ГIалгIайчуьрчу СултыговгIеран а, ТимурзиевгIеран а тайпанийн векалша дехар дина Соьлжа-гIалахь шайн воIарийн карах веллачу Джабраилов Мохьмадан цIийнах болчу нахе, шаьш тIедитахьара маслаIатан дийцарш доло аьлла. Шуна бIегIийла доллучу дийнахь шаьш тIедахка кийча ду аьлла, дIахьедина цара.
Иштта, цара кадам бина веллачух, маршалла хиларе сатуьйсу шаьш аьлла лазийна, дарбанан цIийнехь Iуьллучунна а.
Соьлж-ГIали юккъехь шайн шина кIанта ППС-н белхахошна дина тIелатар шьаш емалдо аьлла, дIахаийтина ГIалгIайчуьрчу тукхамо.
"Террор цкъа а къобалйина яц оха", - аьлла, билгалдаьккхина СултыговгIеран а, ТимурзиевгIеран а тайпанаша.
Дахначу оршотан дийнахь Соьлж-ГIалахь хилира юьйцу инцидент. Арсашца волу ши стаг полисхошкара герз даккха гIоьртинера. Оцу зуламехь вийра полицин цхьа белхало, шолгIачунна чевнаш йира. ТIелеттарш хIаллакбира.
Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедарца, тIелетта шиъ хиллера ГIалгIайчуьра веана ТимурзиевгIеран ши ваша Хьасан а, Хьусайн а.
ТимурзиевгIеран ши воI билггал террорхой бара алий, тоьшаллаш гайта шайна аьлла, кхайкхамбира СултыговгIеран а, ТимурзиевгIеран а ГIалгIайчохь бехачу вежаралин тайпанаша. Иштта цара хаамбира, байъинчийн гергара нах лаьцна хиларх а, уьш маьршабаха аьлла, тIе а дожош.
ТимурзиевгIеран шина вешин гергарчарна чIир кхайкхаяр тIедиллина мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана парламентан спикерна Даудов Мохьмадна.
"ТIекхайкха уьш, уьш бехкехиларх тоьшаллаш дIагайта, цул тIаьхьа чIир кхайкхае царна вайн вийначу накъостах", - аьлла, дIахьедина пачхьалкхан "Грозный" телеканалан эфирехь Кадыровс.