ТIеман министро Шойгу Сергейс СВО (Оьрсийчоьнан Iедалша иштта олу Украинерчу тIамах.- Редакцин билгалдаккхар.) дIахьочу зонехь Вовшахтоьхначу эскарийн тобанан буйралла дан хIоттийна армин инарла Суровикин Сергей. Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана декъалвина Суровикин керлачу даржехь, "хIинца оьрсийн эскарийн тоба ташамболчу стеган карахь ю" аьлла, билгалдоккхуш.
ТIом боьдучу йоллу заманчохь, хадам боллуш гIуллакх ца дарна а, юхабийларна а Кадыровс Оьрсийчоьнан эскарна йиллина критика ешшехь, Суровикин дIахIоттийначул тIаьхьа а, цул тIаьхьа масех дийнахь украинхойн гIаланашна тохарш дан долийча а, Кадыровс яздира, "бIе процентанан реза ву СВО дIаяхьарна" аьлла.
Украинехь тIом болийначу хьалхарчу деношкахь дуьйна дакъалоцуш вара Суровикин Оьрсийчоьнан эскарш чугIоьртинчу "Юг" тобанан буьйралла деш- цо жоп лора Оьрсийчоьнан эскаро Луганскан кIоштахь дечух. ХIара дуьххьара тIом бац инарлин – цуьнан эскаран гӀуллакхехь леларан кехата тIехь ю Шема а, Нохчийчоь а. ХIетте а, масех шерачохь цкъа цуьнан цIе йоккху яккхийчу скандалашкахь, иштта нах байъарца доьзна а.
Скандале эпсар
Суровикин капитан вара, Москварчу 2-чу Таманскан дивизин батальонан командир вара иза 1991-чу шеран мархьокху-беттан 21-чохь. Цуьнан декъан Iалашо яра Садовое кольцон, Новый Арбатан а кIоштахь КIайн цIа Iалашдечийн го бохор, ГКЧП-н агIончаш ларбеш. Шозза хIаваэ герз туьйхира цо, дехьавала некъ баста бохуш, цул тIаьхьа омра дира гулбеллачу нахана юккъехула дIагIо аьлла.
Цхьа стаг юкъаIоьвдина вийра цхьахйолчу БТР-о, кхин а шинна герзаш туьйхира цуьнан куьгакIел болчара. "Матросан тийналла" набахтехь ворхI бутт баьккхира Суровикина, цул тIаьхьа доллу бехкаш тIера а даьхна, майоран чине кхаччалц лакхаваьккхира иза.
Суровикинна цхьа шо хан туьйхира арахь яккха
1995-чу шеран гезгамашин-баттахь керлачу бехктакхаман гIуллакхан фигурант хилира Суровикин. Москварчу гарнизонан тIеман кхело бехкевира иза "бакъо йоцуш герз а, тIеман гIирс а лелорна а, герз доккхуш гIоьналла дарна а". Цхьа шо хан туьйхира цунна арахь яккха. ТаIзар дина воллушехь, дукха ца Iаш тIеман полици кхолларехула белхан тобанан куьйгалле хIоттийра иза, оцу урхаллин хьакаман дарж дIалаца дезаш а вара.
Суровикинан цIарца йоьзна скандалаш оцу тIехь чекх ца евлира. 2004-чу шарахь Суровкинан куьйгакIеларчу белхахочо подполковника Цибизов Виктора чIагIдора, "нийса кхаж ца тесна" аьлла, цо шена йеттарх - командиро хьалхатеттина кандидат цо къобал вина ца хиллера.
2011-чу шарахь юха а бехказавийла дийзира Суровикинан. ХIинца доьзна дара и цуьнан куйгакIел волчо ша шена тIе куьйгаш дахьарца – 34-чу дивизин командиран гIовса Штакал Андрейс. Инарлица къамел динчул тIаьхьа динера цо и.
Кхин а масех шо даьлча, 2015-чу шарахь Оьрсийчоьнан Шемара ницкъийн урхалла ден Суровикин бехкевира, къайлах Шема десантхойн тоба кхосса и гIортарна, вукхара цунна арз дина бохура Оьрсийчоьнан президентехула адамийн бакъонаш Iалашъечу Кхеташоне.
Шен хIусамден цIарна гонах скандалаш хиллашехь, Суровикинан зудчо кхиаме карьера йира шена. Масала, 2016-чу шарахь 44 миллион соьмана хилла пайда шена тIеязбира цо, 479 квадратан метар йолу кхо петар а, иштта цIа (686 кв.м), чохь бехаш боцу хIусам (182 кв. м) а. Суровикинна тIебогIу пайда ледаро бара: доьазза сов кIезиг ахча даьккхинераа цо –10,4 миллион сом, иштта 623 квадратан метарш йолу ши петар а яра цуьнан долахь.
Нохчийчохь хилларг
Нохчийчуьрчу Ханкалахь куп тоьхначу 42-чу гвардин дивизин командир хIоттийра 2004-чу шеран мангал-баттахь Суровикин.
ТIеман стратег санна ша гайтина вац Суровикина Нохчийчохь хиллачу тIамехь, Бороздиновская эвлахь меттигера бахархой лечкъорца хиллачу скандалашна тIехула бен вевзаш вац иза, боху адаминй бакъонаш Iалашъечу "Мемориал" центран Кхеташонан декъашхочо Черкасов Александра.
2005-чу шеран мангал-баттахь Суровикинна муьтIахь йолчу "Восток" батальонан спецназан тобано зачисткаш йира станицехь, оцу хенахь цхьа стаг вийра цара. Кхин а 11 меттигера вахархо шайца дIавигира федералаша. Тахана а тIепаза байна лоруш бу уьш.
ГРУ "Восток" батальонан ротин хилла командир Азиев Мухьаддина таIзар дира нах байарна а, лечкъорна а. Суровикинна цхьана а тайпа бекхам ца бира.
Оцу заманчохь "Оьрсийн-нохчийн доттагIаллин Юкъараллин" куьйгаллехь хиллачу бакъоларъярхочо Дмитриевский Станислава дагалоьцу кхин а хилларг.
Меттигерчу телевизионехула хаамбора, нохчийн гIаттамхой 2005-чу шеран чиллан-беттан 21-чохь Оьрсийчоьнан эскаран блокпостана тIелеттера Соьлжа-ГIала чувуллучохь. Сюжетехь билгалдоккхура, нохчаша оьсрийн салтий байъина бохуш, ткъа дуьхьал герз тоьхна ка яьллера тIелеттачех цхьаъ вен.
Суровикина дIахьедира, хIора вийначу цхьана оьрсийн эскархочунна дуьхьал кхо нохчо вуьйр ву аьлла
ХIетахь къамелдечу Суровикина дIахьедира, хIора вийначу цхьана оьрсийн эскархочунна дуьхьал кхо нохчо вуьйр ву аьлла.
ТIаьхьо Дмитриевский шен бIанакъосташца цхьаьна кхечира, тIелетта бохучу меттиге - цигахь цунна ца карийра тIемаш бина цхьа а билгало- патармийн гильзанаш дацара, хIоьънаш дацара. Бакъонашларъярхоша хьесап дира, йочана хIоттар бахьана долуш божалан тхов тIебоьжна Оьрсийчоьнан салтий белла аьлла.
Масех де даьллачул тIаьхьа Дмитриевскийн тобанца зIене ваьллера меттигерчу маьждиган имам, цо дийцинера, цавевзачу стеган дакъа деана ша волчу аьлла. Оцу меттиге дIакхаьчначу бакъонашларъярхошна гира цунна тIехь дуккха а тIехь ницкъбина, Iазапаш хьегийтина чевнаш. Дмитриевскийс билгалдоккху, Iаламат инзаре оза вара и стаг, шеко яцара масех кIиранашкахь юург ца луш, бакъо йоцчу набахтехь иза латтийна хиларх. Цул совнах, гайна лахахь герз тоьхна иза вийнашшехь, цунна тIерачу бедарш тIехь Iуьргаш дацара. Дмитриевскийна хетарехь, блокпостана тIелеттера аьлла, эскархоша вийнарг и стаг хиллера.
Бакъоларъярхочун дешнашца, Суровикинна тIехь ду, иза командир хиларе терра, жоьпалла шен салтий баларна а, шен куйгакIел болчара нах байъарна а.
***
Республикан бахархоша боьзна ца Iаш, Нохчийчохь хиллачу тIемашца бузу Украинера тIом иштта арахьарчу тергамчаша а. Яздархочо, журналисто Литтелл Джонатана дийцира Кавказ.Реалиин редакцина, 1999-чу шарахь, Нохчийчохь шолгIа тIом болабелча, ша юха а регионе варах: "Иштта дара: йетта бомбанаш, бойъу нах. Боллу малхбузера политикаш Бучехь а, Украинан кхечу гIаланашкахь а лелочух Iадийна бу. Шайна дуьххьара хIара гуш санна. Оьрсаша [эскархоша] бомбанаш йетта, бехкбоцу маьрша нах бойъу. Амма, бехк ма-биллалахь, 25 шо а ма ду цара и деш долу".
Нохчийчохь ши тIом боьдучу юкъанна бакъоларъярхочун Байсаев Iусамин гергарнаш, бевзарш, белхан накъостий а байъина. Цунна юкъахваьлла, Украинехь хуьлучун мах хадо хала ду, элира цо: "Дуккха а нохчий санна, тIамо зенаш дечарех дог лозу сан - цкъа мацах тхан коьртеш тIе эгна хилла ракеташ тахана тIеэгачу могIарерчу украинхойх".
"Украинехь а, Нохчийчохь а дийриг – цхьана сценарийца ду, цхьана куьйга язйича санна", - билгалдаьккхира бакъоларъярхочо Газиева Фатимас." Цкъа Нохчийчоьнан Конституцин кхелан куьйгалхочо Гериханов Ихвана а дIакхайкхийра, 90-чу шерашкахь нохчаша элира, Европана евзар ю Оьрсийчоьнан империн амбицеш а, церан методаш а, амма хIетахь тхо ца хезира аьлла.
Де мел долу Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана комментареш йо Украинехь хуьлуш долчух. Кхузахь дерриг а – "Киевна штурм ян пурба ло" аьллачу кхайкхамна тIера Оьрсийчоьнан тIеман министраллина йиллина критика ярна тIе кхаччалц, зарратан герз дуьхьал даккха бохуш, хьехарш дар а, маьршачу гIаланашна тохарш дар нийса хетар а ду.