Владимиров Виктор, "Американ Аз"
Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа Нохчийчоьнан куьйгалхочунна а, цуьнан гонна а, кхайкхийначу керлачу санкцийн хьокъехь дуьйцу бакъоларъярхоша
Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллина хетарехь, деношкахь Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзананан гонна а, цара жоп лучу структурашна а дуьхьал кхайкхийна санкцеш доцчух кхоьллина а, бух боцуш а ю. Оцу хьокъехь дIахьедина пIераскана, ГIура-беттан 11-чу дийнахь, арахьарчу политикан юкъаметтигийн хьукматан векала Захарова Марияс.
Захарована гарехь, оцу гIулча хьалха хIотийна Iалашо ю, дукха а, кIезиг а доцуш, дуьненан юкъараллин бIаьргаш чохь Оьрсийчоьнан бахархой «адамийн бакъонаш талхош болу нах» хилар тIечIагIдар.
Дагадоуьйту, еарин дийнахь Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа «Магнитскийн акто» къастош йолу санкцеш юкъаяьхна Кадыров Рамзанна а, цуьнца зIе йолчу цхьацца компанешна а, цуьнан гонерчу цхьаболчу наханна а дуьхьал.
Цхьана декъехь, Штатийн финансийн министралло «Iаьржачу тептара» язйина Оьрсийчуьрчу къовсамашкахь дакъалоцу футболан клуб «Ахмат» а, Кадыров Ахьмадан фонд а, кхин а цхьаццайолу структураш а.
Дуьххьара йохуш яц Американ Штаташа Кадыровна а, цуьнан гонна а, гергарчарна а духьал санкцеш. 2014 шарахь дуьйна Еропан Бертан санкцеш а ю Нохчийчоьнан куьйгалхочунна дуьхьал лелаш.
Каляпин Игорь: «Цхьа а низам дац Нохчийчоьнан куьйгалхочо ларамбеш, шен махкахойх дан йиш ю цуьнан шена луъург»
«Iазапна дуьхьалояран комитетан» куьйгалхочунна Каляпин Игорьна хетарехь, Кадыровн гонна а, цуьнца зIе йолчу структурашна а тоьхна санкцеш пайде ю, цара дагайохкуьйту дуьненна юха а Нохчийчохь харцонаш лелаш хилар. Цуьнан дешнашца аьлча, цхьана а цивилизацин юкъаралло ловш доцу хIуманаш лела цигахь.
«Санкцеш оьшу, нийса тоьхна а ю, цара Оьрсийчуьрчу Iедалан урхаллашна хоуьйту шаьш терго ян езачу махкахь лелаш дерг хIун ду. Оцу маьIнехь аьлча санкцеша шайн Iалашо кхочуш йо. Ткъа хьакхалой уьш билгалбаьхначу нахах аьлча, суна хетарехь, цара пусар а ца до санкцийн. Уьш бац дуьнентIехула бевлла лела дагахь, дозанал арахьа ахча охьадилла гIерташ, царна цIахь а ю комфорт, шаьш дашо унитазаш хIиттийначу петаршкахь».
Санкцеш оьшу, нийса тоьхна а ю, цара Оьрсийчуьрчу Iедалан урхаллашна хоуьйту шаьш терго ян езачу махкахь лелаш дерг хIун ду
Делахь а Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташна республикерчу хьолан мах нийса хадийна аьлла хета Каляпин Игорьна. ХIунда аьлча, Нохчийчохь низамаш парггIат хьоьшуш хилар го хан хене мел йолу, билгалдаьккхира «Iазапна дуьхьалояран комитетан» куьйгалхочо.
Цо бахарехь, Кадыровс а, цуьнан уллерчу гоно а, эхь а ца хеташ, тIетаIIош гойту муьлхха а нохчо – хуьлда иза шен юьртахь, Оьрсийчоьнан кхечу махкахь я Европехь – шайн юрисдикцина кIел вуйла. Нохчийчоьнан куьйгалхочо цхьана а кепехь ларам бац беш низамийн, шен махкахойх цуьнан дан йиш ю шена лиъинарг.
Бакъоларъярхочо дийцарехь, иза хеза риторикехь а, нахана ган а гуш йохучу гIулчашца а.
Борщев Валерий: «Адамийн бакъонашца йолу ситуаци маьттаза ю Нохчийчохь»
Москварчу Хельсинкин Тобан куьйгалхойх волу Борщев Валерий вуьззина тешна ву Кадыров Рамзанна а, цуьнан гонна а сакцеш йогIуш хиларх. Иза, цунна хетарехь, кхетамчохь мел болу нах бу оцу сацамна кIера.
санкцеш – шаьш ларбала безийла гойту хаам а бу Кадыровс зIенаш лелочу цхьаболчу Iаьрбийн мехкашна
«ХIунда аьлча, адамийн бакъонашца йолу ситуаци маьттаза ю Нохчийчохь. Цивилизацин а, ала деза, Оьрсийчоьнан а низамашна нийсса бIостанехьа ду Кадыровн лелар. Адамийн бакъонашца кризис латтарца дуьнентIехь уггаре хьалхарчу регионех бу и мохк. Борша-сте леларца ламастехь боцчу (ЛГБТ) нахаца цигахь лелориг юьззина акхалла ю, царна духьал чIир ю кхайкхийна».
Оцу юкъанна бакъоларъярхочуьнга дуьззина ала ца ло, мел эвсаре ю Кадыровн режимна дуьхьал Малхбузено арахецна санкцеш. Зеделлачо гойту санкцеш кхача ма-езза дIакхочуш цахилар, боху Борщевс.
«Мухха а делахь а, нийса яьккхина гIулч ю иза. Ткъа футболан «Ахмат» клубах аьлча, Кадыровн лазаме ю и муьшка, цо шен, шен Iедалан имидж чIагIъеш лелойо футбол», – тIетуьйхира Москварчу Хельсинкин Тобан куьйгалхойх волчу Борщев Валерийс.
Цунна хетарехь, керла санкцеш – шаьш ларбала безийла гойту хаам а бу Кадыровс зIенаш лелочу цхьаболчу Iаьрбийн мехкашна.
Американ Штатийн конгрессменаша Малиновски Тома а, Уилсон Джос а далочу терахьаша гойту еккъа цхьана Iаьрбийн Эмираташа Нохчийчу хьийсийна инвестицеш 350 млн Американ долларе кхоччуш хилар. Цул сов, Кадыров ахчанца са йоккху оцу пачхьалкхашкахь хуьлучу говрийн хехкаршкахь.