Бахмутна гергахь йийсаре вахначу кадыровхойн "Ахмат" декъан эскархочо Медведник Сергейс дIахьедина, шайн буьйранчаша дукха хьолахь нохчий йукъахь боцу тобанаш хьийсайо тIеман хьалхарчу позицешка аьлла. Оьрсийчоьнан кхечу регионашкара бахархошна – кхарна, йийсархочо дийцарехь, ледара тIеман гIирс ло, цхьана а кепара уьш кеч ца бо. Алаудинов Аптис куьйгалл ден "Ахмат" спецназ "чолхе Бахмутан агIор" дехьайаккхарх йаздира Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана товбеца-беттан йуьххьехь.
Медведнике хеттарш деш видео йаржийна "Русь Сидящая" йукъараллин организацино. Йийсархочо дуьйцу, Бахмутан агIор тIемаш беш нохчийн "Ахмат-Север" а, "Ахмат-Юг" а дакъош ду бохуш. Оцу йукъанна, эскархочо бахарехь, цуьнан декъа йукъахь тIеман хьалхарчу позицешкахь вара 51 стаг, царех йалх вара Нохчийчуьра, кхин цхьаъ – ГIалгIайчуьра.
ТIемаш бечу "Ахматан" контрактникашна, Медведника дийцарехь, 1970-чу шерашкахь арахецна шира Калашниковн автоматаш йелира, ткъа тылехь болчу кадыровхошна кху заманан ЛК-12 герз дийкъира. Йийсархочо чIагIдарехь, церан тIеман дакъа кечамах чекхдаьккхина дац, эххар а цу тобанара ах эскархой бевдира, бисинарш байна лоруш бу.
Кавказ.Реалиин сайте "Русь Сидящая" боламо дийцарца, Ростов гIалахь киранчан болх беш хилла ву Медведник Сергей, амма стигалкъекъа-баттахь Нохчийчуьра цуьнан доттагIчо динчу хьехарца балхара дIа а ваьлла, "Ахмате" хIоьттира иза. Вукхо дийцинера кхунна, Донецкехь ву, баттахь 195 эзар сом алапах шен командиран хадархо ву ша аьлла. ТIемашкахь дакъа ца лоцу ша аьлла хиллера цо. Атта ахча даккха реза хилла Медведник марсхьокхе-беттан 26-чохь шен чоьтах оккупаци йинчу Донецке кхечира.
Бакъоларйаран организацин информацица, мангал-беттан 30-чохь Медведник, Нохчийчоьнца цхьа а гIуллакх доцу кхин а кхаа эскархочуьнца Луганскера тIеман комендатуре валийнера. Цигахь Оьрсийчоьнан тIеман министраллица контракт дира цара йалх баттана. Цхьаьна гIуллакх дечара барзакъ делира кхарна, цул тIаьхьа автоматаш а йелира, патармийн кхоккха гIутакх а, тIаккха тIаме хьовсийра Бахмутна гергарчу Клещеевка эвлана гергга. Ши кIира даьлча йийсаре вахара Медведник, товбеца-беттан 13-чохь.
Нохчийчоьнан урхалхочо дIахьедира товбеца-беттан 9-чохь, "тIаьххьарчу деношкахь дукха йийцинчу" Клещеевкин кIошта "Ахматан" эскархой хьовсор бу аьлла. Кадыровс бахарехь, нохчийн батальонаш Оьрсийчоьнан буьйранчийн сацамца дехьайаьхна йу.
- Оьрсийчоьнан буьйралла кечлуш йу Украинера тIамехь дакъалоцучийн терахь алсамдаккха Нохчийчуьра эскархошца а, набахтешкара лехьийначаьрца а. И дан лаам хилла ЧВК "Вагнеран" йолахой тIамера арабевлча "йассайелла меттигаш дIайуза". Bloomberg ресурсан хьасташа дийцира цунах лаьцна. Дуьххьара ши бутт хьалха Нохчийчоьнан урхалхочо хьийхира Бахмутна гергарчу меттиге кадыровхой хьовсабе аьлла. Пригожина ша цигара араволуш хиларх дIахьедича аьллера Кадыровс иштта. Экспертийн шеконаш йара, "Вагнеран" йолахошца хийцабала кадыровхойн таро йу бохучух.
- 2022-чу шеран товбеца-баттахь дийца даьккхира, Нохчийчохь ницкъаллин структурашкхаь нах тIетоьаш бац аьлла, республикехь йукъарадаьккхира эскархойн балха хIуттуш, официалехь а доцуш, амма тIедожийна хилла кхаьънаш эцар а. "Беккъа нохчех лаьтта" керла полк а, цIерашца кхо батальон а кхолла Iалашо хиларца доьзнера и. Оцу батальонашка маса дIаийцира ницкъаллин органашкахь болх беш хилларш.