ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"КараIамийна мехкаш". Стенна ю Кавказ къен?


Дагестан, гайтаман сурт
Дагестан, гайтаман сурт

Къилбаседа Кавказера ялххе а республика ю бахархошна баттахь карадогIу напха 2020-чу шарахь итт эзар соьме а ца кхочуш яьхначу регионех хьалхарчу 20-нна юкъахь. Цунах терра хьал ду луларчу Къилба федералан гонехь а: рицкъ ца тоьу нах, кхечу регионашца дуьстича, алссам болчу мехкех бу цигара мехкаш, цхьа Краснодар-мохк боцург. Пачхьалкхан бюджетера миллиардашкахь ахчанаш хьийсошшехь, стенна дац цигахь экономикан хьал толуш? Ишта хаттар дира Кавказ.Реалиино эксперташка.

Эша ца луш йисина къоьлла

Бахархошлахь къен нах мел бу билгалдоккхург ю аудитан-консалтинган FinExpertiza цхьаьнакхетаралла. Цуьнан талламо гайтарца, 2020-чу шарахь пачхьалкхехь финансашца къоьлла ловш баьхна 13,3 млн бахархой (9,1%). Амма къилбехьа и терахь кхин а лакхара ду.

Уггаре дукха къен нах болу меттиг ю Тыва – официалехь 10 эзар соьмал лахара напха чукхочу нах бу цигахь 28,6%. ШолгIачу меттехь ю ГIалгIайчоь – къехой 27,8%. КхоалгIаниг – Кхарачой-Чергазийчоь, 22%.

Оцу мехкашна тIаьхьа ю ГIебарта-Балкхаройчоь – 10-гIа меттиг, I6% къехой, Нохчийчоь – 13 меттиг, I6% гергга къоьллехь, Къилбаседа ХIирийчоь – 17-гIа меттиг, 14% къехой.

45 эзар сом доьзалехь кхочу адамаш 25% гергга бен дац пачхьалкхехь

Къилбаседа Кавказехь 10 эзар соьмал лахара напха чукхочучу нах массанхьачул къезиг бу Дагестанехь – 13% (оццул бу къехой Ульяновскан а, Пензан а мехкашкахь).

Къоьлла лахаро лаьттина стохка, лурчах хиллачуьнца дуьстича. Стохка цуьнан терахь лахдалар дозу Iедало пандемица доьзна доьзалшкарчу берашна 5000 сом ахча декъарца – къоьлло хьийзочу нахана оцу кIезигчу ахчано а дира гIо.

Таллам дIабаьхначу FinExpertiza Global цхьаьнакхетараллин президента Трубникова Еленас билгалдаккхарехь, вуно дукха доьзалш бу къечу мехкашкахь Iедало лучу социалах бозуш, иштта лучу ахчано хенера бохуш.

"Оьрсийчоьнан аьтто баьлла доьзалш къоьлле гуттар а дакъаза ца бахийта, амма ца яьлла къоьлла дIа. Дукхаболчу бахархойн хьал дац тоьлла. 45 эзар сом доьзалехь кхочу адамаш 25% гергга бен дац пачхьалкхехь ", – аьлла ду компанин пресс-векалто далийна Трубникован дешнаш.

Кавказ ша-шена яха ца йисийта

Management Development Group Inc компанин куьйгалхойх волу Потапенко Дмитрий, экономист, ца хIоьттира ша Кавказ.Реалиина интервью луш белхаш "официалехь болчу" и "официалехь боцчу" дакъошка бекъа – адам болхахь ду я дац. Бизнес "гуш лелориг", "ца гуш лелориг", аьлла, екъа а ца хIоьттира иза – и къестамаш кепана бен бац, боху цо.

"Изза Дагестан схьаэца, цигахь ю луш "ял", амма иза Оьрсийчоьнан йолан урхаллина ца ло, хьаькамшна ло. Вай ма ца олу цунах хьаькамашна луш йолу къайлаха ял", иза Къилбаседа Кавказехь даьржина лелаш делахь а", – билгалдаьккхира Потапенкос.

Къилбаседа Кавказ а, кхийолу миска регионаш а яха хаон лаахь, уьш юкъарчу йоккхачу экономикан системи юкъаийзо еза

Цунна хетарехь, кхуьуш лаьттачу къоьллина духьалоеш ял луш йолу система Iедалан долаерзо еза, дехьа-сехьа лелачу транснационалан корпорацешца йолу юкъаметтигаш тоян еза – яккхий белхан хьукматаш ца хIиттайо бизнесан корпорацеш Къилбаседа Кавказехь, цигахь болх бан тоъал нах гул ца бало цаьрга. Ткъа регион кхиорхьама сов яккхий федералан программаш тIеэцар, экономика кхион лерина корпорацеш кхоллар гIалат хета экспертана.

"Къилбаседа Кавказ шатайпа меттиг ю, цигахь нахана болхбан ца хаьа бохург – иза бакъ дац. Мегакорпорацеш ца еза кхолла, царна хьажош долу ахча хьаькамийн кисанашка доьрзу, ткъа бахархошна и ахча ца го, я кIеззиг го цхьаболчу цигарчу гонашна. И система ерриг а тобанийн коррупцина бухайоьду. Нагахь санна вайна Къилбаседа Кавказ а, кхийолу миска регионаш а яха хаон лаахь, уьш юкъарчу йоккхачу экономикан системи юкъаийзо еза, схьаелла еза цигахь йоккха бизнес, цигахь адам кIезиг хилар а, инфраструктура яцар а тидаме а оьцуш", – боху экономиста.

Потапенкос билгалдоккху: нийса дац Къилбаседа Кавказ "ша-шена йитар" (цундела массо а федералан программаш "леш ю" цигахь), индустрин, кхийолчу белхан хьукматаш экономикан баккхийчу боламашна юкъаийзо еза.

КараIамийна пачхьалкх

Iедало я цунах йозучу агенталлаша хIитточу дукхахйолчу рейтингашкахь ГIалгIайчоь герга нисло шегарчу хьелашца Тыва-махканна, билгалдоккху "Яблоко" партин ГIалгIайчуьрчу декъан куьйгалхочо, оцу патин федералан бюрон векала Муцольгов Руслана. Лаккхарчу белхазаллица, дахаран хьелаш эшна хиларца, социалан-экономикан болар декъаза хиларца, кхечу хьесапашца ледара ю ГIалгайчоь, боху цо.

"Цхьацца Iалашонашца хIиттийна программаш – уьш экономика, индустри, социалан дахар, кхидерг кхиош хир ю баьхнехь а – эвсар ца йовлуш, я деккъа дIа меттигерчу хьаькамийн кепаш а хилла, дIаевлла. Даккхий ахчанаш хьийсадора махка, и ахча дIахудура, амма хьал толуш дацара", – боху Муцольговс.

Цо дийцарехь, йина евлла боху программера гIишлош кехаташ тIехь бен яц, я лаьтташ ю уьш республикан бюджетехь, бохьуш пайда а боцуш. Цунна бехке федералан центр а, цо ГIалгIайчохь кху 20 шера чохь хIиттош болу куьйгалхой а лору Муцольговс.

Муцольгов Руслан
Муцольгов Руслан

"Вай караIамийна ду, меттигерчу я регионерчу Iедале хийца ца ло цхь а хIума (я хийца а ца гIерта), амма гIуллакх пачхьакхан куьйгалхочун тIегIане кхачошшехь, иза кхочушдан дийнна хьаькамийн эскар доуьйту. Масал ду ГIалгIайчуьра фермер Путине, цо халкъаца къамел дечу сахьташкахь, вистхилар, цу сахьта проблема кхочушъяр. Иштта болх беш ю урхаллин система пачхьалкхехь, президента ша омра ца диний, меттахволуш вац махкахь цхьа а хьаькам", – дуьйцу "Яблоко" партин векала.

Цо хьахийнарг ву Несарара Мурзабеков Исраил – уьстагIийн тайпанаш дебош ву иза. Мангал-беттан 30-чохь цо дийхира пачхьалкхан куьйгалхочуьнга шена йолах лелон латта далийтар. Мехкан хьалханчас Калиматов Махьмуд-Iелас оццу дийнахь дош делира гIуллакх кхочушдан.

Шайн махкара хьал довзуьйтуш, Муцольговс билгалдоккху гIалгIайн юкъаралхоша дуккхаза а пачхьалкхан лакхарчу Iедале махкахь "хIума деш доцийла, коррупци йистинийла, регионера Iедал балхах ловзуш лелийла" хаийтина хилар. Амма федералан центро буьйда ло жоп. Дукха хьолехь кхин хуьлу: проблемаш йовзийтинчарна, коррупци лела меттигаш йийцинчарна репрессеш йо, боху политика.

"Кхо шо ду ГIалгIайчохь репрессеш лаьтта, бахархошна, церан хьалханчашна тIехь. КхоалгIа шо ду халкъан протестан лидерш лецна кхобу, цаьрца бу 70 шерашка гIоьртина къаной, къона йоI", – элира Муцольговс, кхелерчу "гIалгIайн девнан" декъашхой хьахош.

Бизнес лело кхоьру

Къоллица къилба федералан гонехь лидер хIоьттинчу ГIалмакхойчохь коьрта бала бу махкахь алапаш латто йоккхачу я юккъерчу барамера бизнес яцар. Махкахь йолчу безнесан, совдегарийн 9016 хьукматех 8851 микро-хьукмат ю (шарахь цара гулъен са яц 120 миллион соьмал совйолуш, хIора меттехь белхахойн терахь дац 15-нне кхочуш бен), жимчу бизнесан хьукмат ю 158 (800 миллион сом бен ца доккху шарахь хIораммо), 7 бен яц юккъерчу барамера хьукмат, хаам бо Федералан ял яккхаран урхаллин сайто.

Совдегаршна ечу гIелонех лаьцна, кхерамзалла яц бизнес йоло луучунна латтош

"Дукха хьолехь микро-хьукматашкахь белхалошна яздеш долу алапаш хуьлу дахарна пачхьалкхо къастийначу минимумехь нисдина, я ца язбо белхалой тептаршка официалехь. Дукхахболу совдегарш юьртабахамехь бу, цара шайн ферманаш доларчу хьолан кепе яьхна, тIеязйина шайна, шайна гIодеш болчу доьзалхошна алапаш къастийна а ца хуьлу цара", – дийцира Кавказ.Реалиига ГIалмакхойчуьрчу жимчу а, юккъерчу а хьесапан совдегарийн "Оьрсийчоьнан гIортор" юкъараллин декъан куьйгалхочо, ГIалмакхойчоьнан Халкъан хуралан депутата Кусьминов Арслана.

Бахархошна напха сов лахара кхочу (официалехь а, официалехь доцуш а) даима а, и проблема меттигерчу Iедале кхочуш ца яло, боху цо.

"Дукха хьолех стаг кхоьру биснесна "чувола", иза сов кхераме гIуллакх лору. Цу тIе, 10 эзар сом а эцна, гIур вац хьо оцу бизнесна юкъа, ткъа карахь юьхьанцара капитал 1 миллион сом бен хьоьгахь дацахь – иза кIезиг ду. Дукха нахехь бу лаам, дагалаьцна пайде гIуллакхаш, амма уьш кхета шайна дуьхьаллаьтташ тергоен Iедалан хьукматаш, гIуданаш, бехктакхаман гIуллакхаш хир дуйла – оцо сецабо нах. Прессехь, бевза-безачара дуккха а дуьйцу совдегаршна ечу гIелонех лаьцна, кхерамзалла яц бизнес йоло луучунна латтош", – боху Кусьминовс.

Цунна ца хета шайн махкахь хIора пхоьалгIа вахархо къоьллин дозанехь веха, цунна баттахь 10 эзар сом бен ца кхочу аьлла. Амма дукхахболчу бахархошна хуьлу напха оцу барамал масех эзар соьманна бен дац лакхара, аьлла хета экспертана.

Шатайпа хIоз хилла лаьтта ГIалмакхойчоьнан экономика. Ах гергга нах бюджетера алапа оьцуш бу, иза вуно лахара а ду. Амма оцу белхаша ца хIиттабо нах кхерамна кIел - атта ду иштта болх бан. Бакъду, алапа, дерриг а санна, юучунний, коммуналан аьттонашний дIадоьду, оцу суьрто ца юьту махкахь экономика кхиа, кIезиг ахча лела бахархойн карахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG