Нохчийчохь зорбан министр хийцинчул тIаьхьа мехкан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна тIехIуьттучу нехан комментареш алсамъевлла аьлла, дийцина "Кавказский узел" агенталле оппозицин IАДАТ телеграм-канало. Изза дIахьедина нохчийн блогеро Абдурахманов Тумсос а.
"Кхузахь цхьа а къайле яц: Нохчийчуьрчу хаамийн гIирсашкахь дIакхайкхийнера, Iедалца йогIуш йоцу ойла мел къадийначунна дуьхьал информацин тIом бийр бу аьлла. Муьлххачу социалан машанехь, муьлххачу информацин ресурсашкахь оцу тIехь къахьоьгуш нах бу, информаци гулъеш, цул тIаьхьа дийцаредой, цхьа некъаш леладо цара", - аьлла агенталле адвокато Садаханов Зоврбека.
Пропанагдийн болх бан пачхьалкхан белхахой тIехIиттийра Дудаев Ахьмад министр хIоттийначул тIаьхьа, дийцина IADAT телеграм-каналан администраторо.
"Дудаев министр хиъча хIинццалц хиллачу пропагандан тактика хийцаелира, дуккха бюджетан белхахой тIеозийра Кадыровна критика еш болчу нахана дуьхьал, шайн комментарешкахь Кадыров ваз а веш. Хьалха цхьана кепара хуьлура цара юьту комментареш, цул тIаьхьа, шайх буьйлий хиича, кепаш хийца сацамбира цара: хIораммо а шег-шегара йоза дуьтуш. Методичка а кечйина хиллера, комментареш муха язъян еза, муха дагаяхкийта еза хьоьхуш. Делахь а, хIинца а хаало цаьрца цхьатерра комментареш", - аьлла, дийцина администраторо.
Нохчийчуьрчу бюджетан белхахоша хаамаш кхохьуьйту шайга боху IАДАТО, бертаза и болх бойту шайга бохуш. "Нуцкъаша тIетеIадо шаьш боху вон йозанаш деш, "дизлайкаш" хIиттон. Нагахь санна, оцу стагана кхерам бацахь, тIаккха бен цо бина хаам Iора ца боккху оха", -аьлла IАДАТАН администраторо.
Ша зорбане йоккхучу контентна бухахь критике комментареш алсамъевлла аьлла, тIечIагIдина оппозицин блогеро Абдурахманов Тумсос а: "Билггал ала ца хаьа суна, маца дуьйна ду и, йа министр хIоттавале, йа иза хIоттийначул тIаьхьа. Амма негативе йозанаш дукха нисло", - дийцина блогеро "Кавказский узел" агенталле.
Лурчаха Стигалкъекъа-беттан 15-чохь цхьанакхеттера Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан меттигерчу хаамийн гIирсийн куьйгалхошца. Цо тIедиллинера, "Нохчийчоьнна а, Оьрсийчоьнна а идеологин тIелетарш дечаьрца" къийсам марсабакккха беза аьлла. Iалашонаш кхочушъян жоьпалла тIедожийра нохчийн пачхьалкхан "Грозный" телекомпанин директорна Дудаев Ахьмадна а, парламентан спикерна Даудов Мохьмадна а. Кхо бутт хан елира царна тIедиллинарг кхочушдан.
Цул тIаьхьа дукха хан йоццуш Дудаев Ахьмад министран дарже ваьккхира Кадыров Рамзана.
2020-чу шеран Товбеца-баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана хьаькамашна тIедиллира, "экстремизман идеологашца а, Малхбузен мехаллашца" а бен къийсам чIагIбе аьлла. Оцу балхана тIехь Iуналла дан хIоттийра цо зорбан министр Дудаев Ахьмад.
"Шинарин дийнахь ас министрашца а, кIоштийн куьйгалхошца а, ницкъаллийн структурийн хьаькамашца а кхеташо дIаяьхьна. Царна хьалха декхарш хIиттийна ас, экстремизман идеологашна а, Малхбузен мехаллашна а информацин дуьхьало латтон мел а эвсара некъаш лаха аьлла", - яздора Кадыровс "ВКонтактехь". Цо бахарехь, нохчийн къам "кхуьуш а, зазадоккхуш а хилар" ца тов цуьнан "мостагIашна".
"Айкхалла, эладита, харцдерг, пропаганда – и дерриг а церан коьрта герз хилла даьлла. Шайн сий, яхь, доьналла доьхкина цара Европан а, Малхбузенан а мехаллех, иштта шайна хетарг кхузахь а даржон гIерта уьш. Вайн Iалашо ю - вешан къона, хIинца а чIагIбелла боцчу кхетамца болу кегийрхой церан негативечу тIеIаткъамах Iалашбар", - билгалдаьккхира Кадыровс.
Зорбан министралло дийцира, хIинцале а цхьанакхетарш хилла шайн цхьайолчу редакцешца. Дудаевс билгалдаьккхира, социалан машанашкахь "Нохчийчоьнах дикачу агIор дуьйцуш хила деза" аьлла. Республикерчу кхечу хьукматашна а тIедиллира цо изза декхарш.