ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"БIаьргхиллачунна – хурманаш". Стенна лела кавказхой палтасийта?


Къилбаседа Кавказехь, ерриг а Оьрсийчохь а санна, дукха адамаш лела "хIумахуучу" наханна тIе. Дукха хьолехь, лоьрех ца тешаш леларш а нисло "седа-жайна" хьажийта я долдиллийта. Стенна магадо шайна буьззина бусалба ларалучу доьзалша а тIехь иштачу наханна тIеэха? Оцу хьокъехь дира оха къамел психологашца.

Оьрсийчохь дихкина дац «хIумахуучийн» могIара хIотта а, царна мехах тIеэха а, амма, масала, Нохчийчохь иштачу хьолехь гучуваьлларг кхачаво пачхьалкхан телегойтийле, вига тарло полице а. Дечкен-баттахь "Грозный" канало емалвира Дагестане вахана вогIу ши жимстаг – шен накъост а эцна, шех къаьхкина лела шен зуда цIехьаерзайойту "молха" лохуш хиллера царех цхьаъ.

"Цаьрца дара аьчка догIа а, «дешна» хи а, кхин дуккха а тамаше хIуманаш а", – бохура «бехкечаьрга» халкъ шайна къинтIера даккхийта гойтучу репортажехь.

Тахана Оьрсийчуьрчу сайташкахь вуно дукха ду "веза стаг гергаозавойту", "бахана бIаьрг босту", "хиндерг ган нах Iамабен" Iаламаташ – хьан ахча хилчхьана. Эшахь, таро ю "бIаьрг бахийта" а, "неIалт стагах долийта" а – цхьанна а хала ца хетийта оцу хIуманех олу сайташкахь "деструктиван зедлларг".

Инстаграмехь дукхахболчу авторша ца бузу шаьш а, шайгара гIо оьшурш а цхьана меттигах, хила тарло нах дозанал арахьара а – чекхболу "болх" вовшийн цагарх а, интернетехула бича а. Бакъду, маьхза гIуллакхден «хIумахуурш» а бовлу, ахча ца делча а буллу цара сардам я Iалашдо шайн «доIанашца» дахар, хIусам, веза-вевзарг. Цхьаболучара бусалба динца а дузу шаьш дийриг: "бусалба дол диллар", "седа-жайна хьажар" иштта дIа кхидолу а "деза" хIуманаш.

Дуккха а бу "хIумахуурш" евзаш йолчу хьашташ дIасадаржочу, юхку-оьцучу, пайде аьттонаш бухкучу "Авито" ресурса тIехь. Амма кавказхой Оьрсийчоьнан кхечу регионашкарчу бахархойл дуккха а тIаьхьабисина оцу ресурсехула палтасарца а, бIаьрг билларца а, иза тIера баккхарца а. Масала, кху беттан 5-чу денна оцу кепара хаамаш баржорца долу хьал иштта ду "Авито" тIехь:

  • Краснодар-махкара "хIумахуучара" шайгара гIо эцар доьхуш бу 61 хаам.
  • Ставропол-махкара– 10 хаам.
  • Дагестанера – 4.
  • ГIебарта-Балкхаройчуьра – 2.
  • Нохчийчуьра – 1. "Оьрсийчохь уггаре ницкъ болуш йолчу хIумахуучо" Васильевна Нинас дош ло "кхоллам хийца".
  • ГIалгIайчоь – 1.
  • Къилбаседа ХIирийчоь – 1. Алагирерчу Ильяс ша "аьтто бо керла шо ирсе хилийта" боху.

Нохчийчуьра а, Дагестанера а "хIумахуурш" кIезиг бу баржочу кхайкхамийн авторшлахь. Амма болуш болу кхайкхамаш шатайпа, "бусалба" бу. Краснодархь я Ставрополехь "бахана бIаьрг баста" юхку цхьацца коча ухку я хьалха тосу хIуьмалгаш, ткъа бусалба нах бехачохь юхку, масала, цхьацца куьйга кечйина окчаллаш а, коьчалш а: "Iазабу джинн" ("Жиннашка балабоссор"); чухула дIасатуху тIехь дерриг а КъурIан дешна хи; "йоьхьех доьлла неIалт арадоккху" кочалла; боьлла бIаьрг юхабоккху хурманаш.

Шайн "деза" хаарш даржо кхоьру Нохчийчуьра "хIумахаархой" – цигахь цаьрца ша ма-барра тIом бу лаьтташ. Дукха лецна, нахалбаьхна телегойтийлехула палтосурш, "хIумахуурш".

Нохчийчуьрчу психолога Лабазанов Iаьрбис Кавказ.Реалиига дийцира "хIумахаархойн" дикане стенна сатуьйчу цхьаболчу наха. "Сатийсамо, дахаран Iалашонаш кхочуш хуьлийла лааро кхачабо дукхахберш царна тIе. Адамаш Iехало шайна "хIумахуучара" догдохден хиндерг хьехча. Дукха хьолехь Iамалца я Делан дикане кхача гIертарш а, я хьекъалца сов кхетам болурш а ца хуьлу шайна палтосуьйту нах, уьш лехамашкахь бисина пекъарш бу", – боху Лабазановс.

Экспертана хетарехь, цкъа а кхачалур бац "хIумахуурш" а, цара Iехораш а. "Дуьсург цхьаъ ду, наханна и тайпа хIуманаш лелор, "хIумахучарна" тIелелар мел къехьа ду КъурIанехь хаийтар"- боху цо.

Юкъара хьал схьаэцча, палтасархошна тIелела нах алсам бовлу лоьрашна-психологашна тIебоьлхучу нахал а, аьлла хета интегралан нейропрограммаш хIитточу Iилманан (ИНП) психологин говзанчанна Бараказян Саргисна. Цуьнана бахьанех цхьаъ ду Советийн Iедалехь баьхначу нехан менталитет, экстрасенсехнах тешаш хилар, боху цо.

"Оьрсийчохь а, Советан Iедал доьхча кхоллаеллачу пачхьалкхашкахь а психологна коьртаца цамгар йолу стаг бен ца леле моьтту цхьаболучарна, могуш волу стаг психологна тIегIур вац, олий хета. Делахь а хьал иттех шо даьлча хийцалур ду", – теша Бараказян.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG