Нохчийчохь еллачу 23 шо долчу Умаева Мадинин гIуллакх Талламан комитетан куьйгалхочуьнга Бастрыкин Александре тергоне эца аьлла, дехар дина "Мемориалан" а, Amnesty International а, "Гражданское содействие" а, кхийолчу а бакъонашларъяран организацеша. Мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана цуьнан яларан хьокъехь динчу къамелаша эксперташна а, тешашна а тIеIаткъам барна кхоьру шаьш боху кехатан авторша.
Маршо Радионо яздина ма хиллара, Мангал-беттан 12-чохь Гуьмсехь елира 23 шо долу Умаева Мадина. Буьйсанна дIайоьллинера иза. Умаева Мадинина эксгумаци яйтира талламан комитетан сацамца а, йоьIан ненан тIедилларца а. Нанна Довлетмирзаева Хутматна хаа лиира, мича бахьанашца елла шен йоI, иза дIайоллар сихдарна. Дийнахь жимачу зудчун дов даьллера шен майрачуьнца, берийн ахчанах цо телевизор эцарна, яздора хаамийн гIирсашкахь.
Еллачух бинчу талламийн жамIаш дерриш а кийча дац хIинца а. ЧГТРК "Грозный" телевизионан эфирехь дийцарехь, цуьнан дегIахь хьоьвсинчу паталогоанатомашна бертаза йийна хиларан ларш ца карийна.
Ткъа дIайоьллина йоI хьалаяьккхинчул тIаьхьа нанас дIахьединера, дегIаца чов а яра шен йоIан, марчонна тIехь цIий а дара аьлла.
Гуьмсехь шина а агIонан нах вовшахтоьхначу Кадыровс дIахьедира, йоI йийна аьлла цхьана а кепара тоьшаллаш цахиларх.
Мехкан куьйгалхочо хуьлуш хIума ду элира, доьзалехь тохар а, Iоттар а.
"Марехь девнаш а хуьлу, къийсамаш а хуьлу, майрчо тухуш а хуьлу", - аьлла, дIахьедира Кадыровс. Цунна хьалха а шена гечдар дийхира Умаева Мадинин нанас.