ГIебарта-Балкхаройчуьра адвокаташ бехктакхаман гIуллакх айдаре хьоьжу шайна тIехь ницкъ бинчу полисхошна дуьхьал, ткъа вукхара юристаш-мехкарий шаьш летта шайна тIе, боху.
Стигалкъекъа-беттан 20-чу - 21-чу буса иккхина инцидент. Адвоката Жилоков Ратмира "Кавказ.Реалиига" иштта дийцира хилларг. Дихкина долу компьютеран ловзарш латтодо наханна шен доларчу гIишло чохь, аьлла, полици еана цхьана зудчунна, ткъа вукхо дехна Жилоковга, иза адвокат хиларе терра, шений, полисхошний юкъаволар.
"Карахь цIийнах хьажа бакъо а йоцуш, деккъа дIа дешнашца дина омра кхочушдан баьхкинера полисхой. Шаьш 15 денна чуюллур ю, бохуш, кхерамаш туьйсура зудчунна", - дуьйцу Жилоковс.
Луьйш-олуш, конфликт иккхина Жилоковн Iедалхошца. Цо дийцарехь, цхьана полисхочо, тIе а веана, хьаьжах хьаж а гIортийна, аьлла цуьнга:
- Хьо мила ву? Ас хIинцца йийр ю хьан болх.
Хан ялале полисхоша куьйгех гIоьмаш а тоьхна, шайн декъе дIавигина адвокат. Иза кхиина шен коллегашка телефон тоха – Магова Натальига а, Ципинова Дианига а, Кочесокова Людмилига а. Уьш сихха кхаьчна полице, амма тIе ца битина Жилоковна. ЗIене бевлла адвокаташ Талламан комитетца а, прокуратурица а. ХIоьттина хьал довзуьйтуш ю социалан машанашкахь цара яржийна видео.
Жилоковн коллегаш иза лаьцна латточу полицин цIенна чубаха гIиртина, шаьш юридикан гIоне эцначу стагана тIекхача низамо муьлххачу а хенахь магош хиларна. Амма чу ца буьтуш, неIаршкара аратиттина уьш. Лаьцна, гIоьмаш тоьхна Ципинована а.
"Куьйган пхенаш лозу. Сан куьйгаш, буха даха санна, сеттадора. ДегIа тIехь моьнаш дисина. Цунах тоьшаллин акташ хIиттадайтина ас", - элира Ципиновас.
Адвокаташ полицица къийсало массех сахьт даьлча баьхкина полицин чоьхьарчу кхерамзаллин белхахой. ТIаккха бен тIе ца битина адвокаташ шаьш гIоне эцначу Жилоковна.
"Эхь дайна лелар полицин белхахойн хатI ду. Амма оццул низамах уьш бохар – иза лан торуш дац. Полисхой, адвокатан кехат-тоьшалла дайча, цIен баьхчалг гина бугIа санна, хьаьвза", Жилоковс бахарехь.
Шайца полисхой луьра хьовзар нахаладаьлла шаьш зударий хиларна, аьлла хета Ципинована. "Кест-кеста бухайоху полисхоша нехан некха хьалхара орденаш, этIадо адвокатийн кехат-тоьшаллаш, баттахь масийттазза хуьлу буй-тIара. Адвокатех полици яша а ца еша", цо дийцарехь.
Адвокаташа бахарехь, шайна шайгарчу даржаша лучу бакъонел совбевлла полисхой дIа ца баьхна балхара. Мелхо а, цара талламчашка боху, зударий-адвокаташ лийтира шайх, шаьш царех къелхьардовла гIиртира.
"И гIуллакх вайн республикера ара а ца доккхуш, чохь талла дитахь, шеко яц полисхой тоьлуш доьрзург хиларх. Ткъа Оьрсийчоьнан я Къилбаседа Кавказан гонан тIегIанехь листахь, хир яц полисхойн цхьа а вариант. Оьшуш хилахь, оха массо а инстанцешка дийр ду аьрзнаш", - боху Жилоковс.
Оьрсийчоьнан Адвокатийн палатин президента Пилипенко Юрийс пачхьалкхан чоьхьарчу гIуллакхийн министре Колокольцев Владимире кхачийна ГIебарта-Балкхаройчохь полици адвокаташца шога хьовзарх долу дIахьедар, дехна низамехь нийсо яр.
"Кавказ.Реалиин" корреспондентан аьтто ца белира ГIебарта-Балкхаройчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин пресс-векалтера хиллачун хьокъехь информаци еха. Адвокаташца полисхой кIоршаме хьовзар кIира хьалха хиллехь а, цхьа а дош дац иза хьахош аьлла министраллин сайтехь. Редакцино кехат дахьийтина цига.