COVID-19 вирусан шолгIа тулгIе йолаярна кхоьручу Китайн Iедалхоша пIераскан дийнахь дIакъевлина Пекинера ялх яккхийчех йохка-эцаран туьканаш. Оцу юкъанна, карантинан режим лагIъян йолаеллачу ХIиндойчохь тIаьххьарчу буса а, дийнахь а ун даьлла нах алсамбевлла.
Американ масех шатато а дIахьедина, шайн дарбан хIусамашкахь цомгаш нах тIекхетта аьлла. Иштта ю, Reuters агенталло яздарехь, тIаьххьарчу 24 сахьтан хроника.
Дуьненаюкъарчу могушалла Iалашъяран (ВОЗ) организацино дIахьедо, коронавирусан инфекцин пандеми ерза хIинца а гена ду аьлла. ПIераскан дийнахь хIоттийначу пресс-конференцехь ВОЗ-ан куьйгалхочо Гебрейесус Тедроса билгалдаьккхина, карантинан раж малъян мел йолийначу пачхьалкхашкахь, Къилба Корейхь а, Японехь а, Сингапурехь а, ГIажарийчохь а, кхечу мехкашкахь а санна, керла коронавирус кхета нах алсамбевр бу аьлла.
ВОЗ-ан чолхечу ситуацийн эксперто Райан Майка бахарехь, мел а къенчу пачхьалкхаша - Африкас а, Латинан Америкас а, Юккъерчу Азино а пандемина тIехь толам баккха хIинца а гена ду. Цо дийцарехь, "уьнан шолгIа тулгIе яц хIара, вайн хIинца а хьалхарчух а ца девлла".
Дуьненаюкъарчу могушалла Iалашъяран организацин векалшна хетарехь, экономикан коллапсера бовлархьама уггар а къенчу мехкашна дуьненера гIо оьшу .