ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Туркойн "Сийлахь заманера" Кадыровс шена гулйина амалш


Дуьненахь гоьбевлла нах Нохчийчу хьошалгIа кхийкхар - цхьа фарс хилла дIахIоьттина мехкан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна. Кеп-кепарчу хенашкахь хилла цигахь футболехь а, эстрадехь а, кинохь шуьйра бевза нах. Москвано гIо а деш, цхьабоса масех Iалашо ю Соьлжа-ГIаларчу Iедалхойн хьеший кхайкхарна. Уггар хьалха - республикехь массо а агIор маьрша ду, регионан урхалхо массарна а вевзаш ву, дуьненахь лоруш а ву боху, сурт хIоттор, яздо Кавказ.Реалии портало.

Массо а седарчий вайга хьошалгIа

КIира хьалха Нохчийчу баьхкинера туркойн гоьяьллачу "Основание: Осман" сериалан турпалхой. Теледрамин фанат ву ша боху Кадыровс. Хьешашлахь вара филмехь коьрта васт ловзийна Озчивит Бурак а, актераш Саваш Рагип а, Учан Йигит а, Самедов Забит а, кинон режиссер Гюнай Метин а, сериалан продюсер Боздаг Мехмет а.

Цхьа эвхьаза цхьанакхетар долуш санна сурт хIоттийра цигахь, Нохчийчоьнан куьйгалхо хьешашна мараиккхина ца Iаш, шен гергарчу нахаца санна хьийзара царна гонах. Гуш дара, оцу кепара шаьш тIелацарна башха аьхна ца хетара хьешашна.

Хетарехь, кхин дIоггара цец ца бевллера уьш, шайна нохчийн эстрадан артисташа хIоттийначу концертех а, хIунда аьлча, шен комментарехь артиста Озчивита хьахийнарг говр хьовзош дина хелхар бен дацара.

Шозза аьтто белира туркойн хьешийн: тIаьхьо Кадыровца хиллачу цхьанакхетарехь юха а дийзира церан нохчийн иллешка а, эшаршка а ладегIа.

Спецназан Iамораш дIахьочу, Оьрсийчоьнан Университетан цIарах Гуьмсехь йолчу базе а бигира артисташ. Кхузахь хьеший цецбаха гIертара шен лардамза конструкцица йолу тIеман "Чаборз" баги гайтина а, гIакхех герзаш детташ, аэродинамикан биргIи чохь тIома буьлуьйтуш. Иштта, Туркойчуьрчу седарчашна гайтира хадархой шаьш муха кечбо а. Тирехь герзаш кхийса массо а реза хилира.

"Бераллехь дуьйна кхийсарех самукъадолуш вара со, дукха хан яьхьна ас тирашкхаь. Амма кху тайпа герз цкъа а караэцна дацара ас, цундела чIогIа самукъа делира сан", - дийцира актеро Учата.

Шелахь хьаладина, Мухьаммад Пайхамаран цIарах долу маьждиг хазахеттера хьешашна. Шена гиначарлахь "уггар а хазаниг" дара иза бохура продюсеро Боздаг Мехмета.

Iосманан импери кхоьллинарг ша волуш санна

Хьешийн дуьхьа сарахь хIоттийначу шуьнахь меттиг белира Кадыровна, шайн филмехь васташ ловзор цара муха тодан деза хьеха. Масала, коьрта рол ловзочу артистна хьоьхура цо, даим а буьрса ма хила, хIунда аьлча, "тIемало кIеда, дика хила ма веза" аьлла. "Суна сайна тIехь дика хаьа иза", - элира Кадыровс.

Даим а тIом беш хила ца веза Iосманан импери йиллинарг аьлла, бехк баьккхира Кадыровс, пачхьалкхан гIуллакхаш а лело деза цо аьлла, тIе а тухуш.

Масална дийцира Кадыровс, шен да вийначул тIаьхьа, шена тIе дуккха а хеттарш эгнера - динан а, дешаран а, спортан а аьлла. ТIемаш беш Iен хан яцара шен, цундела шена тешамечу накъосташна тIедиллира ша и гIуллакх, дийцинера Кадыровс.

Ишта нохчийн куьйгалхочо бехк баьккхира, "нохчашлахь а, Кавказан къаьмнашлахь а санна", устазаш а, шейхаш а чубаьхкича филмехь хьала ца гIовттарна.

"Iосман хьулда иза, йа кхиниг хуьлда, бен дац, оцу тайпана болчу нахе шен ларам гайта беза", - аьлла, дIахьедира Кадыровс.

Меттигерчу телеканалехь гайтинчу репортажехь дийцарехь, Кадыровн кхаа кIантацаи- Ахьмадца а, Iелица а, Адамца а гайна цхьанакхета лаарх хаийтинера хьешаша. Телехьовсархой ца кхетийра Кадыровн доьзалерчу 14 берах, гоьбевллачу хьешийн кхаанна тIекхача лаам хиллал, стенна тIехь гIараваьлла ву цуьнан кхо кIант. Шаьш туркашна а, хIетал-метал хилла дисинчух тера дара и хаттар.

Эртугрулца хийцавелла Iосман

Туркойн актераш дуьххьара богIуш бац Нохчийчу. 2019-чу шеран Охан-баттахь баьхкира Нохчийчу туркойн "Денвелла Эртугрул" ("Воскресший Эртугрул") сериалехь ролаш ловзийна актераш: Дженгиз Джошкун а, Нуреттин Соньмез а, режиссер Боздаг Мехмет а. "Бенойн бIаьсте" фестивалехь хилира уьш, цул тIаьхьа мехкан урхалхочо вовшахтоьхна, говрашкахь самукъадаккха бахара хьеший.

Цул совнах, 2018-гIа шо довш Кадыров вахара дуьненахь евза сериал йоккхучу майдана. Цигахь цуьнан 11 шо долчу воIна Адамна цхьа жима рол елира. Стохка ГIадужу-беттахь юха а республике хьошалгIа баьхкира артисташ.

Дуккхаъчу Нохчийчуьрчу бахархошна хета, туркойн кинош, мехкан урхалхочун бераллехь хилла лаамаш бу, гоьбевллачу нахана герга ваха лаар.

Бузова а, Ван Дамм а

Кест-кеста Кадыров волчу хьошалгIа богIу ишта Оьрсийчоьнан шоу-бизнесера нах а – Тимати, Бузова Ольга, Басков Николай, Лопырева Виктория, Валерия, Рудковская Яна, Руслана, режиссер Бондарчук Федор, актераш Верник Игорь, Безруков Сергей, эшаршлакхархо Ротару София, иштта кхин дIа берш а.

Кадыров волчу баьхкира дуьненахь гоьбевлла нах а, масала, Мисарара футболхо Салахь Мохьаммад, Марадона Диего, Iад-пондар локху Мэй Ванесса, актераш Ван Дамм Жан-Клод а, Депардье Жерар а.

Еккъа цхьана коммерцин Iалашонца богIура уьш Нохчийчу- шайна яккхий гонорараш елча.

Оцу юкъанна, бакъоларъярхоша бинчу тIеIаткъамца, дукхахберш декхаре хилира Нохчийчуьра дIабахначул тIахьа шайна гечдар деха. Кадыровн раж къобалъяр санна туьдура бакъоларъярхоша и нах Нохчийчу бахар.

Кадыровн кегийн хазахетарш

Кавказ.Реалиица къамел динчу республикехь вевзаш волчу юкъаралхочо К.Iабдурзака (цуьнан лаамца цIе хийцина-Редакцин билгалдаккхар )шен къамелехь тидаме ийцира, и хьеший Нохчийчу ца баьхкинера, мехкан урхалхо волчу хьошалгIа баьхкинера аьлла.

Цунна хетарехь, Кадыровн шен амбицешца доьзна дара, регионехь дика евзачу туркойн сериалехь ролаш ловзон артисташ карарчу хенахь Нохчийчу бахкор.

"Шен бераллехь шаьш сатийсинарг тиранашна кхочушдан лаарх тера ду хIара, - билгалдоккху Iабдурзака. – Цхьаммо а тергал ца деш, цхьаннан а бала а боцуш дуккхаъчу шерашкахь хиллачу нехан Iедал ду муьлххачу а сферехь гоьбевллачу нахах хьакабала гIертар. Шен массо а кепашца шена тIе тидам озон хьийза, ша цхьа чIогIа ву аьлла, гайта гIерта Нохчийчоьнан куьйгалхо тарло оцу тайпа комплексаш йолчу нахах. Тахана цуьнан массо а агIор таронаш ю, ша бераллехь а, кхиазхо волуш а мел лайначух "чIир эца".

Кадыровн Нохчийчуьрчу символех цхьаъ ю йоккха глобус, цу тIехь даккхийчу элпашца къастийна ду "Соьлжа-ГIала – дуьненан юкъ ю" ("Грозный- центр мира"). Цуьнца а цхьана маьIна ду нохчашна а, республикехь бехачарна а, боху бакъоларъяран "Мемориал" центран кхеташонан куьйгалхочо Черкасов Александра.

"Ткъа муха гойтур ду, и центр кхечарна а евзаш хилар? Цундела кхуьйкхуш бу хьошалгIа "пенсхой", масала, Американ киночуьра Ван Дамм Жан Клод а, Сигал Стивен а, кхинберш а", - кхетадо бакъоларъярхочо.

Тахана хала дац Оьрсийчоьнан артисташ Нохчийчу балон, ткъа хьанна бу уьш интересе, ша Оьрсийчоь йоцчунна? Цундела Туркойчу гIерта Кадыров, ша дуьненахь а вевзаш ву моттуьйту сурт хIотторхьама.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG