ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тургеневн метта Дудаев: Украинехь керла урам бу Ичкерин президентан цIарах


Оьрсийчоьнан эскарша Изюм гIалех дитинарг, 2022-чу шеран лахьан-бутт. Гайтаман сурт
Оьрсийчоьнан эскарша Изюм гIалех дитинарг, 2022-чу шеран лахьан-бутт. Гайтаман сурт

Украинхойн Изюм гIалахь оьрсийн яздархочун Тургенев Иванан цIарах ураман метта карти тIехь Нохчийн Ичкерия республикан хьалхарчу президентан Дудаев Джохаран цIарах урам гучубаьлла.

Харьковн кIоштара гIала охан-баттера гезгамашин-батте кхаччалц Оьрсийчоьнан оккупацихь йара. ТIелеттачул тIаьхьа йерриг аьлча санна йохийнера иза Оьрсийчоьнан эскарша даим тIейеттарна, газах а, йовхонах а, электроэнергих а хадийнера.

Изюман мэран гIовсо Мацокин Володимира Кавказ.Реалиина йеллачу интервьюхь дийцира, оккупаци йинчу хенахь кадыровхоша лелийначух а, гIалахь Дудаев Джохаран цIарах урам схьабеллар муха тIеийцира а.

– Ичкерин экс-президентан цIарах урам схьабеллар хьан хьехнера?

– Социалан машанашка йазбеллачара хьехнера, иштта мохк толлучара а, историкаша а. ТIаккха гIалин топономин комиссино толлу, цул тIаьхьа шайна хетарг довзуьйту.

ТIеман администрацин куьйгалхочо тIечIагIйо уггар бакъахьа йолу кепаш. Дудаевн урам дикка боккха бу, адам а дукха ду оцу урамехь дехаш.

Мацокин Володимир
Мацокин Володимир

– Дудаев Джохар мила ву хаьий цуьнан бахархошна?

– ГIалахойн доккхаха долу дакъа тIамах дедда ду, царна хетарг тхуна хIинца а хууш дац. Амма цхьа а дуьхьал вацара оцу сацамна. Дикачу агIор йазйина ши рецензи йара.

Социалан гIо доьхуш, кехаташ чудала веана стаг вара оцу урамера. Адрес хаьттира цуьнга – Тургеневн буй урам аьлла. Цо нисвира: "Со хIинца Дудаевн урамехь вехаш ву" аьлла.

– И гIала схьайоккхуш Украинехьа тIемаш бечу нохчийн батальонаша гIо дина аьлла хийцина буй урам?

– ХIаъ, нохчаша Украинехь гIо дарца доьзна ду и. Нохчийн къомана баркалла олуш йина гIулч ю. Ас дешна нохчаша Украинан малхбале Iалашйеш гIодарх лаьцна, амма, халахеташ делахь а, суна уьш уллора бевзаш бац.

– Дудаев мила хилла хаа интересе дарий хьуна?

– ХIаъ, ас машанехь йешна цуьнан интервью, хьежна видеошка. ЛадийгIина цуьнан къамелашка, ойла йора ас, мел актуале ду тахана цо баьхнарг.

Оьрсийчоьнан хиндолчух, Нохчийчоьнан Оьрсийчоьнах дIакъаьстича хиндолчух. Дудаев – Оьрсийчоьно вийна стаг ву. Цхьатерра тактика лелийра Литвиненко Александр вуьйш а, Дудаев вуьйш а, Немцов Борис а, Политковская Анна юьйш а.

Цхьатерра приницип ю: Оьрсийчоьнан политикан куьйгалла шен мостагIий хIаллакбеш ду. Царна товш йоцу пачхьалкхаш а, халкъаш а, хIаллакдан дезаш ду цара. Дудаевца хIетахь лелийнарг а, тахана Украинаца лелориг а вовшех къасталуш дац.

Суна бевзачу бахархошлара нохчий дукха чIогIа патриотике дог-ойла йолуш бу Украинехьа

Украинхойн малх схьакхетча, Оьрсийчоь хIаллак хир ю аьлла, Дудаевн дешнаш дагах кхетта суна. 1995-чу шарахь йеллачу интервьюхь аьлла цо иштта. ГIирма йоккхуш тIом хир бац иза элира политико, тIамца Украинана тIелетар ю Оьрсийчоь шен амбицеш бахьана долуш.

Дуьненан геополитикан карти тIехь Украина коьрта хиларх дийцира Дудаевс. 1990-чу шерашкахь кхеташ вара иза, тхан пачхьалкх йоцуш Оьрсийчоьнна шайн кхане гуш йоцийла, иштта атта Украина цара дIахоьцур йоцийла а.

Тахана дукха дуьйцу Дудаевс баьхнарг, цуьнан къамел украинхойн матте а дерзийна. Дудаевх бIаьрг бузу иза майра хиларна. 1990-чу шерашкахь оцу тайпа къамел дар - Iаламат доьналла долуш хилар ду.

Тахана Украинан дуккхаъчу гIаланашкахь ларам бу оцу стаге, цуьнан цIарах урамийн цIераш хуьйцуш ю. Киев, Львов, Изюм, Харьков – кхин дIа а дIадахлур долуш хIума ду и. Оцу маьIнехь тхо Европан некъа тIехула доьлхуш ду. Тхан демократи, маршо кхиош гIо ден нах оха базбийр бу.

– Еххачу заманчохь Советан Iедалан эскаран эпсар вара Дудаев, шун бIаьргашчохь оцо цуьнан репутаци талха-м ца йо?

– Адамехь уггар а мехала долчуьнга хьоьжу тхо.

– Изюман бахархойн Тургеневгахьа хилла дог-ойла хийцайеллий, гIалин карти тIера цуьнан цIе дIайайа сацам бинехь?

– Кхузахь вуьйцург йа Тургенев а, йа Пушкин а ма вац. Цара исбаьхьа книгаш арахецна. Амма цIий Iанийна, Изюмехь баьхна маьрша нах байинчул тIаьхьа, тхан къоме Iазапаш хьегийтинчул тIаьхьа, тхуна ца лаьа оьрсашца, Оьрсийчоьнан бахархошца юкъарлонаш хила. Хьажахьа социалан машанашкахь, оха цхьа а йоза дIа ца доккху, цIераш хийца луучийн 95 процент рецензи – позитиве ю.

Оха дукха хенахь дуьйна масаьрга а, доллу дуьнене а дуьйцура, Оьрсийчоьнера кхерам бу бохуш. Амма оьрсий а, беларусхой а, украинхой а цхьаъ болуш санна тIеоьцура тхо. Амма и бакъ ма даций. Менталехь а цхьана тера дац тхо. ХIинцалера тIамо а тоьшалла до цунна. Тахана изза Пушкин, изза Тургенев, Горький – мостагIчун культурин дай бу. Церан цIерашца техкина урамаш хуьйцу-кх оха тахана. Уьш хестабойла дац оха, оцу урамашкахула лоьлийла дац тхан.

ХIунда аьлча, тахана украинхой бойуш болу оьрсий, церан книгаш тIехь кхиийна бу. И факт къовларгаш юкъа а лаьцна, олийла дац оха: хIаъ, Оьрсийчоь – Достоевскийн йа кхечу оьрсийн балетан пачхьалкх ю. Тхан бала дIа бац цуьнца тахана.

– Муьлха бу хьан хьалхара мотт?

– Оьрсийн мотт буьйцучу юкъараллехь хьалакхиъна ву со суо а, оьрсийн школехь дешна, иштта нисделла-кх. Эскарехь гIуллакх дина ас советан заманахь, Генарчу Востокехь хилла. Амма со украинхо ву. Таханалерачу дийнахь и пачхьалкх суна бакъйолу мостагI ю-кх.

– Иттаннашкахь дуьненан пачхьалкхаша деш гIо ду тахана Украинана тIелеттачу Оьрсийчоьнна дуьхьало йеш. ХIун аьлла хета хьуна, Нохчийчохь ши тIом боьдучу заманчохь царна хIунда ца дина иштта гIо?

– Тхан некъ Iаламат чолхе хиларна хила а тарло. Пхи-ялх шо хьалха кхечу махка тхо дахча, тхоьга хоьттура: "Хьо стенгара ву, Укрианера ву? Ааа, Чернобыль а, Кличко [вежарий боксераш] а хилла меттиг буй иза?" ТIаккха кхетара, Украина – Европана юккъера йоккха пачхьалкх юйла. Дуьненахь кхеташ бу, Оьрсийчоьно цхьана Украинана тахана кхерам латтийна ца Iай.

Наха дуьйцура, кадыровхой гIаличохь бара, шогаллица къаьсташ бара бохуш

Ас дукха интервьюш йелла, тахана Японихь а, Америкехь а хууш ду, стенгахь ю Изюм гIала. Дог лазадо цо. Украино мел лайначо а, тхан бохамо а дIахаийтина дуьненна тхох лаьцна, цундела гIо до.

Хила тарло, 2014-чу шарахь буьйлабелла хиламаш бахьана долуш а, - чIагIлуш хилла оьрсийн агресси, фейкан Минскан бертан дийцарш…Украино дуьнене дIахаийтина цунах лаьцна, бакъду беза мах охьа а биллина. 2014-чу шарера схьа дуьйна цхьа кIира ца деана тхуна Донбассехь тохарш ца деш, нах ца бойуш.

Цул совнах, суна хета, [Оьрсийчоьнан президентан Владимиран] Путинан эхь дар лан кIордийна дуьненна. Политикан санна цуьнан леларан хатI ду –къайладахьаза эхь цахетар а, кхерамаш тийсар а. Йоккхачу политикехь босякан лелар дуу-кх.

"Босяк" – иштта оллу тхо долчу Слобожанщинехь. Петербургехь "гопник" олу. Голаш тIе а хиъна, хIуш дууш, дуьненца къамелдан гIертарг ву иза.

– Изюмехь буй нохчий? Уьш реза буй цIе хийцарна?

– Харьковн кIоштара нохчий тIетайра тхан сацамна. Кхузахь йоккха нохчийн диаспора ю, Изюмехь масех иттаннашкахь нохчий беха.

ГIалин юкхъараллех лаьцна хIинца сан дуьйцийла йац, ас цаьргара пурба даьккхина дац. ТIамо зенаш дина царна, церан бизнесна а. Дукхахберш дIабахна, кхинболу бахархой а санна.

– Ткъа тIом балале муха бехара уьш?

– Тхо бертахь Iийна ду гуттар а. Украинехьа патриотикан дог-ойла йолуш бу суна бевза гIалахойх болу нохчий, дукхайеза царна Украина, лара а лору.

Украинан бахархой уьш болу дуккха а хан ю. Цхьана хенахь Украино догрезща тIеэцна бу уьш, маьрша баха а, болх бан а, кхи а, бизнес лелон а, бераш кхион а таронаш йелла.

Нохчийн диаспора политикехь жигара ю. Меттигерчу пачхьалкхан а, доларчу меттигашкахь белхаш беш бу нохчий, бизнесехь, юьртабахамехь ларош бу. Церан бераш хелхарийн а, вокалан а, спортан а секцишка лела.

ТIом балале хьалха оха дийцаредира гIаличохь маьждиг схьаделларх лаьцна, Iедалхой тIетайра оцу лаамна.

Тхан гIалахь официалехь вехаш 50 эзар вахархо ву, ма-дарра аьлча, 35 эзар бен вацара, хIунда аьлча, дукхахберш белхаш бан, кхечу Iалашонашца а дIабахна. Вовшийн девза дуккхаъчарна. Оцу хьолехь муьлхачу къомах йа динах ву боху хеттарш коьрта ца хуьлу, нохчийн диаспорин векал санна тIе ца лоцу ахь и стаг, Муса йа Висхан ву олий тIеоьцу.

Къаьмнашна юкъара хеттарш генадовлу, дика юкъарлонаш тийсало.

– Кадыровхой Изюмехь хиларх лаьцна хIун эр дара ахь?

– Оккупацихь со хилла вац, дIаваха дезнера сан. ВСУ-но Изюм паргIатйаьккхинчул тIаьхьа, наха дуьйцура, кадыровхой къаьсташ бара шайн шогаллица бохуш.

ХIинца бакъоларйаран органаша – украинхойн а, дуьненаюкъарчара а- толлуш ду тхан гIалахь лелийна тIеман зуламаш, деталашкахь дIайаздийр долуш ду уьш. Шекспиран урамера кешнашкахь цхьана меттехь карийна 471 маьршачу бахархойн а, украинхойн эскархойн а декъий. Цунна бехкеболчара жоп дала дезар ду, цу тIехь шеко йац.

Со теша, дукха ца Iаш хIинца долчу цуьнан дозанашкара дуьненан карти тIера дIайевр ю Оьрсийчоь

ГIуран-беттан юьххьехь Изюме веанера ООН-н адамийн бакъонашкахула волу лаккхара комиссар. Наха дийцира цуьнга Оьрсийчоьнан эскархоша шайна тIехь ницкъбарх, сийсазаллаш лелорах. Дуккхаъберш бисина йезачу психологин чевнашца.

Цара [Оьрсийчоьнан эскархоша] оццул къизаллаш лелийначул тIаьхьа, царех хIун эр ду, хууш вац со. Карахь герз доцчу нахана тIехь оццул гIело латтор, гIаланаш хIаллакйар, истори хIаллакйар, кханенах нах бахар, дегайовхонех бахар… Царех адамаш соьга алалур дац.

– ХIун аьлла хета хьуна, украинхойн паспорташ схьаэца а ца кхиош, тIом болабеллачул тIаьхьа дIабахна нохчий, юхабохкийла хир дуй церан? Дукхахболчарна луур ду юха а баьхкина, Украина Iалашйан.

– Суна хетарехь, Оьрсийчоьнца къийсам латтош берш Украино лорур бу.

Чу ца бохкуьйтуш, Украинан агIор тIемаш бан луучарех дерг тIемалойн сацам бу. Царна хьалхара комментареш йойла дац сан.

– Мича хьолехь ю тахана гIала? Дуй хи а, серло а?

– Серло ю, хи а ду. Йовхо юкъ-кара бен йац, газ йолуш ю. ГIала Iаламат вон йохийна ю. 80 процентана йохийна ю гIалара тIекIелйина гIишлош. ГIала маьршайаьккхинчул тIаьхьа Оьрсийчоьнан кеманаш кхуза ца догIу. Амма гIала доккхачу декъанна хIаллакйина ю. Изюм цхьаццанхьа дIакъевлина. ТIеман аса гена йоццуш ю.

– Хьуна хетарехь, тIейогIучу заманчохь нохчашна гIо дан аьтто хир буй Украинан, церан суверенитет къовсуш?

Со теша, дукха ца Iаш хIинца долчу цуьнан дозанашкара дуьненан карти тIера дIайевр ю Оьрсийчоь. Йоллу империйн кхоллам иштта хилла бу. Цуьнан херцаршна тIехь йа нохчийн, йа тувинхойн пачхьалкх дIахIоттахь, нагахь санна, сан мохк лоруш, иза демократин пачхьалкх а хилахь, оха гуттар а гIо латтор ду, царна уллохь лаьттар ду оьшучунна.

  • ГIадужу-беттан 18-чохь Нохчийчоьнан Ичкерия республика Оьрсийчоьно ханна оккупаци йина территори лоруш, "нохчийн къомана дина геноцид" емалдеш, сацам тIеийцира Украинан Лакхарчу Радехь. Оцу сацамехьа кхаьжнаш тесира цигахь хиллачу 287 депутато.
  • Документах цхьаьнатоьхначу кехата тIехь дIахьедора, 1991-чу шарахь Нохчийчоь СССР-на юкъара йаларх, Ичкерия аьлла шен суверенитет дIа а кхайкхош. Цхьатерра бакъонаш хилар а, къаьмнийн шайн харжам бан йиш хилар а ООН-н устава тIехь дIахьейинчу принципна дуьхьал хилла Оьрсийчоь аьлла, чIагIдо текстехь.
  • Украинан агIор чугIоьртинчу Оьрсийчоьнна дуьхьал тIемаш беш ю Дудаев Джохаран цIарах батальон (командир ву Осмаев Адам), ВСУ-н структурин декъах йолу "Акха арданг", иштта, ЧIебарлойн Муслима куьйгалла ден Шейх Мансуран цIарах батальон а – лаамхойн тобанан бакъонашца. Кадыровс 500 эзар америкахойн долларшкахь кхаъ кхайкхийра хьалхо оцу батальонийн буьйранчийн болу меттиг йийцинчунна. Кавказ.Реалиина йеллачу интервьюхь Осмаевс дийцира, ша оьрсийн эскаршна дуьхьал латтаран бахьанех а, Украинера тIом стенца тера бу Нохчийчохь хиллачаьрца а.
  • ГIадужу-беттан юьххьехь Укрианехь Оьрсийчоьнан эскаршна дуьхьал тIемаш бан кхечира Шемахь нохчийн тобанхойн хилла командир Аджиев Рустам, Шишани Iабдул-Хьаьким аьлча дика вевзаш волу. Шен сацам мича бахьанашца бара а, Нохчийчоьнан хиндолчух шена хетарг а дийцира цо Кавказ.Реалиина йеллачу интервьюхь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG