Нохчийчуьрчу Роспотребнадзоран хаамашца, Зазадокху-беттан 22-чу дийнахь ерриг а 772 860 тест йина махкахь, яздо "Чечня Сегодня" агенталло.
"ТIаьххьарчу 24 сахьтехь йина царех 3 248 тест, цхьана дийнахь-буса итт стагаца вирус хааелла", - аьлла хаам бина урхалло.
Билгалдоккху, 11 195 вахархочунна гIоле а хилла, лоьрийн тергонера ваьлла хиларх. COVID-19 вирусах кхелхина верриг а ун даьржичхьана махкакхь 115 стаг.
Нийсса шо хьалха, Зазадокху-беттан 21-чу дийнахь дийца даьккхира, Нохчийчохь коронавирусан ун кхетта цхьа стаг хааваларх. Iедалхоша шога карантин кхайкхийра махкахь.
Изоляцин раж ца ларъен нах лоьцуш, царна гIуданаш детташ, таIзарш деш яьхна роликаш маса яьржира социалан машанашкахь.
Iаьржа, я камуфляжан барзакъ а, Iаьржа масканаш а йоьхкинчу полисхоша сецабора дIасалела нах, хьовсура кехатан бакъоне, хеттарш дора, мича бахьанашца арабевлла уьш. Документ карахь доцуш, шен цIенна гена а ваьлла, шога низамаш хьоьшурш, дIалоьцура.
Кху деношкахь мехкан могушалла Iалашъяран министро Сулейманов Эльхана а, республикан урхалхочо Кадыров Рамзана а жамIаш дира дахначу шеран.
"Ас даггара баркалла олу вайн лоьрашна. Доллу дуьне евзаш йоцучу, ирчачу цамгарца кхетча, боха а ца бухуш, доьналлица цу уьнна дуьхьал лаьттира уьш. Цхьана а кепара шеко а йоцуш, бакъболу турпалхой санна гайтира шаьш нохчийн лоьраша", - аьлла, вистхилира Кадыров.