ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровс шех пайдаоьцийла хIунда ца лаьа Instagram-на?


Нохчийчоьнан парламентан спикер Даудов Магомед а, мехкан куьйгалхо Кадыров Рамзан а
Нохчийчоьнан парламентан спикер Даудов Магомед а, мехкан куьйгалхо Кадыров Рамзан а

Нохчийчохь нийса ца лору мехкан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан, парламентан спикеран Даудов Мохьмадан, Пачхьалкхан Думин депутатан Делимханов Адаман, ницкъхойн блоках жоп лучу вице-премьеран Висмурадов Абузайдан инстаграм-аккаунташ дIакъовлар.

Оцу юкъанна Кадыровн гIоьнчас Дудаев Ахьмада дIахьедина, дIакъевлина йолу @za_kadyrova_95eng а, @za_rkadyrov_95 а агIонаш Кадыровн а яцара, аьлла. Цо бахарехь, Кадыров Ахьмадан цIарх йолчу фондо лелош яра хьалхара агIо, шолгIаниг – «Грозный» телекомпанин цхьана белхахочо.

Инстаграм шен долахь йолчу Facebook компанино шен гIулч йоьзна Нохчийчоьнна коьртера и нах Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн санкцийн тептара язбина хилар. "Американ компани хиларе хьажжина, оха тхайн болх бо Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн низамаш а лардеш", - боху Фейсбуко.

Нохчийчоьнан парламентан пресс-векалтан куьйгалхочо Салаханов ТахIира ша ца кхета, стенца дузу мехкан куьйгалхойн аккаунташ къовлар, боху. "Бацара цигахь я экстремизмехьа бен кхайкхамаш а, я антисемитизм, я къаьмнашка гамо кхуллу кхайкхамаш а. Цхьа а яржо мегаш йоцу информаци яцара оцу агIонашкахь. Цаьргахула хаамаш а баржабора, мехкан бахархошна позитив а лора, нахаца къамел ден майда яра иза. Делахь а, иштта ю-кх Оьрсийчоьнан политикан хьалханчашца йолу Фейсбукан политика", - аьлла Салахановс.

Вуй цхьа а Фейсбукан сацамна дуьхьал арздан лерина, чIаьгIна агIонаш юхаерзо дагахь?

"Цунах дерг дийца хьалхе ду. Иштта леларо, муьлххачу а минотехь республикан коьртачу хьаькамийн агIонаш къовла торуш хиларо кхачабо инстаграме, информацин майдане санна болу тешам а, ларам а", - элира Салахановс "Кавказ.Реалиига".

Стратегин а, дуьненаюкъарчу а талламийн Центран коьртачу хьехамчас, "Маьрша Оьрсийчоь" фондан экспертана Соколов Дмитрийна хетарехь, аккаунтех баьхначу хьаькамаша дохийначух тера ду инстаграмех пайдаоьцуш лардан деза низам. "Хетарехь, иза дозу цхьацца пропагандин аккаунташ дIакховлуш бечу балхаца. Фейсбуко даима къуьйлу цхьацца нах дIа. Низам ду цо ша хIоттийна, иза даима шардеш, тодеш а ю компани. Аьр вай, машанашкахула дезинформаци дIаса цаяккхийтар. Гуьржийчохь а къевлина, масала, массех Оьрсийчуьрчу нехан аккаунт.

"Iазапна духьалояран комитетан" куьйгалхочунна Каляпин Игорна гарехь, Нохчийчуьрчу бахархошна зуламе дала мега хилларг. "Кадыровгара цунна уггаре дукха еза тайниг дIаяьккхина. Кхерам бу цо могIарчу нахера ватсап а, вайбер а, фейсбук а, инстаграм а дIаяккха. Iедална бихкина болу и машанаш нахана а бехка арабовла тарло хьаькамаш. Эр ду, масала, оцу машанашкахь вахIабхойн хьадалчаш бен бац. Шена Iедало лохур ю кхин рупор а, нехан кортош хьеребен таронаш а. Телегойтийла а ю, кхийолу медиаресурсаш а ю", - элира Каляпина.

2019-чу шеран Мангал-баттахь а дIакъевлира Кадыровн агIо. Цул шо хьалха йихкира цуьнан @za_kadyrov_95 аккаунт а. Мехкан куьйгалхочун шира агIонаш Инстаграмехь а, Фейсбукехь а къевлира 2017-чу шеран Дечкен-беттан 23-чу дийнахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG