Инстаграммерчу цхьана комментарехь Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан шайтIа ду аьллачу кхиазхочун дас а, гергарчара а кIинтIера валар дехна цуьнга. Видео гайтина "Грозный" пачхьалкхан телеканало, хаам бо Свобода Радионо.
15 шо долчу дешархочун дас бехк ца биллар дехна "ша иза нийса ца кхиорна", кхин дIа ша хьожур ву цуьнга аьлла дош а луш. Цо къамел деш дена улле хиъна Iаш ву ша кхиазхо а.
Цул сов, телеканало гайтинчу роликехь, гойтуш ву кхин а 5 стаг, и кIант шайн гергарра хиларх лаьцна а дуьйцуш, камери чу а ца хьовсуш, цуьнан леларо юьхьIаьржахIиттийна шаьш бохуш.
ЧГТРК "Грозный" корреспонденто дийцарехь, кхиазхо цIера Дагестанера ву, карарчу хенахь иза шен деца вехаш ву Подмосковьерчу Чеховехь.
Стигалкъекъа-беттан 17-хь Кадыровс инстаграмехь кхерам тесира, шех шайтIа ду аьлла волу комментатор, кара а вина, вуьйр ву ша аьлла.
Видеокамерина хьалха нуьцкъала а, ца бевллачу денна а бехк ца биллар дехийтар могIарера хIума а хилла дIахIоьттина таханлерчу Нохчийчохь. Кадыровна критика йинарш а, церан гергарнаш а осал боху, цаьргара бехкаш доху, нахана гуш-хезаш.