Хьарамлонца холмачалла лелош хилла аьлла, шеконашца лаьцна ТIехьа Мартанара яхархо, пенсхо Дудуева Зураъ. Меттигерчу хаамийн гIирсаша яздарехь, "фашистийн а, йилбазан а символикех" пайдаоьцуш хилла цо, ша лелочуьнца.
Пачхьалкхан "Грозный" телеканалан репортажехь бехкаш доху зудчуьнгара исламан медицинан Центран коьртачу лоьро Эльжуркаев Адама, полицин белхахой чохь а болуш.
Ша холмачалла лелорна гунахь хилар тIе ца дуьту шеконашца лаьцначу зудчо, школехь хьоьхуш лелон гIирс бу боху цо, полисхошна шен хIусамехь карийнарг.
"Шарлатаналла лелон зуда бакъоларъяран белхахой тешон гIерта, философица а, динца а шен интерес хиларх", - дуьйцу репортажехь журналисташа.
Сюжетехь билгалдаккхарехь, Дудуеван хIусамехь карийна лерина литература а, мистикан таммагIийн суьрташ а, тайп-тайпанчу меттанашкахь йозанаш тIехь долу кехаташ а, бозбуанчала лелон гIирсаш а.
Доьду шо карадеачхьана Нохчийчохь мел лахара а пхи зуда лецира, холмачалла лелош хиларца гучуяьлла. Уьш берриш а нахана хьалха дIа а хIиттийна, юьхьIаьржа хIиттийра "Грозный" телехьожийлехь. Царех цхьаъ школехь хьоьхуш хиллера. Ткъа шина зудчо шаьшиъ "лаккхара говзалла" йолу дарбанхо ю аьллера, телеканало чIагIдарца.
Масех шо а ду Нохчийчохь "хIумахуу" нах полисхоша лоьцу. Камерана хьалха хIиттийначу лецначара шаьш дохкодовларх а, тIейогIучу заманчохь оцу кепарниг ца лелон а чIагIонаш йо, шайна гечдар а доьхуш. Цара лелориг "терроризмел а, наркоманел а кхераме" ду боху сюжеташкахь дуьйцучара.
Исламо зуламе лоруш хиларца а дузуш, лецна палтийсархой, «хIумахуурш», седа-жайна хьуьйсурш дуккхаза а гайтина махкарчу телевизионо. Церан юьхьйохург хIоразза а хуьлу Эльжуркаев Адам.
Оцу юкъанна, билгалдаккха догIу, Кадыров Ахьмадан цIарахчу Фондо латтош йолчу исламан медицинан Центрехь иштта жинаш лоьхкуш, халкъан дарбанаш леладо. Оцу Центран куьйгалхо ву Эльжуркаев Адам.