ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчохь муфтий хаьржина Хамхоев Iийса


ГIалгIайчоьнан муфтий Хамхоев Iийса
ГIалгIайчоьнан муфтий Хамхоев Iийса

ГIалгIайчохь муфтий хаьржина Хамхоев Iийса. Оцу даржехь хилла ву иза 15 шарахь.

Хамхоевна шайн кхаьжнаш дIаделла ГIалгIайчоьнан Iелимнехан а, имамийн а Кхеташонан 32 декъашхочо. ХIинццалц республикан муфтийн декхарш кхочушдеш хиллачу Хаштыров Мохьмадехьа кхаж тесна 21 стага. Верриг а оцу Кхеташонан 78 декъашхочух гуламехь дакъалоцуш вара 58 стаг, яздо Кавказ.Реалиино.

"Сан ойла хийца ца елла, ас шеконе ца дуьллу муфтиятан, шен уставца а догIуш, бакъо хилар шен куьйгалхо харжа, - аьлла ГIалгIайчоьнан юкъараллин декъашхочо, бакъонашларъярхочо Муцольгов Мохьмада Кваказ.Реалиина ша еллачу комментарехь.

"Динан гIуллакхашна юкъагIерта ца оьшу Iедал. Цу тайпаниг, цкъа делахь, нийса дац, шолгIа делахь, цо карзахбоху бахархой. ТIаьххьарчу 10 шарахь адамаш хьайре дара хуьлург бахьана долуш", - боху бакъонашларъярхо.

  • Хамхоев Iийса иттех шарахь девнехь вара ГIалгIайчоьнан куьйгалхо хиллачу Евкуров Юнус-Бекаца. Евкуровс дуккхазза а кхаймаш бинера цуьнга, муфтийн дарж дита бохуш. 2015-чу шарахь Мангалан-баттахь Несарахь Наьсар-Кортарчу маьждигехь тасадалар хилира, Хамхоевс дакъалоцуш. Цул тIаьхьа Евкуровс дIахьедира буслбанийн дина Центр (муфтият) дIаяккха еза аьлла. Шен агIор муфтиято 2018-чу шарахь Евкуров юкъарваьккхина бусалба юкъараллина.
  • 2019-чу шарахь Мангалан-баттахь Хамхоевн хIусамех хьажира полисхой, иза левира Талламан комитетан декъехь, амма Хамхоевс чIагIдора, хилларг Евкуровс леладайтина ду бохуш.
  • Цу тIаьхьа муфтиятан куьйгалхо хIоьттира Мартазанов Iабдурахьман, амма оццу шарахь Оханан-баттахь иза велира, коронавирусах ун а даьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG