина хиларх а хиира тхуна",- бохуш, дуьйцу Кузнецов Сергейс.

ТIаьххьара шен ненаца къамел хилла кIентан Охан-беттан 27-чохь.
ШолгIачудийнахь лоьраша хаамбинера Сергейга, даге лазар а иккхина, кхелхина хьан нана, аьлла.

Иза яларх тоьшалла деш, деллачу кехата тIехь билгалъяьккхина кхо диагноз ю: "ДВС-синдром" а, "кхин вирусан пневмони" а, "COVID-I9" а.
ДIакъевлинчу яьшки чохь дIайоьллира Кузнецова Надежда. Гергарчарна шога дихкира цуьнан дегIах куьйг Iотта а. Елачун массо а гергарчу стагана коронавирусан тесташ йира. Цуьнца цхьана чохь вехаш хиллачу веанца инфекци къаьстина.

"Соьца а, сан хIусамненаца а, тхан шина бераца а COVID-I9 ю. Инфекцийн дарбан цIийне охьадехкина тхо. Кхин дIоггара симптомаш яц тхоьца, цундела изоляцехь тхешан цIахь дитахьара аьлла, дехнера оха. Со цецваьлла а ца волу, оцу вирусан ун даьлла хилла сан нана дарбан хIусамера цIа яийтина хиларх. Массарна а хууш ма дара, цуьнан пехашца сингаттам буйла а, цу тIе пачхьалкхехь йолу ситуаци а.ХIунда ялийтина цара ледарло, тхан боллу доьзална ун долуьйтуш?", - эргIадоьху Кузнецов Сергей.

Ларамза бехкехилла КузнецовгIар кхечу нахана ун даларна а. Оцу йоллу хена чохь церан контакт лаьттина нах бу уьш. Кхеран уьйр хилла цхьаболу нах анализийн жамIашка сатуьйсуш Iа. Цхьаболучарна официалехь вирус хилар тIечIагIдина.

Еллачу Кузнецова Надеждин гергарнаш тешна бу, гIалин цхьахйолчу, иза Iиллинчу дарбан хIусамехь, цунна ун даьлла хиларх. Чуьра араяьлла, цхьанхьа а йоьдуш яцара иза, амма цхьана а агIор и тIечIагIдан аьтто бац шайн боху доьзало

Буряти Республикан могушаллин министро Лудупова Евгенияс лечкъа ца до лоьрашкара ледарло яьлла хилар. Юха а, юха а коронавирусан тесташ ца еш, дарбан цIийнера иза араялийта оьшуш дацара боху цо.

"ХIара инфекци керла ю, кIезиг теллина а ю. ТIаьххьарчу зерашца, кхуьнан инкубацин хан кхаа кIиране гергга ю. Мичахь яьлла хилла оцу зудчунна инфекци ала хала ду, республикера эпидемиологин ситуаци чолхе хиларна. Шен хIусамехь даьлла цунна ун, я стационарехь даьлла, толлуш ду дарбан цIийнан администрацино. Цуьнан нус йохкархо яра, цундела лаккхара кхерамболчийн тобанехь лоруш яра иза. Таллам оха кхин а бийр болуш бу.

Ала догIу, пациент дукха хенахь дуьйнна шен дегIаца цхьацца сиркхонаш йолуш яра, Зазадоккху-баттахь кхин тIе а чIагIелла а хиллера цамгарш. Ткъа цуьнца цхьаьна луларчу палати чохь Iиллинчу зудчун дагца лазарш дара. Некхан унна йинчу рентгено гайтинера, пехаш цIена хилар. Йовхарш а, салецар а дагца долчу лазаро меттахдаьккхинера цуьнан. Дуьххьара COVID-19 юй хьовсуш Кузнецована йинчу тесто ца гайтинера вирус. Иза цIа йохуьйтучу дийнахь юха а анализ йина хиллера цунна, нормативан документашца ян езаш йоццушехь.

Керла цомгаш хилла нах дIатарбан меттигаш ца тоарна, араялийтинера иза, цуьнгара хьал цхьана эшшарехь хиларна. Оцу зудчун контакт мел хилла нах изоляци бехкина, лоьраш а цхьаьна. Цуьнга хьажа еанчу терапевтана ун даьлла. Иштта, госпиталерчу масех лоьраца а инфекци ю.

"Карарчу хенахь Кузнецова Надеждин доьзална дарба ду деш, атта токхуш ю цара цамгар", - аьлла, дийцина "Сибирь.Реалии" портале Бурятин могушаллин министро Лудупова Евгенияс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG