ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Венехь лецначеран терахь 15-нне кхаьчна. Нохчо ву царах кхоъ


Австрин Iедал толлуш ду Венехь Лахьан-беттан 2-чохь хилла терроран тохар. Еарин дийнахь чоьхьарчу гIуллакхийн министра Нехаммер Карла ша парламентехь динчу къамелехь хаийтина 15 стаг лаьцна, зуьйш хилар.

Лецнарш массо а кеп-кепара юкъаметтиг йолуш хилла террорхочуьнца Ф. Куйтимца, терроран тохарца уьш боьзна бу я бац къастош ю полици, элира Кавказ.Реалиига чоьхарчу гIуллакхийн министраллерчу пресс-векалто. Цо бахарехь, лецначу нахах массех стаг хилла хьалха экстремизм бахьанехь набахти текхна я Iедало жоьпе ийзийна. Хилла царна Ф. Куйтиман Iалашо евзаш я ца хилла, къаьстош ду Iедал.

Официалан информацица, лецнарш массо а бу Австрерчу иммиграцин доьзалшкара. Кхоъ ву царах Къилбаседа Кавказерчу нахах, хоуьйту полицино. Кавказ.Реалиин редакцино бинчу талламо гойту оцу нахах кхоъ нохчо хилар – Венера, Санкт-Пелтенера, Линцера.

Лаьцначу 24 шо долчу цхьана нохчочун гергарчара анониман хьесапехь довзийтира шайн хIусаме полици кхачар.

"Герзашца нах чулилхира тхуна, дуьйцуш хIума доцуш, дIавигира иза, дIаяьхьира компьютераш а, телефонаш а. ТIаьхьо хиира тхуна иза цхьаъ-м цунна вевзаш хиларна дIавигинийла, террорхо вевзаш хилла стаг вевза цунна, боху. Ткъа ша террорхо цунна вевзаш а ца хилла, я цуьнца цхьа а зIе а ца лелийна", – чIагIдо лаьцначун доьзалхоша.

  • Шинарий сарахь дира Венехь терроран тохар. Маса тоьпаца араваьллачу стага вийра 4 вахархо, 23 лазийра. Герзахо ша а вийна полисхоша.
  • Австрин чоьхьарчу гIуллакхийн министра бинчу хаамца, "дерадикализацин" программе язвина хилла Куйтим Фейзулай ву Венехь нах байъинарг.
XS
SM
MD
LG