ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Американ Штатийн президентан харжамаш. Хьаьнгахьа бу цигара нохчий?


ТIебогIучу Лахьан-беттан 3-чу дийнахь президентан харжамаш хир бу Американ Цхьаьнатоьхначсу Штаташкахь. Кавказ.Реалиин редакцино теллира, хьанна кхаьжнаш таса дагахь бу цигахь беха Къилбаседа Кавказера эмигранташ, цхьана декъанна, нохчий.

Мел бу Американ Штаташкахь Къилбаседа Кавказера я Нохчийчуьра дIабахана нах, билггал хууш дац. Цхьаццайолчу хьостанаша бахарехь, ерриг а штаташкахула дIаваьржина ву масех бIе стаг ву. Ца деза Америкерчу нохчашна шаьш хьахош. Ткъа YouTube-хь гойтучу видеошкахь гойтурш – уьш доккхачу декъанна океанал дехьара дуьне ган боьлху туристаш бен а ца хуьлу.

Американ Штаташка дуьххьара нохчий кхаьчна, 19-чу бIешерахьлера Кавказан тIом бирзича, Iосмалойн Туркойчу а бахана, цигара массанхьашхула дIасабаьржина мухIажирш ца лерича, Дуьненан шолгIа тIом боьрзуш.

1950-чу шерийн шолгIачу декъехь Америке дIабахана, Дуьненан шолгIачу тIамехь немцойн йийсаре а нисбелла, цунах Америкерчу эскарша мукъабаьхначу нохчех цхьаберш. Уьш океанна гена бовлуш, дIатарбелла Нью-Джерси штатехь – цигахь еха церан тIаьхьенаш тахана а.

Нохчийчохь тIемаш буьйлабелча алсамбевлира эмигранташ. Амма яц цигахь, Германехь, Францехь, Австрехь санна, йоккха диаспора.

23 шо долчу Чимаев Булата стохка университет чекхъяьккхина Бостонехь, болх беш ву дуьненаюкъарчу ингалсан меттан школехь (English international school of Boston). Цо ша цкъачунна ца къаставелла боху харжамца, республиканхойнний, демократийнний кандидатийн Трамп Дональдан, Байден Джон дебаташ тергалъеш Iа иза.

– Суна уьш дуьххьара харжамаш бу, цкъачунна къаставалаза ву со сайна муьлха кандидат тов. Харжамашна кечлучу муьрехь со сенаторехьа Сандерс Бернигахьа вара, ткъа цо Демократин партин праймеризера шен кандидатура юхаяькххира ша Флоридехь, Иллинойсехь, Аризонехь хиллачу праймеризашкахь Байден Джос эшийча. Хаац, гур ду-кх.

– Хьан накъостийн дог-ойла муха ю? Хьуна бевза кавказхой, нохчий, масала, хьаьнгахьа кхаж таса дагахь бу?

– Сан накъосташлахь кIезиг бу Къилбаседа Кавказера нах. Со кхуза, Бостоне, деша веара кхузарчу марафонехь лелхийтарш дина масех шо даьлча. Да-нана кхоьрура кхузара нах соьца вон хиларна (терроран тохар дарна кхело вен кхачийна ву нохчо Царнаев ЖовхIар - ред.).

Бакъду, я университетехь доьшуш а, я цул тIаьхьа а соьга вон дош ца аьлла цхьаммо а. Оцу хьокъехь хьехархойх я студентех соьца цхьаммо а ца дина къамел. Нохчийчоь хьахош-м нисделла, амма къамелаш къоман исторех, культурах лаьцна хуьлура.

Нохчех, къилбаседа кавказхойх, со цхьаъ бен бен вацара дешархошлахь, цундела ца хаьа суна вайн махкахошна харжамех лаьцна хIун хета. Цхьа доьзал бевза суна нохчийн, цаьрца юкъаметтиг а лелайо ас. Суна гарехь, уьш кIадбелла политиках, дахаран кхин агIонаш ю царна коьрта.

Батаева Мадина ши шо ду Нью-Йоркехь йолу, цигарчу цхьана фирмехь контрактаца болх бо цо. Ша Трамп Дональдехьа кхаж тосур бу, боху, дуьйцу шен сацамах лаьцна:

– Трамп Дональд деа шарахь президент лаьтташ хилла бац цхьа а тIом. Иза мелхо а чекхйохуш, ерзош ву шел хьалха президенташа йолийна конфликташ. Трампа Штатийн эскархой эзарнашкахь цIабалийна. Экономика ю кхуьуш. Коронавирус яржале белхазалла яра вуно лахара. Дуккха а дина цо шегарчу даржехь диканиг. Пачхьалкхан кошкала хевшина, къа а ца хьоьгуш нах Iойла ца лаьа цунна. Дика болх а, дика алапа а нахана хилийтарехьа ву иза.

Кхин а цхьа проблема тергалйина ас Штаташкахь. ТIаьххьарчу 15-20 шера чохь Европерчу пачхьалкхаша тойина шайн инфраструктура, дахар тодина. Ткъа Америкерчу дуккха а штаташкахь тишъелла гIишлош. Некъаш, вокзалаш, аэропорташ, йохк-эцар ен меттигаш – уьш ерраш а «куьг Iотта» дезаш лаьтта.

Трампан инфраструктура карлаякхха Iалашо ю, дукха ахча хьажийна оцу гIуллакхна, коронавирусан пандемино новкъарло йина белхаш чекхбаха. Боцу бехкаш тIекхоьхьуш хьийзаво иза цхьацца политикаша, дуьхьаллаьттачу тобанаша.

Бусалба наханна, Африкера схьабевллачу америкахошна иза дуьхьал волуш санна вуьйцу. Ткъа дац иза бакъ, цунна дуьхьалболучара кхоьллина ду иза.

– Хьуна бевзачу нохчашлахь лелий хьан санна ойла?

– Хаац, каввказхой, нохчий, тхо дукха а дац кхузахь, суна гарехь. Техасехь а, Калифорнехь а бу суна бевзаш, ши доьзал Денверехь а бу. Вашингтонехь бу дагестанхойн цхьа доьзал. Цаьрца кIезиг нисло тхан цхьаьнакхетар, кIезиг го тхо вовшашна, халахеташ делахь а, мессенджерехула леладо юкъарло.

КIезиг го тхо вовшашна

Харжамийн тема коьртаниг ю кху деношкахь. Ас ца лечкъадо сайна хетарг, со Трампехьа волонтер ларалуш ю. Нохчий, кхибо кавказхой реза хуьлу ас дуьйцучунна, я суна томанна кеп хIоттош хила а тарло цара, хала ца хетийта. Цара кхаьжнаш хьаьнгахьа тосур бу ца хаьа суна.

Гадаева Элина Массачусетс штатехь еха. Къилбаседа-Малхабелерчу университетехь дуьненан юкъаметтигийн факультетехь доьшуш ю иза.

– Демократин партин кандидатна Байден Джона со кхаж таса гIур йоцийла суна билггал хаьа. Суна хетарехь, цхьа а программа яц цуьнан, берриг а болх шеца къовсалучу Трамп Дональданна лер бу.

– Хьоьца доьшуш берш хьаьнгахьа бу, масала, хьан курсера кегийнах?

– Сайца доттагIаллехь болчу мехкарех алалур ду соьга. Дагестанера ю цхьаъ, важа – Украинера, кхоалгIаниг – Германера. Дукхахболу студенташ а санна, тхо демократ а, сенатор а волчу Сандерс Бернигахьа дара. Ткъа иза вац хIинца кандидадат, юьстахваьлла, Трмпаца къовсавала демократин партех цхьа Байден бен вац, аьлла. Байден суна ца тов, цул гIолехьа хир ву ша лелориг хIун ду, шен Iалашо муха ю хууш волу Трамп.

Журналист, прфессионал-гочдархо, оьрсийн меттан хьехархо Межидов СаIид дукха хан ю Вашингтонехь веха, цигахь болх беш волу. Кавказ.Реалиица къамел деш, Къилбаседа Кавказерчу эмигранташа даима а санна тосу кхаьжнаш демократашна, элира цо:

– Дукхахболчу нохчаша а, суна бевзачу Къилбаседа Кавказера схьабевллачу наха а а демократашна тосу кхаьжнаш – дешнашца бен дацахь а, уьш кIеда хуьлу бусалбанашца. 2016-чу шарахь а дара иштта. Суна бевзачу нохчаша Клинтон Хилларина тесира кхаьжнаш. Ткъа Трампа бусалба нахах лаьцна динчу цхьацца къамелаша цунах къахкийна кавказхой.

– Хьо а ву церан ойланца?

– Ву, верриг а вацахь а. Трамп бусалбанашна дуьхьал ву аьлла-м ца хета суна. Кхузахь, Америкехь, сан вешин воI веха. Иза гольф-клубехь болх беш вара цхьана хенахь, Трампан яра иза – президент воцу зама ю ас юьйцург – мукъаденошкахь шен доьзалца оцу клубе вогIура иза. Сан вешин кIенте даима а куьг лой, маршалла хоттура цо, иза нохчо вуйла а хууш, бусалба хилар а хууш, цуьнца чIогIа дика вара, ахча а лора шенна.

Суна дукха бераш девза вайн къомах, генна машенаш лелош бу уьш. Трампехьа бу, царна цуьнан экономикан хьажар тайна. Ткъа къанойх дукхахберш кхерабелла, Трамп социалан программаш лахъеш ву, боху цара, уьш Байденехьа хир бу тешна а.

Американ Штаташкахь иттаннашкахь бу дика бохку нохчий-бизнесхой. Царех дукхаболучара хьалха хиллачу харжамашкахь Трампехьа тесна кхаьжнаш, хетарехь, дохко а ца бевлла.

***

Reuters агенталло кху беттан 12-чу дийнахь нахе бинчу хеттамийн жамIо гойту 51% америкахой Байденехьа, 40% - Трампехьа хилар.

Ах бутт хьалха чекхъевллачу президентан кандидатийн дебаташа дукха нах галморзабехира ойланца. Маршо Радиона ша еллачу интервьюхь Нью-Джерси штатерчу Сетон-Холл университетан профессора Найт Натаниела "уш (дебаташ. – Ред.) лартIахь ю ала дац", Трампа къамел дан а ца вуьтура шен оппонент Байден, бохура. ТIаьхьо президента хаийтира ша кхин дебаташкахь дакъалаца лууш воцийла – ткъа хила еза дебаташ кхузза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG