ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Тхуна догIуш дацара и": Къилбаседа Кавказерчу "Мемориалан" программин куьйгалхочо – Нобелан совгIатах


Керла юхакхоьллинчу "Мемориал" центран Кхеташонан декъашхо Орлов Олег
Керла юхакхоьллинчу "Мемориал" центран Кхеташонан декъашхо Орлов Олег

Уггар а мехалчех дара, гIадужу-беттан 7-чохь Нобелан машаран совгIат кхачийначу Оьрсийчоьнан бакъоларъяран "Мемориал" центро дуккха а шерашкахь Къилбаседа Кавказехь бина болх. Массарел а хьалха Оьрсийчоьнна а, дуьненан юкъараллина а ницкъахоша мехкийн бахархошна дуьхьал лелийначу резонансечу зуламех дийцинарг ю "Мемориал".

"Мемориало" толам баьккхира ЕСПЧ -кхелехь уггар хьалха Къилбаседа Кавказехула Нохчийчохь шолгIа тIом боьдучу заманчохь хиллачух - "Ростов-Баку" трасси тIехь йоьдучу мухIажарийн коврана тIе бомбанаш йеттар 1999-чу шеран гIадужу-баттахь, Соьлжа-ГIларчу Старопромыслан кIоштан бахархой байъар "зачисткаш" йоьлхучу хенахь, КIотар-Юьртахь бомбанаш йеттар, цигахь байъира иттаннашкахь маьрша бахархой, бIеннал сов бара лазийнарш.

"ХIинца вай дехачу эрчоне хьаьжча, суна хета, кхиамех лаьцна дийца а ца оьшу. ХIокху минотехь дешнаш товш дацахь а, амма суна хета, хIара совгIат тхуна догIуш дацара аьлла. Тхан ницкъ ца кхечира Оьрсийчоьнан юкхаралла кхетон, мел оьшу маршо, кхерамзалла бахьана долуш иза йита мегар цахиларх, уггар реакционан ницкъаша пайдаоьцу тIом – ирча зулам хиларх. Цундела цхьа баккхийчу кхиамех лаьцна дуьйцийла яц", - билгалдаьккхина Кавказ.Реалиина еллачу комментарихь "Мемориалан№" бакъоларъярхочо, хьалхо "Горячие точки" программин куьйгалхо хиллачу Орлов Олега.

Оцу юкъанна "Мемориалан" векало билгалдаьккхира, иттаннашкахь шерашкахь бакъоларъяран организацино Къилбаседа Кавказехь мел хуьлучух хаамаш гулбеш, царех лаьцна дийцина хиларх.

"Тхан болх ца хиллехь, цигахь хуьлучух информаци дикка кIезиг хир яра. ЕСПЧ-кхелехь тхан хилла толамаш, къоман тIегIанехь харцонца бехкаш дохкуш, лецна хилла нах кIелхьарабохура, иштта «террорхойн» гIуллакхашкахула бехкебийраш а. Сих-сиха ца нисделлехь а, бехкениг чуволлуьйтура оха, иштта гулйина тIепаза байначех, бертаза бигинчех йоккха база".

"Мемориалан" балхаца коьрта дара, политикан буха тIехь лоьцучарна гIо латтор – репрессеш йинчеран тептарехь эзар сов Оьрсийчоьнан вахархо ву. Бу царлахь "гIалгIайн гIуллакхан" фигуранташ, "Черновик" дагестанхойн газетан редактор Гаджиев Iабдулмумин, ГIебарта-Балкхаройчуьра Кудаев Расул, шайн ориентаци бахьана долуш ницкъбина, балехь бахкийна нохчий Магамадов Салехь, Исаев Исмаил, «Откртая Россия» гIирсан экс-директор Пивоваров Андрей, Геленджикехь лачкъийна, Нохчийчу дIавигина оппозицин 1АДАТ телегарм-каналан чатан модератор Тепсуркаев Салман, "ВКонтактехь" посташ хIитторна таIзар дина Халимов Айтхьаьжа.

2009-чу шеран товбеца-беттан 15-чохь лачкъийра Соьлжа-ГIаларчу "Мемориалан" векалтан белхахо Эстемирова Наталья, ГIалгIайчоьнца долчу дозане дIа а йигина, цигахь тоьпаш тоьхнера цунна. Марсхьокху-беттан 31-чохь ЕСПЧ кхело сацам тIеийцира "Эстемирова Оьрсийчоьнна дуьхьал" гIуллакхехула. Цхьана агоIр кхело и журналист, бакъоларъярхо резонансе йерах гIуллакх кхачам боллуш теллина дац элира, вукху агIор – Нохчийчоьнан Iедалхой оцу зуламна бехке цахиларх юхататта йиш йолу тоьшаллаш ца гира. Оцу юкъанна кхело йийначун йишина 20 эзар евро ахча кхачийра.

  • 1901-чу шарахь дуьйна юкъадаьккхина "машар чIагIбарехь мехала дакъалацарна" луш долу Нобелан совгIат . Оцу 120 шарахь преми кхаьчна 109 стагана а, 25 юкъараллана а. Лауреаташлахь ю 18 зуда, шайлахь къона 17 шо долу пакистанхойн бакъоларъярхо Юсуфзай Малала а йолуш. 2014-чу шарахь делира цунна совгIат. Дуьненаюкъарчу ЦIечу жIаран комитетана кхоазза делла Нобелан машаран совгIат.
  • СССР-н а, Оьрсийчоьнан а кхаа вахархочунна дина йоллу цуьнан историхь Нобелан машаран преми: бакъоларъярхой Сахаров Андрей а, СССР-н президент Горбачев Михаил а, "Новая газетан" редактор Муратов Дмитрий а.
  • Охан-беттан 5-чохь Оьрсийчоьнан Iедалхоша дIайохийра бакъоларъяран "Мемориал" центр. Цул тIаьхьа цуьнан хиллачу белхахоша вовшахкхетта, адамийн бакъонаш Iалашъяран "Мемориал" центр йира цуьнах.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG