ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Генарчу Малхбалера говзанчаш ларор буй Дагестан кIелхьаръяккха?


Дагестанан лаьмнашкахь
Дагестанан лаьмнашкахь

Дагестан инвестицеш тIеоза Iамор ю кхечу регионашкарчу кураторша

Дагестан инвесторшна марзяън арабаьккхина некъ дуккхаза а хедда. Амма ца буьту иза тесна: махкахь дукха хан йоццуш болх бан йолаелла инвестицеш гергаузу Генарчу Малхбалера агенталла.

Еза Iалашонаш ю агенталло юьхьаръэцнарш: инвесторш а лохуш, Дагестанехь проекташ чекхъяхар а, Генарчу Малхбале Къилбаседа Кавказера инвестицеш дIаозар а.

Генарчу Малхбале а, Арктике а инвестицеш дIаийзош хьийза цигарчу федералан гонан куьйгалхо Трутнев Юрий ву хIинца Къилбаседа Кавказ шен тергоне эцнарг.

Низамаш талхорца гоьяьллачу “Къилбаседа Кавказ кхиоран корпорацин“ директорийн кхеташонна юкъавахна агенталлин инарла директор Петухов Леонид. Ткъа корпорацин коьрте хIоттийна Нижний Новгородан губернаторан гIовс лаьттина волу Харин Сергей (Трутневс къастош ву корпорацин куьйгалхо).

Алибеков Артур коьртехь волчу “Дагестан кхиоран корпорацино“ хан хьалха шена хьалха хIиттийна хиллачу Iалашонел сов къаьсташ яц “Къилбаседа Кавказ кхиоран корпорацин“ Iалашонаш. Дагестанера корпораци евза “гIамара тIехь гIаланаш йотта“ хууш хиларца. Генарчу Малхбалехь юхаметтахIутту энергетика “кхуллуш“ хьийзира цхьа хан хьалха ша Алибеков а.

ТIебаьхкинчу говзанчашка ийзалур юй регионе инвестицеш? Генарчу Малхбалехь IаьIна зеделларг пайде дуй Дагестанна?

Шеко кхуллу перспективаш

Экономиста Дохолян Сергейс шена ца евза элира Генарчу Малхбалехь кхочушъялур йолу дагестанхойн инвестпроекташ. Шина регионан башхаллаш сов дукха ю, Генарчу Малхбалехь лелла хьесапаш Къилбаседа Кавказехь чекхдевр ду аьлла ца хета цунна.

Тайпа-тукхамалла, коррупци, Iедале боцу тешам – оцу дерригено а ца магадо инвестицешна махка кхача, аьлла хета Дохолянна. “Къилбаседа Кавказ ца хуьлийла дацара инвесторшна пайде, амма цигарчу сакхташа новкъарло йо экономикана кхиа. Менеджераш бац бехке, бухара хьал ду. Масала, коронавирус яржаро а гайтина мила, хIун ду кхузахь урхалла латтош, хьенан карахь ледара бу Iедало шега белла мукъ. Бахархой ца теша куьйгалхойх. И тешам меттахIотто беза цкъа, тIаккха кхайкха беза инвестпроекташна менеджераш. Иза ца дахь, Марс тIера кхайкхарх а бац хила пайда. “Дагестан кхиоран корпораци“ йолуш яра, амма ца дина цо цхьа а диканиг. Хаттар-м дисина: стенга даьхьна ахча? “- боху Дохоляна.

Пайде гIулчаш

Экономист Халилов Халил теша Дагестане инвестицеш кхочург хиларх. “Дагестан кхиоран корпорацино“ кхочушйира цхьайолу проекташ, боху цо: “Самур-арахь юхаметтахIутту энергетикан проект чекхъяккха гIерта Алибеков Артур. Цуьнан корпораци банкрот ю, амма и стаг жигара хьийза, проект кхочушъян араваьлла. Цуьнан жигараллах цхьа пайда бала а мега“.

Ткъа шех “Дагестан кхиоран корпорацех“ ала дика дац Халиловн а. “Ахча дукха дIахуду, хуьлу са яц гуш. Цхьа а проект яц кхочушйина. Ур-атталла туризмехь а. Матлас а, хIордайист а кхиорах лаьцна проект яра хIоттийна – ца яьлла чекх. Дуккха а деллера ахча, амма иза нохчийн проекташна дIадахара, Кхарачой-Чергазийчу а, ГIебарта-Балкхаройчу а хьажийра. Дагестанехь ехха хIордайист ю, амма ахча дац“, - боху Халиловс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG