2020 шо дирзина террорхошка ур-атталла цхьа талор а ца дойтуш. Кечаман тIегIанехь дуьхьалойина 61 зуламна, контртерроран операцешкахь хIаллаквина 49 бандит, лаьцна – 800 гергга. Иштта бу шен хьукматан балхах лаьцна ФСБ-н директора Бортников Александра бина хаам. Къайлахчу сервисан болх муха гойту оцу терахьаша? Буй Оьрсийчохь, Къилбаседа Кавказехь терроран тохарш дан кхерам?
Оцу могIарара болу хьалхалерчу шерийн гайтамаш стохкалерчаьрца буьстича, билгалдаккха йиш ю тIаьххьарчу итт шера чохь хийцамаш дика схьабогIуш хилар. Хьалха заманахь терроран тохарш бIеннашкахь дора. ХIинца уьш дукха дац. Дуьхьало а йина, совцийна меттигаш алссам ю. ТIемалой бу бохуш нах байъар а лахделла бIеннаш тIера иттаннашка кхаччалц.
"Бакъонийн инициатива" ("Правовая инициатива") фондан ГIалгIайчуьрчу декъан куьйгалхочо Сакалов Арсена дийцарехь а ду хьал хьалхачул гIолехьа.
"Суна хетарехь, ницкъхойн болх эвсарбаьлла – 5-10 шо хьалха хIинцачул дуккха а эшна дара сурт. Хьал тергалдечу урхаллийн аьтто болу тергам латто. Делахь а соьга тхайн махкахь долчух бен дийцалур дац, лерина операцеш тIех дукха а ца хьо дIа, гIоьртина даттахь а, хьал цхьана эшшара ду ГIалгIайчохь. Дахар шен хоршахь дIалела, амма хьалха санна дац, хьалха хIора кIиранах цхьаъ нислора – ницкъхойн хашна тIелетара, герзаш дуьйлура, иза дац хIинца", - боху Сакаловс.
Цунна гарехь, алссам бара хьалха тIемалой бу аьлла кхелашка кхачийначаралахь шайна таллам дIахьочу муьрехь гIело йина олурш. Ткъа 2020-чу шарахь иштанаш шена ца хаабелира, боху бакъоларъярхочо.
ДIадаханчу шарахь антитерроран операцеш уггаре дукха хилла ГIалгIайчохь аьхке йоьрзуш, Марсхьокху-баттахь. Оцу муьрехь 5 операци дIаяьхьина, стаг вийна тIемало хила тарло аьлла. Ницкъхойх лазийна шиъ. Операцеш йолийра Росгвардин белхахо вийча. Ткъа хьалхо Iедало дIахьедира ша Таршхойн лаьмнашкахь баьччин Бютукаев Асланан тIемалой лоьху аьлла.
Сакаловс бахарехь, "аьхка гIадаларца марсабовлу тIемалой, Iай – лахйо дуьхьало, шайна къайлабийла меттиг яцаре терра".
Террорхой жигара лела шолгIа меттиг яра Кавказехь Нохчийчоь. Ши бутт хьалха 6 стаг вийра Соьлжа-ГIаларчу операцешкахь, царалахь вара ши полисхо.
Бортниковс терахьаш довзийтинчул тIаьхьа а хилла тIеман инцидент Соьлжа-ГIалахь. Деношкахь урс тоьхна вийна цхьа полисхо, цуьнан накъост лазийна. ТIелеттарш бу ГIалгIайчуьра баьхкина, Соьлжа-ГIалахь болх беш хилла кегийнах, уьш байъина. ГIуран-беттан юккъехь вийра Нохчийчохь Байдулаев Казбек – иза лохуш хилла Iедало, тIемало ву бохуш, 20I2-чу шарахь дуьйна. Цуьнца оьккху коьчал яра, боху. Ткъа Байдулаев "шозза вийна" нисло: ши бутт хьалха ши стаг вийча, царех цхьаъ иза ву бохура.
ФСБ-н статистикехь дац дукха хан йоццуш Кхарачой-Чергазийчохь дина эккхийтар. Цигахь ГIуран-беттан 11-чохь ФСБ-н урхаллин цIенна уллехь ша-шен эккхийтира цхьамма.
Стохка хиллачех ду ГIебарта-Балкхаройчохь Зазадоккху-баттахь леринчу операцица 3 стаг вер а, Охан-баттахь Ставропол-махкахь цхьаъ вер, шолгIаниг лацар а, Дагестанехь Стигалкъекъа-баттахь ницкъхоша ялх стаг хIаллаквар а. Оцу массо а хиламашкахь байъина нах бехкебора ницкъхойн дакъошна тIелата гIерташ хиларна.
ДАIИШ дIаяьлла?
Хийцаман билгало ю стохка шаьш дIаяьхьина лерина операцеш доккхачу декъанна ницкъхоша ДАIИШ-ца юзуш яцар. Дагестанера Зазадоккху-беттан операци бен ца юьйзира оцу бахьанах.
Ницкъхойн "Альфа" декъан ветеранийн ассоциацин президента Гончаров Сергей цкъа а ца тешна ДАIИШ цхьа боккха ницкъ бу бохучух.
"Ас къобалдина хIума дац "Исламан пачхьалкх" дерриг а дуьненна бала бу, цуьнан структураш онда ю бохург. Тахана дукха ю масех стагах бен лаьтташ йоцу тайп-тайпана тобанаш, шаьш лела террористаш а бу. Еккъа ДАIИШ-ах адам кхерош йолу пачхьалкх яр нийса дац. Шаьш лела торрористаш баьржина, и болам вайга саца а лур бац", - аьлла хета Гончаровна.
"Альфа" тобан ветеранан шен хьажам бу терроран боламе.
"Таханенна Нохчийчоь ю мел а паргIат меттиг, цигахь Кадыров хиларна. Цо, аьр вай, авторитаран режим хIоттор – иза дика ду цхьана агIор. Ткъа ша Къилбаседа Кавказ – иза вайга сагатдойту агIо ю хIинца а", - элира Гончаровс.