ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхиазхой лецарх полицига жоп доьху Францерчу нохчаша


Страсбургехь хIоттийначу митинге бевлла нохчий (архивера сурт)
Страсбургехь хIоттийначу митинге бевлла нохчий (архивера сурт)

Лахара Рей департаментехь Стигалкъекъа-беттан 25-чохь шайн кхиазхой лецар низамехь дацара аьлла, кегийрхойн дайша-наноша жоп дехна полицига. Меттигерчу хаамийн гIирсаша яздора кхиазхой лецарх, "бертаза акци кечйина, дIаяхьа дагахь хиллера" бохуш, уьш нохчий хилар а билгалдоккхуш.

Цхьана дай-наной я адвокаташ а боцуш, шина дийнахь хеттарш динера цаьрга полисхоша. Байначу беттан 27-чохь маьршабехира уьш хаамийн гIирсашка цхьа а дIахьедар а ца деш. Лецначу кхааннах цхьанна а бехкаш дехкина а ца хиллера.

Карачу беттан 5-чохь Европерчу нохчийн Ассамбейно дIаяьхьначу пресс-концеренцехь дакъалоцуш бара шаьш кхиазхой а цхьана. Царех цхьаммо билгалдаккхарца, хIинца а Iадийначуьура меттаваза ву иза, шаьш лоцучу дийнахь хиллачух. Шадо Паскаля урхалла дечу бакъоларъяран "Нохчийн комитет" организацин дIахьедарца, нохчий бехкебар массанхьа дерг ду, нийсо йолуш хIума а дац.

Маршо Радионо яздира, Францин Лахара Рейн департаментехь Стигалкъекъа-беттан 25-чохь верриг а лаьцнарг Къилбаседа Кавказера схьаваьлла виъ вахархо ву аьлла. Талор дан кечбаларх йолчу шеконца лецна уьш, хаам бора le Parisien газето. Веаннах кхоъ ву кхаизхо (16-17 шераш) долуш, 18 шо ду цхьаьннан. Кхоъ ву царех нохчо.

DGSI урхаллерчу (чоьхьарчу талламийн хьукмат) полисхоша лецнера уьш Стигалкъекъа-беттан 25-чохь террорхойн тобанаш Iорайохучу Халкъан антитерроран прокуратуро (Pnat) дIахьочу зерашца доьзна.

Хьалхо хаам баьржира 39 шо долу Нохчийчуьра схьаваьлла Гантемиров Якъуб лацаран хьокъехь, Францерчу Монтобонехь деши оьцучу туькан да вара иза, лаьцна 75 къолан декъахь хиларца йолчу шеконца.

Хьалхо Францино депортаци йира Нохчийчуьрчу мухIажарна Гадаев Мохьмадна. Иза карарчу хенахь Нохчийчохь ву, амма иза Iедало къайлаваьккхина меттиг хууш яц гергарчарна. Ша Францера араваккхале, протест кхайкхош, шен гай этIийра Гадаевс.

Охан-бутт боьрзуш 7 кавказхо лецира Францехь. Шема ахчанаш хьийсорах а, террористаш хиларх а шеко йолуш лецнера уьш.

XS
SM
MD
LG