ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровс бусалбанаш къинтIера баха декхарейо Израил


Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Израилан Iедал декхаредо полици а, палестинахой а вовшахлаташ Ал-Акъса маьждиге гулбелла нах лазорца доьзна бусалбанаш кIинтIера баха.

"ХIоьттинчу хьолехь массарна а тоьлу Израилан Iедал кхетамчу дар, хиллачунна бехкенаш къерабар. Цкъачунна тIаьхьа дац, ерзае конфликт, ца ерзаяхь, бохаме хир бу тIаьхьалонан барамаш! ", - яздина Кадыровс шен телеграм-каналехь.

Малхбалерчу Иерусалимехь Стигалкъекъа-беттан 7-чохь вовшахлетира Израилан полици а, палестинахой а. Лазийра 200 сов стаг. ШолгIачу дийнахь а лаьттира летарш – кхин а 80 стаг лазийра.

Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президентан халкъан кхерамзаллин гIоьнчас Салливан Джейка телефонехула Израилан къоман кхерамзаллин кхеташонан куьйгалхочуьнца Бен-Шаббат Меиромца къамел деш сингаттам хазийна Малхбалерчу Иерусалимехь летарш нисдаларан а, Шейх-Джаррах кIоштара Iаьрбийн доьзалш арабахаран а хьокъехь.

  • 2017-чу шарахь Иерусалимехь полисхошна тIелатар динчул тIаьхаьа Ал-Акъса маьждиге нах эчиг лохучу деторшкахула а бохуш чубахийтар долор ца тайра Кадыровна. Нохчийчоьнан куьйгалхочо элира хIетахь, маьждигна дуьхьал санкцеш хIиттор дац терризманна дуьхьаллаттар, иза исламна еш дуьхьало ю.
  • Кадыровс тIаьхьа дIахьедира, ша кийча ву, Нохчийчоьнан куьйгалхочун дарш шегара охьа а диллина, "дисина дахар чекхдаллалц Ал-Акъса маьждиг лардеш латта".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG