ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Новогородехь лаьцна, Нохчийчу вигинчу шинна лоьраш а, гергарнаш а тIебитар тIедожийна Европан адамийн бакъонашкахула кхело


Нуьцкъаша Нижний Новгородера Нохчийчу валийначу шина кIантана Исаев Исмаилна а, Магамадов Салехьна а тIе лоьраш а, адвокаташ а бита аьлла, Оьрсийчоьнна тIедожийна Европерчу адамийн бакъонийн кхело (ЕСПЧ). Даймахкахь шайна Iедалхой тIаьхьабевлла хиларна Нижний Новгородехь лечкъийна вара и шиъ.

Церан могушаллина а, дахарна а кхераме ду аьлла, адвокаташа динчу дIахьедарна тIетайнаЕвропан адамийн бакъонашкахула кхел. Бакъоларъярхоша билгалдаьккхина, и шиъ лаьцначу дийнахь дуьйна царна адвокаташ тIебуьтуш цахилар.

Бютукаев Асланан тобанехь дакъалаьцна ву шаьшшиъ аьлла, мукIарло дина карарчу беттан 4-чохь Лахарчу Новгородехь лаьцначу Нохчийчуьрчу шина вахархочо Магамадов Салехьа а, Исаев Исмаила а, чIагIдора меттигерчу Iедалхоша.

"Церан да цхьана а волуш хеттарш дира Исаевга а, Магамадовга а, информаци тIечIагIйира цара. Кху шеран Дечкен-беттан 20-чохь Котар-Юьртахь вийначу Бютукаевс куьйгалла дечу тобана юкъавогIучу Борчишвили Рустамна гIоналла дина шаьш аьлла, дийцина цу шиммо", - дIахьедо зорбанан министро Дудаев Ахьмада.

Магамадов а, Исаев а дуьххьара лецира 2020-чу шеран бIаьста, Osal Nakh 95 цIе йолчу оппозицин телеграм-каналан модератораш хилла аьлла. Цул тIаьхьа видео арахийцира цара нах къинтIерабохуш – оцу чохь гуш ду царна йиттина хилар.

Стохка аьхка "Российская ЛГБТ-сеть" цхьаьнакхетаралло гIодира шина кIантанна Нохчийчуьра Нижний Новгороде дIаваха.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG