Лахарчу Новгородехь лаьцна Нохчийчуьра ши вахархо Магомадов Салахь а, Исаев ИсмаьIил а бехке вина низамашца йоцучу тIеман тобанна гIо дарна. Цунах лаьцна яздо "Настоящее время" гIирсо.
"Медиазона" сайто дийцарехь, Соьлж-ГIаларчу Талламан комитетан декъехь адвокате кехатан цуьрг делла, жима ши стаг къера хилла шаьшшимма 2020-чу шарахь Мангал-баттахь тIемалочунна кхачанан сурсаташца гIо дина хиларна.
Талламхошна билгалонаш карийна цаьршимма динчух Оьрсийчоьнан Зуламан кодексан 208 артиклехула (низамца йогIуш йоцучу тобанехь дакъалаца гIо дар). Лаьцна латточарна тIе ца витина адвокат, цаделла и шиъ Iедало дIалаьцна хиларх лаьцна документаш.
Нохчийчурчу "Грозный" телеканахула вистхьулуш Кадыров Рамзанан гIоьнчо Дудаев Ахьмада дIахьедина, лаьцна волчу шимма "гIо дина Котар-Юьртахь Дечкен-беттан 20-хь вийна волчу Бютукаев Асланан терроран тобанна юкъахь волчу низамца йогIуш йоцучу тобанан декаъшхочунна Борчишвили Рустамана" аьлла.
Дудаевс чIагIдо Магамадов а, Исаев а "левина уллехь лаьтташ да а волуш" ткъа "царца доьзна лелийнарг талламхоша дина низамо бохучьнца догIуш".
"Российская ЛГБТ-сеть" юкъараллин зорбан секретаро Бесцвет Тима дийцина "Дождь" телеканале, и ши жама стаг мичахь ву бохучух лаьцна информаци каро гIерташ ду шаьш, хIунда аьлча доьалгIа де ду адвокаташка цхьана а кепара цаьрца зIе тосуьйтуш доцу, церан хьал къасто цаьрга уьш ца хьвсуьйту а.
"Тхуна уьш леррина тхайх лачкъийна латтош бу аьлла хета, цаьршинна дуьхьал харц бехктакхаман гIуллакх доло а, тIаьхь Iазап латтийна хиларан ларш къайлаяхьа а,- элира цо.
Магамадов а, Исаев а лецира Чиллан беттан 4-хь Лахарчу Новгородехь. Полицехь масийтта сахьтехь бакъ ца дора и шиъ дIалаьцна хилар – иза дира цара адвокато кегийрхой лачкъийна хиларх лаьцна дIахьедар деш кехат чуделлачул тIаьхьа. Адвоката Немов Александара дийцарехь, иза дIахаийтаран кехат яздан волавелча, цу чохь волчу цхьана ницкъхочуьнга "цхьаммо телефон а тоьхна" хаам бира, Магомадов а, Исаев а "карарчу хенахь Гуьмсерчу полицин декъе дIавуьгуш ву" аьлла.
Магамадов а, Исаев а дуьххьара лецира 2020-чу шеран бIаьста, Osal Nakh 95 цIе йолчу оппозицин телеграм-каналан модератораш хилла аьлла. Цул тIаьхьа видео арахийцира цара нах къинтIерабохуш – оцу чохь гуш ду царна йиттина хилар. Стохка аьхка "Российская ЛГБТ-сеть" цхьаьнакхетаралло гIодира шина кIантанна Нохчийчуьра Нижний Новгороде дIаваха.