Оьрсийчоьнан бакъоларъяран "Мемориал" организаци машаран Нобелан премин лауреат яьлла. Иштта совгIат дина беларусхойн бакъоларъярхочунна Беляцкий Алесьна а, украинхойн бахархойн маршонийн бакъоларъяран Центран организацина а. "Мемориалан" коьрта гIуллакх дара – Къилбаседа Кавказехь адамийн бакъонаш Iалашъяр. Еххачу заманчохь организацин офисан куьйгаллехь яра Эстемирова Наталья. 2009-чу шеран товбеца-беттан 15-чохь лачкъийра иза. Йоццачу интервьюхь цуьнан йоIа Эстемирова Ланас дийцира Нобелан комитетан сацам ша муха тIеэцна.
- Лана, "Мемориална" Нобелан машаран совгIат дина аьлла хаам ахь муха тIеийцира?
- Бакъдерг дийцича, суна дагахь доцург дара иза, со Нобелан хаамашна тIехь терго латтош а яцара. Преми даларх хаам сайна гича, эмоциш хьалаевлла, йилхира со. Цхьана «Мемориална» совгIат дарна дацара и, Беляцкий Алесьна а, украинхлйн бакъоларъяран организацина а далар а дара. Царна массарна а догIуш дина аьлла, хеташ ю со.
- ХIун эр дара ахь "Мемориалан" Кавказехь хиллачу ролах?
- Кавказана уггар а коьртачех организаци ю хIара. ХIунда аьлча, кхинъерш – организацеш а, зорбанан гIирсаш а – Кремлан агIор гIертачу хенахь, йа Кавказехь адамийн бакъонашца дерг терго йоцуш дуьтучу хенахь, цхьа "Мемориал" бен яцара регионашкахь белхаш беш. Нохчийчохь а, Дагестанехь а, кхечу республикашкахь а "мемориалхоша" гулйора низамаш дохорах информаци, иштта Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле искаш яхьийта а цхьаьна. Дуккхаъ гIуллакхаш хьалхадехира ЕСПЧ-хь, уьш бахьанехь. Адамийн бакъонаш хьешначарна таIзар дан ницкъ ца кхаьчнехь а, амма дуккха а тIемалойх а, ницкъахойх а бала хьегначарна компенсациш кхачийра. "Мемориал" - Iаламат мехала организаци ю Кавказана.
- Официалан Соьлжа-ГIалин реакци муха хир ю аьлла хета хьуна?
- Сцна хетарехь, цхьа сарказме пост хIоттор ю цхьана академикан телеграмехь (вуьйцург ву мехкан куьйгалхо Кадыров Рамзан; редакцин билгалдаккхар.). Со тешна ю, чIогIа лалур дац и Кадыровга. Цунна "Мемориал" а, сан нана а мостагIий бара, уьш хIаллак хилча гIад гIура вара иза. Массарна а гуш-хезаш цо лелорийг нахала доккхура цара, цунах йа кхера а ца кхоьрура. Цунна критика ян а ца ийзало.
- Ткъа могIарера бахархой? Царна хIун аьлла хетар ду?
- Нохчийчохь эзарнашкахь нах бу "Мемориало" гIо дина, цаьрга ладийгIина, адамийн бакъонаш талхорах, царна ницкъбарх тоьшаллаш гулдина. Нохчаша тахана и даздийр ду аьлла хета суна. Махкал арахьа а даздийр ду – "мемориалхоша" гIо дина мухIажарш буьйцу ас.
- Хьан нанас бина болх къобалбар санна а ма хета хьуна и преми далар, иштта дуй иза?
- Ду, цундела хIара мIаьрго суна чIогIа эмоционале ю. Тахана, Украинехь къиза тIом боьдучу реалишкахь дехаш ма ду вай, ткъа Нохчийчохь инзаре диктатурин хьелашкахь бу нах. Сан нана йийнарш кхин кара а ца бира. Уьш лаха гIерташ цхьа а вац. ХIара преми – бакъдолу совгIат ду сан нанна а. Цо суна дегайовхо ло, цкъа мацца а цхьаъ хийцалур ду аьлла. Цуьнан болх къобалбар ду хIара. РогIера юха а дозалла до ас, цо динчух
- 1901-чу шарахь дуьйна юкъадаьккхина "машар чIагIбарехь мехала дакъалацарна" луш долу Нобелан совгIат . Оцу I20 шарахь преми кхаьчна 109 стагана а, 25 юкъараллана а. Лауреаташлахь ю 18 зуда, шайлахь къона 17 шо долу пакистанхойн бакъоларъярхо Юсуфзай Малала а йолуш. 2014-чу шарахь делира цунна совгIат. Дуьненаюкъарчу ЦIечу жIаран комитетана кхоазза делла Нобелан машаран совгIат.
- СССР-н а, Оьрсийчоьнан а кхаа вахархочунна дина йоллу цуьнан историхь Нобелан машаран преми: бакъоларъярхой Сахаров Андрей а, СССР-н президент Горбачев Михаил а, "Новая газетан" редактор Муратов Дмитрий а.
- Охан-беттан 5-чохь Оьрсийчоьнан Iедалхоша дIайохийра бакъоларъяран "Мемориал" центр. Цул тIаьхьа цуьнан хиллачу белхахоша вовшахкхетта, адамийн бакъонаш Iалашъяран "Мемориал" центр йира цуьнах.
- Марсхьокху-беттан 31-чохь ЕСПЧ кхело сацам тIеийцира "Эстемирова Оьрсийчоьнна дуьхьал" гIуллакхехула. Цхьана агоIр кхело и журналист, бакъоларъярхо резонансе йерах гIуллакх кхачам боллуш теллина дац элира, вукху агIор – Нохчийчоьнан Iедалхой оцу зуламна бехке цахиларх юхататта йиш йолу тоьшаллаш ца гира. Оцу юкъанна кхело йийначун йишина 20 эзар евро ахча кхачийра.