Иркутскерчу №1 изоляторерчу тутмакхна Хайдаев Хьумайдана сагатдо бакъоларъярхоша. Ангарскерчу №15 набахтехь хан текхна а ваьлла, 2020-чу шеран Дечкен-баттахь цIаваха везаш вара иза, амма чохь кхебира низамехь а доцуш. Цунах лаьцна дийцира бакъоларъярхочо Титиев Аюба.
Цхьа стаг вен а вуьйш, набахтехь хилла гIаттам айбеш хьийзарна бехкево нохчо Хайдаев.
Титиевс бахарехь, набахтерчу хьаькамаша лелочу харцоно гIовттина хилла тутмакхаш, ткъа оцу протестехь Хайдаевс лаьцна хуьлийла а дац дакъа. “Шена тоьхна 13 шо текхна, аравалийта везаш вара иза. Охан-беттан 10-чохь цо набахтера телефон тоьхна шен вешига. Дийцина, ша набахтера цхьа белхахо, цунна тIелеттачу гIаттамхошка ца вейта гIиртира, амма шен гIодан аьтто ца белира, аьлла“. Иштта довзуьйту хьал Титиевс.
Цо бахарехь, Охан-беттан 11-чу дийнахь тутмакхийн гIаттам хьаьшна, изоляторе кхачийна Хайдаев йовхо лучу батарейх вихкина латтийна. Бакъоларъярхочо дийцарехь, “юьхьах маска а латийна, цул тIаьхьа иза леван баьхкинчара, иза оззийна, схьаяьккхина бета тIера, юьхьан чкъураца цхьаьна“.
Хайдаев Хьумайдана цхьа а гIо ца дина набахтин хьаькамаша цуьнан юьхь тIера чкъор бухадаьккхинчул тIаьхьа. КIиранах Iийна иза вихкина. Цул тIаьхьа вигина талламчина а, адвокатна а тIе. Амма тоьшаллаш дан де ца хилла, меженашка цIий хIоьттина долуш.
Стигалкъекъа-беттан 1-чу дийнахь адвокат веана иза волчу, амма вистхила де доцуш карийна цунна Хайдаев.
Иза тахана а ву “пресс-хатехь“ (администрацин хьаькамаша шайн айкханчашка йоьттуьйту чоь), боху Титиевс.
Бакъоларъярхочунна гарехь, Хайдаевга ша кечбина набахтера гIаттам алийта гIерта ницкъхой. Куьйгийн, когийн пIелгаш кегдина нохчочун, амма ца вигина лоьрана тIе, цундела нийса метта ца хIиттина уьш, дарба деш, юхакегдан дезар ду лоьрийн, боху Титиевс.
Хайдаевн адвокаташа дехна иза кхечу камере ваккхар, амма аьтто ца баьлла. Арз яздина цара Оьрсийчоьнан Талламан комитете а, Инарла прокуратуре а, амма жоп ца деана.
Оьрсийчуьрчу набахтийн урхалло йовзуьйту верси кхин ю. “Охан-беттан 9-чу дийнахь низам талхош билгалбевлла даккхийн зумаш дарна набахтехь бохку тутмакхаш бу набахтин белхахочунна тIелеттарш, цунна цара йиттина. ШолгIачу дийнахь цIелатийна набахтех“, - боху документо.
Набахтийн урхалло дийцарехь, тутмакхашка белхаш бойту меттиг, даьхний чохь кхобу чоьнаш, хасстоьмийн четарш, набахтин школа ягийна, доккха зен дина.
Титиев Аюба, дикка хан яра ша а, шен коллегаш а набахтин куьйгалло цхьа тешнабехк бийриг хиларх догу, боху.
Хайдаевна 2008-чу шарахь набахтехь яккха 13 шо хан кхайкхийра ницкъхошна тIелатарна. Амма чохь токху хан ягаръян йолийра 2006-чу шарера схьа, хьалхо кхин цхьа зуламдар тIе а хьарчийна. Лаххара а, кхушеран хьалхарчу баттахь арахецна хила везаш вара иза. Амма Ангарскерчу набахтехь кхаьбна хан чекхъяьлча а. Тутмакхан ваша леткъина юристашка, прокаци еш гур ду шуна, аьлла цуьнга цара, шайна хьал довзаре терра”, - дуьйцу Титиевс.
Хайдаевн вашас – Iелас – дийцира “Кавказ.Реалиига” лелашдерг. Охан-беттан 9-чу дийнахь къамел хилла Iелин вешица, ша изоляторера дIахецна, набахтехь ву, аьлла цо. Амма телефон тоьхна шолгIачу дийнахь, «спецназ (лерринчу ницкъийн тоба– ред.) еана” шена, аьлла, ткъа эццахь хаьдда зIе.
”Стохка шо доьрзуш иза цIаваре хьоьжуш Iара тхо, некъанна билет а дара цуьнгахь. Набахтин куьйгалхочо а аьллера цуьнга, ”шеран тIаьххьарчу дийнахь дIагIур ву хьо”. Амма ара ца волуьйтуш латтийра, цундела оха адвокат лецира. Вуно дукха хан йолура пошта Иркутске дIакхачале. Тхо хIинца чIогIа догу иза дийна тхаьшна цагарх. Хьо нохчо велахь, хьоьга шатайпа цабезам хуьлу ницкъхойн. Хьуна хан тухуш ю, нохчо хиларна а ву хьо бехке”, - леткъа Iела.
Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин Иркутскерчу урхаллехь, шайца къамел ден де кIира хиларх бахьана а дина, реза ца хилира комментари яла. ”Кавказ.Реалиино” кехат дахьийтина цига, Хайдаевх йолу информаци йовзийтар, ша динчу хеттаршна жоьпаш далар доьхуш.