ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан карти тIехь чалтачийн цIерш хуьлийла ца лаьа талламхо лаьттинчунна


Красно Андрей

Масех шо ду Инарла прокуратурехь коьрта гIуллакхаш толлу белхахо Iийна Степанов Игорь Оьрсийчуьрчу гIаланийн, яртийн урамашна техкина Сталинан заманахь зуламаш динчу а, къаьмнаш махкахдохуш хьийзинчу а хьаькамийн цIерш хийцийта гIерта. Амма шарахь цкъа шайн халкъашна депортаци яр, Юккъерчу Азехь цаьрга Iазап лайтар официалан барамашкахь дагалоцуш хуьлу Къилбаседа Кавказера Iедалхой сиха бац ярташа урамаша, майданаша лелош йолу чалтачийн цIерш дIаяха.

Степановн фейсбукерчу агIонтIехь ю Кхарачой-Чергазийчоьнан а, Нохчийчоьнан а, Соьлжа-ГIалин а, Гуьмсан а мэрийн, ГIалгIайчуьрчу Соьлжа кIоштан а куьйгаллашкара даьхкинчу жоьпийн сканаш. Массанхьа а ю 1919-чу шарера дIа ша лечу 1946-гIа шо тIекхаччалц "ерриг Советан пачхьалкхан тхьамда" (Советан пачхьалкхан Лакхарчу Кхеташонан президиуман куьйгалхо) лаьттинчу Калинин Михаилан цIе лелош йолу ярташ, урамаш. Церан цIерш хийцар доьхуш дукха кехаташ кхехьийтина Степановс.

Калинин ву 1943-1944 шерашкахь къаьмнаш дакъаздаьхначу омранашна буха куьг яздинарг - "Кхарачойн автономин кIошт дIаяккхар, цуьнан территори тIехь административан хийцамаш бар", "ГIалмакхойн Автономин Советан Социализман Респулика йохор а, Оьрсийчоьнан Советан Федерацин Социализман Республикан декъехь Астраханан кIошт кхоллар а", "Нохч-ГIалгIайчоьнан Автономин Советан Социализман Республика йохор а, цуьнан территорин административан дIахIоттам а", "ГIебарта-Балкхаройчоьнан Автономин Советан Социализман Респуликехь беха балкхарой кхечу меттагашка бахарх а, ГIебарта-Балкхаройчоьнан Автономин Советан Социализман Респуликан цIе ГIебартойн Автономин Советан Социализман Респулика тилларх а".

Депортаци къобалъеш аьллачу дешнашна бухахь а ду Калининан куьг:

Советан пачхьалкхан Лакхарчу Кхеташонан Президиумо сацам бо…

"Даймехкан тIом боьдучу муьрехь, къаьсттина немцойн-фашистийн эскарш Кавказехь лаьттачу хенахь, дукхахболчу нохчаша а, гIалгIаша а Советан Iедалца къийсабалархьама, Даймахканна тешнабехк бина хилар тидаме а оьцуш, немцоша ЦIечу Эскаран букъ тIехьа кхуьйсучу диверсантийн, иччархойн омранашка ла а доьгIуш, фашистийн оккупантийн агIор гIеранаш кхоьллина хилар тергонехь а латтош, иштта, дукха нохчий, гIалгIай деххачу шерашкахь, цIенчу къинхьегамца а боцуш, Советан Iедална герз карахь дуьхьаллаттар а, луларчу мехкийн колхозашна тIелетар а, Советан халкъан векалшна къоланаш дар а, уьш байъар а тидаме а дуьллуш, - Советан пачхьалкхан Лакхарчу Кхеташонан Президиумо сацам бо…".

Соьлжа-ГIалина уллехь лаьттачу Калининан юьртарчу таханлерчу бахархошна, Нохчийчоь а, ГIалгIайчоь а яьккхина долчу Калининан урамашкарчу бахархошна стенна бац новкъа и хилам?

Кавказ.Реалиин корреспондента къамел дира Степанов Игорца, дийцаредира, муха тIеоьцу цо айбина болам Къилбаседа Кавказан федералан гонерчу Iедало, стенна вац Сталин, цунна гарехь, "эвсаре менеджер", хьенан цIерш тахка еза тахана "ерриг Советан пачхьалкхан тхьамдин" цIе лелочу урамашна.

— Долор вай массо а хаттарал хьалха хIотта тарлучу хаттарна тIера: къомах оьрси волу хьо стенна хьийза депортацехь хиллачу Кавказан къаьмнашна историн нийсо юхало гIерташ?

— Ленинан, Сталинан, Калининан, кхечу "большевикийн" карах хIаллакьхиллачу оьрсийн еза цIе меттахIоттаяйта гIерта со, ночхел, гIалгIайл, кхечу къаьмнел кIезиг баланаш ца лайна цара а. Ткъа сов бу сан гергарчаралахь, уллерчаралахь Советан Iедало байъина – керста мозгIарш, доккхачу декъанна. Оцу чалтачийн цIерш Оьрсийчоьнан карти тIера дIайохийла лаьа суна, юьсийла дац уьш махко къиза бала лайна хилар хоуьйтучу Iаманташкаххьий, историн музейшкаххьий бен. Цундела гIерта со сайн ницкъ ма-кхоччу церан сийнна техкина урамийн церш хийцийта. Уьш Къилбаседа Кавказехь йисина ца Iа, йолуш ю массанхьа а.

— Депортаци хьахош, дукха хьолехь, хьахаво Сталин я Берия. Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана хIора шарахь а санна, къаьмнаш махкахдахар дагалоцуш сардамаш доьху Сталинна. Калинин Михаил, иза Iедалехь лаккхарчу даржехь хиллехь а, дага а ца вогIу наггахь бен, могIара стаг лору иза…

— Зуламе омра кхочушдечух а хуьлу зуламхо. Калин деккъа дIа омра кхочушдинарг вац. Адамаш даар санна даккхий зуламаш динчу Сталинан гIулчаш низаме йохуш лелла цо язден куьг. Иза омранаш кхочушдинарг вац – декъашхо ву.

Цунна тIехь ду бIеннаш эзарнашкахь тоьпаш тоьхначу а, беллачу а нехан цIий. Цунна тIехь бу даймехкашкара лаьхкинчу, набахтешка хьийсийначу миллионийн лазам. Сталин воллу зуламхо ву иза. Лелайойла дац цуьнан цIе урамаша.

— Мел ю Къилбаседа Кавказехь Сталинан функционерийн цIерш лелош йолу ярташ, урамаш, хьукматаш?

— Соьга алалург цхьаъ бен дац – ю вуно дукха. ЧIогIа дукха. Сталинан цIарх урамаш ду Дагестанехь, ГIебарта-Балкхаройчохь, Къилбаседа ХIирийчохь. Калининан урамаш ду Дагестанехь, ГIалгIайчохь, ГIебарта-Балкхаройчохь, Кхарачой-Чергазийчохь, Къилбаседа ХIирийчохь, Нохчийчохь. Кхеташ ду, вуно боккха лазам бу, Калинина куьйгаш а яздеш, халкъан мостагIий беш, даймахкара лаьхкинчу наханна цуьнан цIе урамашца хазар. Цо хIаллакбинчу нехан тIаьхьенашна къаьсттина хала ду цо цIе лелочу урамашкахула лела.

Оццу юьртара хилла репрессешна буха нисбина КудаевгIар – 20 стаг. Сталинан урамехь ю Кудаева Джульеттас куьйгалла до № 2 школа.

Масала, ГIебарта-Балкхаройчуьрчу Черекан кIоштарчу Жемтала юьртахь бу Сталинан урам. Оцу урамехь ю Социализман Къинхьегаман Турпалан Атабиев Мохьмадан цIе лелош йолу школа. Оццу юьртара ву 1938 шарахь тоьпаш тоьхна вийна волу Атабиев Кинбатыр. Гергара бац уьш? Оццу юьртара хилла репрессешна буха нисбина КудаевгIар – 20 стаг. Сталинан урамехь ю Кудаева Джульеттас куьйгалла до № 2 школа. Оццу юьртара хилла ву репрессешна кIел нивелла ДокшукингIеран 13 стаг – изза денцIе лелайо юьртдас Докшукин Хьажамурда а. Еккъа цхьана оцу юьртахь репрессешна буханисвелла 536 вахархо. Шайн къам бахьанехь хIаллакбина и нах. Оцу юккъехула Сталинан урам…

— Ахьа ден дехарш муха тIеоьцу меттигашкарчу Iедало?

— Калининан цIе хийца уьш кийча хуьлу ала дац сан. Дукха хьолехь жоп доцуш дуьту сан дехар, я жоп ло со прокуратуре арз а яздой, меттахваьлча, иштта бен ца делира суна жоп Кхарачой-Чергазийчоьнан администрацино. Я олу, урамийн цIерш къинхьеман коллективийн, бахархойн дехарца бен хийца йиш яц – ГIебарта-Балкхаройчуьрчу Прохладный гIалара деара иштта жоп. Я яздо, "адресах, документаш юхахIиттош оьшу массо а харжаш ахь хаьйна тIеэцахь", олий – Соьлжа-ГIаларчу администрацино, масала. Усть-Джегута гIалахь реза бара цIе хийца – амма ахча дац, бохура.

Цкъачунна хийцина яц цIе цхьаьнхьа а. Дехар чудала йиш йолу нах а, ахча а лоьху ас. Урамийн цIерш хийцар меттигерчу Iедалан карахь ду, цуьнан омрица хуьйцуш а ю. Ткъа бахархой лаам цаьрга хаьттича бен билгал ца болу. Амма суна хетарехь, кIезиг хир бу Калининан цIе, аьр вай, Дайн Сийн урам аьлла хийца резабоцу нах.

— 1990 шерашкахь Сталинан васт а, ерриг а Советан репрессийн система а емалйора адамаша. Низамашаца билгалдаьхна оцу Iедало дина зуламаш. Маца юхабаьлла, хийцабелла и кхетам?

— Дуй-те иза кхетам хийцабалар? 90-чу шерашкахь я Сталинах а, я Калининах ца аьлла уьш зуламхой бу. Кремлана гергахь Iаьхкина уьш, Iохку тахана а. Лубянкехь, ша хиина Iийнначохь Iаш ю КГБ а, цIе бен ца хийцаелла. Хьалхалерра нах бу тахана а болх беш. Масала, изза [ФСБ-н директор Александр] Бортников.

миллионашкахь наханна тIехь репрессеш ца латтийнехьара, со тешна ву, вай тахана дIуьнентIехь тоьлла ехачу пачхьалкхийн могIарахь хир дара

Сталинан заманахь зуламаш дарна Оьрсийчохь таIзаре верзийна вац стагга а. Цхьа а. Я сан дай-мозгIарш байъинарш а, я нохчашна, гIалгIашна, балкхарошна, кхечу къаьмнашна репрессеш йинарш а, оцо гойту "сталинизм" дIаяьлла хилла а йоцийла, иза даима а, шен хан ларъеш, уллехь Iийнийла. И хан еана. Иза реванше яьлла.

— Сталин "эвсаре менеджер" хилла, цо пачхьалкх а, дуьне а фашизмах кIелхьардаьккхина, цо "Оьрсийчоь шен кара нох дохуш ехачуьра эцна, ткъа йитина зарратан герз карахь долуш" олу. Цунна дуьхьал муха ло ахь жоп?

— Ишта хета нах я дешна бац тоъал, я цара шайна хаа а хууш, лачдоху лелларг. Ца хилла Сталин эвсаре менеджер. Цунна хаъане а ца хиина пачхьалкх дIалело.

Схьаоьцур вай 1918 шо – оцу хенахь Оьрсийчоь, кхиина, Американ Штатийн, Германин тIегIанашкахь лаьтташ пачхьалкха хилла. Ткъа дакъазъяьккхина "большевикаша" эккхийтинчу чоьхьарчу тIамо. Ленин, Сталин, церан цIуьхIарш ца хиллехьара, миллионашкахь наханна тIехь репрессеш ца латтийнехьара, со тешна ву, вай тахана дIуьнентIехь тоьлла ехачу пачхьалкхийн могIарахь хир дара.

Фашизмца леттарг цхьа Советан пачхьалкх яц, дерриг дуьне ду. Американ Штаташа а, Британино а Советан пачхьалкханна гIо ца динехь, хууш дац мел бахлур бара тIом, иза муха боьрзур бара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG