Стигалкъекъа-беттан 23-хь бюджетхой а, студенташ а Соьлжа-ГIаларчу митинге арабехира – цхьатеррачу аннашца дуьхьалабевлира уьш автозак чохь Нохчийчу валочу студентана Журавель Никитина. Журавель Волгоградехь КъурIан дагорна бехке лерина ву. Цуьнан гIуллакх Нохчийчу дIаделла. Дуьйцург бакъ делахь, республикерчу бахархоша дехарш дарна дина иза. Кавказ.Реалиин редакцино эксперташца цхьаьна дийцаре дира, Волгоградерчу студентана кхел йар Украинерчу тIамна бехказло лехарехь муха леладо. Иштта Оьрсийчуьра бусулбанашлахь а, Оьрсийчоьнал арахьа а Кадыровн цIе цу хиламца чIагIйан гIертарх а.
"АллахIан мостагIийн питана"
Стигалкъекъа-беттан 20-хь Волгоградерчу маьждигна уллохь КъурIан дагоран видео масех телеграм-канале хIоттийра. Цу тIехь бусулбанашна йеза йолу книга каралаьцна диттана тIехьа, маьждигна дIанехьо лаьттачу стеган куьг бен гуш дац. Цу видеоно йоккха гIовгIа йаьккхира – Волгоград-мехкан бусалбанийн коьртачу урхаллин муфтис Киф Бата Мухьаммада журналисташка дIахьедира, иза украинхойн а, Малхбузехьарчу лерринчу урхаллийн болх бу аьлла.
ШоллагIчу дийнахь Волгоградерчу ницкъахоша цо аьлларг тIечIагIдира - цара бахарехь, Журавель Никитас ша Украинин кхерамзаллин урхаллина болх беш хиларх дарединера. Цу дийннахь талламийн комитетан куьйгалхочо Бастрыкин Александра и гIуллакх Нохчийчу дIало аьлла омра делира. "Цу махкарчу дуккха а наха дехар дина хиларна" аьлла. Уггаре дукха тешаш болчче гIуллакх дIадаларан бахьана хир ду талламхошна боху Оьрсийчуьра Transparency International гIирсан куьйгалхочо Шуманов Ильяс.
Мухха делахь а, Нохчийчоьнан Iедало "Иблисна дуьхьалчу безачу тIеман" сурт чIагIдеш, шен агIора берзийра и хилам. Журавель Соьлжа-ГIала валочу дийнахь, Iедалхоша арабехира студенташ а, бюджетхой а. Цаьргахь Кадыров Рамзанан суьрташ дара, "Куьйгаш ма детта дезачу йозанах", "Ислам – дикаллин дин", "Динан мостагI вер доьху оха" бохучу йозанашца кечдина аннаш дара.
Цу дийннахь "Нохчийчоьнан дог" цIе йолчу коьртачу маьждигехь бусулбанашка вистхилира Нохчийчоьнан муфти Межиев Салахь-Хьаьжа. "Боллучу бусалбанашка" кхойкхуш, цо дIахьедира, и питана "АллахIан мостагIаша" дина ду, уьш "вайн пачхьалкхан къаьмнашлахь а, динашлахь а гамо йаржон лерина бу" аьлла. Ницкъахоша хьалхо Украинин бехк лоруш аьлларг муфтис Малхбузе бехкейархьама йуьхьаралецира. Оьрсийчоь "динан, синойн, доьзалан мехаллийн гIароллехь лаьтташ" хилар кхин цкъа а хьахийра цо.
Иштта дIахьедира Кадыров Рамзана а, Волгоградехь КъурIан дагор "Иблисан малхбузехьарчу пачхьалкхийн, Европин хьадалчашна" дагадеана ду, аьлла. "Дуьненчохь мел болу бусулбанаш" Iалашбархьама, "Иблисаш а, шайтIанаш а хIаллакдийр ду" ша аьлла, дош делира цо. Нохчийчохь адамийн бакъонашна Iуналла дечу Солтаев Мансура Малхбузе Иблисан ун даржош йу, Оьрсийчоьнан бусулбанаша цунна дуьхьал джихад кхайкхадо бехира.
Исламан гIоьнца шен хатI хийца лаар
КъурIан дагоран гIуллакхехь Кадыровна ша Нохчийчоьнан хьалханча санна гайтина ца Iаш, хIора нохчочун, массо бусалбанийн гIаролча санна гайта лаьа – оьрсийн мотт буьйцучарна иштта гойтуш ду-кх цо иза, боху редакцица хиллачу къамелехь Къилбаседа Кавказ талларан эксперто, гуьржийн "Рондели" Фондан белхалочо Квахадзе Александра.
Оьрсийчоь тIамца Украине йахчхьана, Нохчийчоьнан куьйгалхочо сих-сиха до и тайпа бусулбанийн мехаллашна тIехIуттуш дIахьедарш. Оьрсийчоьнан агресси бехказйахарца, тIеман пропаганда йарца доьзна ду иза, боху цо. Масала, Швецехь жигархоша КъурIан дагийча Кадыров вистхилира "НАТО цIе йолчу Иблисийн цхьаьнакхетараллин Украинера хьадалчаш къиза хIаллакбаре" кхойкхуш.
Кадыровс шен хатI цIандина ца Iаш, цунах ойла йан а йеза
И тIом болабалале дикка хьалха а изза риторика схьайахьаш вогIу Нохчийчоьнан куьйгалхо, тидам тIеберззош дуьйцу Квахадзес. 2017-чу шеран марсхьокху-баттахь полисхойн лоттийлашна рохинджан тIемалой тIелатарна Мьянмерчу Iедало рохинджа-бусулбанашна дуьхьал тIеман операци йолийра. Цу хенахь эзарнашкахь маьрша адам дийра.
Бусулбанашна гIело йарна Оьрсийчоьно йина реакци собаре йара. Президенто Путин Владимира и дов дерзорехь политикин некъ лаха богIу элира. Амма Нохчийчохь болучара цу хиламан хьокъехь йоккха гIовгIа йаьккхира. Москварчу Мьянмин векалатна хьалха бусулбанаша боккха гулам хIоттийра. Цигахь дакъалаца ша Кадыров, Госдумехь волу Нохчийчуьра депутат Делимханов Адам, муфти Аширов Нафигула веара. Рохинджана дуьхьал лелориг "адамаллина дуьхьала лелош зулам ду" аьлла, билгалдаьккхира Нохчийчоьнан куьйгалхочо, нагахь Кремло "шайтIанаш бехказадахахь", ша Москвана а дуьхьал хир ву аьлла дош луш.
Цу риторикица дIа ца дирзира политикан гIуллакх. Бангладеше Мьянмерчу мухIажаршна гуманитарин гIо эцна вахийтира Кадыровн белхан накъост, Нохчийчуьра сенатор Сабсаби Зияд: цо гIо лецира йуург, духар, дарбанна оьшу гIирс цигахь латтош. Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондо пхеа шарчохь изза гIо царна кхачош ду. Хьахийна фонд Нохчийчоьнан куьйгалхочун "альтернативан казна" аьлла цIе йахна йу.
Квахадзес дийцарехь, Оьрсийчохь мел болчу бусалбанийн тидам шена тIеберзон лерина ву Кадыров. Къилбаседа Кавказера, Поволжьера бусулбанаш, гIезалойн, башкирийн цхьанакхетараллаш, Йуккъерчу Азин бахархой – уьш берриге вуно доккха дакъа ду. Царна тIеIаткъам бан лерина ву Нохчийчоьнан куьйгалхо.
"Кадыровна стенна оьшуш ду и дерриге? Оьрсийн эскаро Нохчийчоь схьайаьккхинчу муьрехь Оьрсийчоьнан гIоьнца Iедале веана ву иза. Цундела хIинццалц шен къомана йуккъехь коллаборант аьлла цIе йара цуьнан. Цундела, шен хатI цIандархьама, цу хотIан ойла йан йогIу цо. Цу Iалашонна уггаре дика агIо йу ислам", – олу эксперто.
Озабезаме бакъхьа оьгIазло
Амма Нохчийчоьнан куьйгалхочун тIехIоттар Оьрсийчоьнал арахьарчу бусалбанашна бен ца кхочу. Иштта, Стокгольмехь КъурIан дагорна цхьа де хьалха хаам баьржира, Ростовн махкарчу Новочеркасск гIалара медицинин колледжера пхи йоI хиджаб лелорна доьшучуьра дIайаькхна аьлла.
Цунах лаьцна социалан машанашкахь йаздира Iедална муьтIахьчу гIарайевллачу пабликаша. Ткъа ша Кадыровс цу хиламах цхьа дош ца элира. Амма 2017-чу шарахь Европерчу кхело болх лучарна хиджаб лелориш балха ца эца бакъо йалар "къайлах тIом" лерира Нохчийчоьнан куйгалхочо.
Б1аьста Москварчу Безачу Iомана уллохь маьждиг дан лаарна дуьхьалчу гуламашкахь лаьтташ адам долуш, гIараделира КъурIан дагор а, латта бусулбанашна боьха хетачу хьаькхин коьртаца "бехдан" гIортар а. Цу муьрехь даьлла дов доьзна дара керистийн жигархой билгалйаьккхинчу меттехь маьждиг дайта реза цахиларца. Цигахь цара нохчий сийсазбеш эшарш лийкхира, хIора кIиранчохь жIаранашца леларш долийра, царлахь националистийн кхайкхамаш беш.
Москварчу Iедало маьждиг дан кхин меттиг билгалйаьккхира. Йоккхачу шахьарахь маьждигаш ца тоьуш доллушехь, гуламе баьхкинарш тIаме хьовсабе, йа чубохка баьхначу Кадыров Рамзана и сацам "вуно дика" хета шена элира. Ца хьахийра цо йа хьаькхин корта а, йа дагийна КъурIан а.
"Iарбойн пачхьалкхаша Ичкерина гIо дора"
Америкхойн аналитик а, Оьрсийчоьнан эксперт а волчу Гобл Пола Кавказ.Реалиин корреспондентаца хиллачу къамелехь билгалдоккху, Журавель Никита Нохчийчохь кхеле озор йа Оьрсийчохь а, йа цул арахьа а Кадыровна хетачу агIора реакцеш хуьлуш дерзахь тамаша хета шена олий.
"Цу кIантана Кадыровс хIун дийр ду-те аьлла сагатдаларца балакхочур бу цхьаболчу бусулбанийн. Амма Соьлжа-ГIалахь хинйолчу кхело Кадыровх нехан йолу ойла хуьйцур йу аьлла ца хета суна. Цхьаболчу бусулбанашна дикачу агIора го иза, дукхахболчарна – ца го. Иза хийцалур дац", – билгалдоккху Гобла.
Оьрсийчохь болчу бусулбанашна йаржийна ца Iаш, шен пропаганда Кадыровс Уллорчу Малхбалехь а йаржайо. Нохчийчоьнан куьйгалхочун Iарбойн маттахь шен рупор йу. Иза болх беш йу "республикера динан политика нийса хилар" кхайкхорехь. Иза ша а тIом болабалале хьалха сих-сиха Iарбойн Цхьаьнатоьхначу Эмираташкара (ОАЭ) хьоладайшца цхьаьнаветталора.
Iарбойн пачхьалкхашна хьалха шен имидж нисйан лууш ву Кадыров , аьлла хета Квахадзе Александрана.
"Уллорчу Малхбалехьара нохчийн диаспора шен оьшучунна жигара лелайо цо - масала, Шемахь, Урдунехь. Iарбойн пачхьалкхашкарчу цуьнан векалех цхьаъ Сабсаби Зияд ву, Уллорчу Малхбалехьара нохчийн диаспорех схьаваьлла волу. Кадыровс баккъала а зIенаш дIатесна Iеламчу хьалханчашца, къаьсттина шен официалерчу муфтиятаца ойла йогIучаьрца. Цул сов, Iарбойн Цхьаьнатоьхначу Эмираташкахь дуккха бизнес-накъостий бу цуьнан, белхан проекташ йу", – боху эксперто.
Кадыровс Нохчийчохь цхьа а официалехь йоцу исламан агIо магийна йац. Цо магийнарг ду суфизман тарикъат (Исламан дешар. – билг.). Ша хьаькам суфизмана тIаьхьахIоьттинчех ву. Цара базбо Iеламхой - шайн доIанашкахь цаьргара гIо а доьху. Цу хьежамашна реза мел воцучунна Кадыровс "ваххабит" олий цIе туьллу.
"Дуьххьара Кадыров йемалван волийра Оьрсийчоьно Нохчийчоьнца тIом бинчул тIаьхьа иза Iедале веъча. Iарбойн пачхьалкхаша нохчийн гIаттамхойн некъ къобалбора. Ткъа Оьрсийчоьнца болх бийраш йамартхой лоруш бара. Къаьсттина Къатарехь Ичкерин хьалханча Яндарбиев Зелимхан вийча дуьйна. Иза пачхьалкхан Iуналла делла цигахь вехаш вара Къатарехь. Цу тIехула Оьрсийчоьно Нохчийчохь хIиттийначу Iедалхойн цIе Iарбойн пачхьалкхашкахь йуьйжира", – дуьйцу Квахадзес.
Украинехь болчу тIамо лахбина Iарбойн пачхьалкхашна Оьрсийчоьно а, Кадыров Рамзана а беш хилла тIеIаткъам, билгалдоккху Гобл Пола. Оьрсийчохь адам гIоттуш хилахь а аьлла, кхечу геополитикин ницкъашца шен йукъаметтигаш нисйан хьожур ву Нохчийчоьнан куьйгалхо, боху гуьржийн "Рондели" Фондан тобанан Iилман белхахочо.
- Нохчийчуьрчу пропагандо "Дезачу КъурIанан къинхьегамхо, исламан турпалхо, Мухьаммад-пайхамаран гIаролча" санна гойту Кадыров. Уллорчу Малхбалехьара цуьнан векал волчу Даудов Туркос хьалхо дIахьедира, Кадыров дуьненчохь мел болчу бусалбанийн "исламан мостагIашца къийсаран билгало" хилла лаьтташ ву аьлла.
- Соьлжа-ГIаларчу бусулбанийн кхелахо а, "Нохчийчоьнан дог" маьждиган имам а лаьттина волчу Хийтанаев Мохьмада Ростовн махкарчу бусулбанашна хьалха Украинера тIом "беза тIом" хиларах дуьйцуш къамел дира. Цо Нато а, Америка а "АллахIан мостагIий бу" элира. Цунна дуьхьала масала далош, Оьрсийчоьно йукъадаьккхинчу "Делах тешачийн синхаамаш Iалашбар" низамах дийцира цо. Нохчийн Iеламхоша леррина дIахьош йу и пропаганда. Исламца цуьнан догIуш цхьа а хIума доццушехь, боху Кавказ.Реалии редакцица къамеле бевллачу Iеламхоша а, нохчийн жигархоша а.