ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Къам галморзахдаьллачу" заманан литература. Муха, хIун йоьшу Нохчийчохь?


Нохчийчохь шолгIа тIом бирзина масех шо даьллачул тIаьхьа Американ Foreign Policy журнало нохчийн журналисташца юкъахь таллам бира, республикехь шина тIамах бевллачу бахархоша хIун книгаш йоьшу хаа Iалашонца. ХIетахь царна билгалделира, Соьлж-ГIалин бахархоша тIом балале хьалха хиллачуьнца дуьстича, кхин башха дукха книгаш йоьшуш йоцийла. Ешахь а, цхьа атта, чолхе йоцу литература.

Нохчийчохь Советан заманахь оьрсийн а, арахьарчу а классикийн произведенеш йоьшуш хилла бахархой эххар а детективашка а, фантатике а, безамах лацначу романашка а бирзина хиллера.

Цул совнах, шаьш лайначу халонийн бахьанаш довза гIертара нах. Цундела, доккхачу декъанна нохчаша лоьхура адаман психологица йоьзна литература а, заманан йохаллехь Оьрсийчоьнан а, Нохчийчоьнан а юкъаметтигийн исторех лаьцна книгаш а.

Яздархо Айдамиров Абузар
Яздархо Айдамиров Абузар

Оцу йоллу литературана юкъахь яра нохчийн яздархочун Айдамиров Абузаран "Еха буьйсанаш" историкан роман. XIX-чу бIешерийн юккъерчу заманчохь Нохчийчохь лаьттинчух дуьйцура цу тIехь. ХIетахьлера хиламаш бахьана долуш нохчийн цхьа дакъа Туркойчу дIакхелхира.

15 шо даьллачул тIаьхьа хIун йоьшу Нохчийчохь бехачара? Цунах лаьцна дуьйцу нохчийн журналисто, поэта Чабаев Лоьмас: "Тамашен хетахь а, тIеман заманахь алсам бара книгаш йоьшурш таханалерачул а. ЧIурамаш летош йоьшура, деттачу герзашлахь, еттачу бомбашлахь. ТIеман хенахь дика еша а ло, язло. Дахаран а, Iожаллин а дозанехь хуьлу хьо, ала тарло. Цхьа серлоне, цIеначуьнга кховда гIерташ, инстинкт меттахйолу-кх. Ткъа тахана Нохчийчуьра къам, ала тарло, цхьа тамашен набарх санна деха. Оцу хьолах кхетор а хила тарло. Iедалан цIарах лелачу пропагандисташа нахе дуьйцу, тIом бац, чимара гIаьттина, кхиина Соьлж-ГIала цунна тоьшалла а ду. Ткъа могIарерчу стеган цхьа лаам а, тешам а бу: герзашца болчу наха ша дIа ца вигчхьана, Кадыровна а, цуьнан Iедална а цатовчунна тIехула ша бехке цавичхьана а. Дукха тIех яхъеллачу дегайовхоно хьан хье а, са а дуу, книга еша дог ца догIу оцу хьелашкахь волчун".

Таханалерачу дийнахь нохчашлахь безаш, бевзаш болчу яздархойн могIарехь бу, нохчийн меттан говзанча, доцачу, амма кIоргера маьIна долчу дийцарийн автор Бексултанов Муса; махках вала дезна, тахана Германехь веха Бисултанов Апти; Нохчийчохь веха Абдуллаев Леча а.

Кхо шо хьалха Нохчийчохь арахеца долийначу "Гоч" журналан коьрта редактор ю Петирова ПIетамат. Цо бахарехь, тIаьххьарчу заманчохь ешархойн чам дукха хийца а ца белла.

Петирова ПетIамат
Петирова ПетIамат

"Кху заманан Нохчийчохь тахана, селхана а санна, дика йоьшу Айдамиров Абузаран а, Мамакаев Мохьмадан а, Бексултанов Мусан а книгаш. Гоьяьлла Тугузов Асламбекан а, Хабаев ИсмаьIилан а поэзи а", - боху цо.

Оцу юкъанна, нохчийн яздархошлахь керла, терго шайна тIеозон къоначийн цIераш гучуйийлар билгадоккху Чабаев Лоьмас а.

"Кхин дегайовхо йоцуш дац керлачу литературехь а. Кегийрхойн маргIалш ю, кхин дIоггара, седарчий ала мегар долуш, говзанчаш цаьрца бацахь а. Махмудов Iийса а, Хабаев ИсмаьIал а, Резванова Айза а. Дукха хьолехь, Махмудовн дешнаш иллешка даха тарлуш хуьлу, политикех хьакха а ца луш, яздо цо. Айза поэтесса ю. Цо яздо даймахках, дукха хьолахь, патриотизмех хуьлу цуьнан могIанаш. Хабаев – дика дийцархо ву, нохчийн гIиллакхех, мехаллех, доьналлех дика яздина цо. Нохчийн мотт а чIогIа безаш ву иза. Делахь а, кху заманан литература зазадаьккхина кхуьуш ю, олийла дац сан", - кхетадо Лоьмас.

ТIаьххьарчу хенахь нохчийн маттахь араюьйлу цхьайолу книгаш кIорггера чулацам болуш ю, олийла дац боху Чабаевс, цундела атта ца караво царна шайн ешархо.

"Ма-дарра аьлча, цхьадолу дийцарш цхьа къаьсташ чулацам болуш, сюжет, идей йолуш а ца хуьлу. Дукха хан йоццуш иттех Нохчийчохь араяьлла книга яийтинера суна. Ешархочун ойла тIеозор йолуш цхьа хIума ца карийра суна царна тIехь. ХIаъ, авторо язйина, тираж зорбане а яьккхина, амма, царех бала пайда бац, суна хетарехь, цхьа а цуьрриг а", - тешна ву иза.

40 шарахь библиотекехь белхаш бина ю Хацуева Iайнаъ. Ша тидам барца, Нохчийчохь хьалхара тIом болабалале Iаламат дукха бара боху цо книгаш йоьшурш.

"Дуккхаъчара хоьттура нохчийн маттахь язйина книгаш, - дагалоьцу цо. – Нохчийн мотт Iамо а лаам бара нехан. Хьалхара тIом балале (1994-1996-чу шерашкахь), республика йозуш йоцуш санна дIакхайкхийначу хенахь шайн истори хаа луурш дукха бара. Дукха хьолахь, бераша хоьттура нохчийн а, оьрсийн поэтийн байташ а, туьйранаш а. Кхечу къаьмнийн литература хоьттура баккхийчара".

Массо а книгаш тIехь, къаьсттина Американ а, Британин а, Францин а классикаша язйина йолу, кинош яьхнехь а, интернетехь цаьрга хьажа а аьтто боллушехь, нохчийн ешархочун интерес тахана а кхечу къоман литературехь йиссина боху Чабаевс.

"Церан цIераш дика евзаш ю, - боху цо, - Шекспир Уильям, Байрон Джордж, Стендаль, Хемингуэй Эрнест, Гюго Виктор, Дикенс Чарльз, Свифт Джонатан, Твен Марк. Дуккхаъчара езаш йоьшу Чейз Джеймсан детективаш, Лондон Джекан дийцарш, Дюма Александарн романаш а".

Нохчийн къоман библиотекехь
Нохчийн къоман библиотекехь

ХIара материал кечъеш, Кавказ.Реалиин корреспонденто къамел динчо хIораммо а дIахьедира, кху заманан нохчийн яздархошлахь къаьсттина гоьваьлла Бексултанов Муса ву бохуш.

Яздархо Бексултанов Муса
Яздархо Бексултанов Муса

Ткъа яздархочунна шена хетарехь, Нохчийчохь виссина ванне а вац, я Iаламат кIеззиг бу ненан маттахь книгаш йоьшурш. Маршо Радиона еллачу интервьюхь цо латкъамбира, ша хIокху тIаьххьарчу 15-20 шарахь волчу ешархочунна аьлла, цхьа къолам хьокхур бацара, хIунда аьлча, хIара зама къам цхьа галморзахдаьлла зама хиларна аьлла.

"Цхьа 50 шо даьлча, цхьа кхи чкъор догIур дац-те, мотт хIун ю а, мохк хIун ю а, къам хIун ю хууш, бохуш яздо-кх ас", - элира Бексултановс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG