ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ночхийн йоI эха сахьтехь кислород ца луш латтийна лоьраша Москвахь


Милана Сайдуллаева
Милана Сайдуллаева

Москвахь дарбан хIусамехь дIоггара хала йоцу операци еш шайн йоIаца хIун хиллера къасто гIерташ бу СайдуллаевгIеран доьзал. Клинике кхаьчнера иза дахарх сумукъадолуш а, могуш а йолуш. Цул тIаьхьа цхьа бутт гергга хан ю иза метта ца йогIуш Iуьллу: керлачу лоьраша бинчу талламца операци еш эха сахьтехь гергга, тIекхочуш кислорд а доцуш, йитина хилла иза, и бахьана долуш цуьнан хьена зен хилла.

Цхьа шо кхо бутт болчу Миланин да-нана цIера Нохчийн республикера ду. Дуккха а хан ю уьш Тюменан махкахь бехаш болу. Москвахь эндокринологин центрехь шайн йоIана могIарера операци яйта гергаршнаш реза хилча, да-нана тешна дара, цхьа а проблема йоцуш, иза дIайоьрзур ю аьлла: цхь а кхерам болуш хIума ду, аьлла варе бина цахиллера уьш. Операци 15 минотехь дIаерза езаш яра – коьртачу декъана косметикан процедура яра иза, баккъалла а йолу хирургин операци а йоцуш.

Операци еш наркоз еллера, дерриг а дика дара иза меттаян йолаяллалц. Дарбан хIусамера арайоккхуш деллачу кехата тIехь цуьнах лаьцна дуьйцуш ду могIарерчу медицинин терминашца.

"Операци дIайирзинчул тIаьхаь кхетамчу ялош экстубацин маьIаргонехь ларингоспазм иккхина, брадикарди а хуьлуш, - аьлла ду документехь. – Цул тIаьхьа гчуделира сатураци лахлуш хилар. Реанимацин процедураш йира, 40-чу минотехь гемодинамин гайтамаш, цхьана эшшара хилла ала мегар, долуш дIанисбан аьтто белира”.

Ткъа хIун дара операцин стоьла тIехь бер долуш хилларг, бохург тахана а къасто гIерташ лелаш ду Мадинин да-нана. Цуьнах дозуш ду цу йоIан дахар а, могашалла а: йоI кхечу клинике дехьаяьккхина, амма дарба дечу керлачу лоьрашна нийса дарба лело оьшу буьззинчу барамехь информаци.

Операци йина берана Товбеца-беттан 26-хь, цу хенахь дуьйна иза йина документаш а, яьккхина видео а схьайоьхуш лелаш ду да-нана.

"Тахана а оцу клинике даханера тхойшиъ, - дийцира Кавказ.Реалиига Миланин нанас Сайдуллаева Дарьяс. – Тахана юха а карта схьадала йиш хир яц шайн, амма хIара кIира чекхдалале хила а мега, элира тхоьга. И карта схьа ца. даларан бахьанаш ца дуьйцу тхоьга. Коьртачу лоьрехь ду иза сацам бан даьхьна, боху тхоьга”.

СайдуллаевгIеран доьзалан адвокато Еромолаева Надеждас дийцира Кавказ.Реалиига, клинико лелориг низамца догIуш хиларх лаьцна.

"Низамца а догIуш, цхьа бутт бу доьхуш долу кехаташ дIадала билгалбаьккхина. Цара цунах пайда а оьцу, - кхетийра Ермолаевас. – Амма кхузахь уьш оьшуш ду дарба дар нийса ду-дац къасто. Цул сов, документаш тхайн каракхаьчначул тIаьхьа эксперте гIо деха аьтто хир бу тхан. Дерриг гойтуш ду лоьраш жоьпаллах хьалхабовла гIерташ хилар: бер могуш ма дарий, операци ян мегар дац аьлла цхьа а дехкар ма дацара”.

Ермолаевас дийцарехь, анестезиолого аьллера СайдуллаевгIаьрга анестези еш лучу молханаша аллерги йийр ю-яц ца къастийнера йоI операцина кечйеш аьлла. Цо дийцарехь, иза ца дина, таллам беш 2 сахьт дезар хиларна.

“Амма дена-нанна муха луур дацара собардан кхин а шина сахьтехь, юьйцург беран могашалла а йолуш? –риторикан хаттар ло Ермолаевас.

Эндокринологин центрехь Кавказ.Реалиига жоп делира, хилларг хьокъехь хууш дац шайна, делахь а шеко йолуш ду дена-нанна оьшуш долу медицинан кехаташ ца ло ,бохург аьлла. Карарчу хенахь Кавказ.Реалиин редакци ладоьгIуш ю ша официалан динчу дехарна жоп даларе.

Делахь а, карахь долчу медицинан документашца а, керлачу лоьраша динчу жамIаца а догIуш, Милана кхетамчу цаяран бахьана ду хьен гипоксаци хилар. Эха сахьтехь гергга, тIекхочуш кислород а доцуш, Iийна йоI, ткъа и бахьана долуш зен дина коьртана. Гипокси хIунда хилла къасто гIерташ ду цуьнан да-нана.

"Ерриг а кхо верси ю, - дуьйцу Дарьяс. – Цкъа дьуххьара тхоьга бехира беран дог дика дац, амма цхьа а патологи цкъа а ца хааеллера лоьрашна иза дуьненчу яьллачхьана а, я операци яле хьалха а. Юха дийцира цунна аллергин реакци хилла наркозана юкъара цхьа молха бахьана долуш. Амма тхоьга цхьаммо а ца аьллера аллергин реакци хила мега аьлла. Кхин а тхоьга элира цуьнан йинчхьана коьртан хьен патологи ю аьлла”.

Дарьяс билгалдоккху, операци а йина, араваьллачу хирурго дуьххьара аьлларг, ша “цхьана а хIуманна бехке вац” хилар: "Со цхьана а хIумана бехке вац. Дерриг а хаттарш анестезиологе дан деза".

Хирурго элира шега ша операци еш динарг дерриг а видео тIехь дIаяздина хилар, боху Дарьяс. Амма оцу видеона тIекхача аьтто ца баьлла ненан.

"Операци хиллачул тIаьхьа тхоьга элира шайн центрехь невролог вац аьлла, - дуьйцу Дарьяс. – Цуьнга хьоьжуш Iийра тхо кхаа дийнахь. Цара хьул ца деш бохура иза шайн профиль яц, амма йоI кхечу клинике дехьаяккха мегаш дац, коьрта лор отпускехь хиларна. Амма беран хье бистина, цунна мелла а сиха нейророхургашка тидам байта беза!”

Кхо кIира даьккхина Миланас медикаментозан набкхетарехь, ткъа хIинца метта ца яло иза. Дарба дечу лоьраша цкъачунна цхьа а ала хIума дац шайн, боху, амма йоIана гIо далур хиларх сатийсам буьсуш бу.

"Коьртан хьена зен хиллачу пациенташна реабилитаци йон клиника карийна тхуна Германехь, - дуьйцу Дарьяс. – Тхайн чоьтах цигахь дарба дайта кийча ду тхо. Бер Германе дIадига кечам бина бу. Оьшург ду уллехь реаниматологаш хилар. Германехь кийча бу лоьраш Милана хIокху сахьта телаца. Вайн лоьрийн дарбаран кхин методика ю: цара Миланин хьал муха хийцало хьоьжуш ах шо даккхийта боху».

Карарчу хенахь Миланин дена-нанна оьшурш ду, цуьнан цамгаран кхоччуш сурт муха ду хьажа оьшу кехаташ.

XS
SM
MD
LG