ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

КъурIан дагорна лаьцначунна йиттина аьлла шеконаш йу Кадыровн 15 шо долчу кIантах


Кадыров Адам
Кадыров Адам

Волгоградехь КъурIан дагийна аьлла лаьцначу Журавель Никитас дIахьедина, Соьлжа-ГIаларчу СИЗО-хь Нохчийчоьнан куьйгалхочун 15 шо долчу кIанта Кадыров Адама йиттина шена аьлла. Оцу кепара латкъам барх хаамбина махкара адамийн бакъаонаш Iалашйан декхаре винчу Солтаев Мансура. Цо чIагIдо, оцу хьолан йистйаккхар шена Оьрсийчоьнан омбудсмено Москалькова Татьянас тIедилларх.

"Сан цIарах цунах лаьцна кехат деана, СИЗО вахара со суо…Къамелехь Никитас элира, Нохчийчоьнан урхалхочуьнца шен цхьанакхетар хиллачу дийнахь, Рамзан Ахматович камери чуьра араваьллачул тIаьхьа, Кадыров Адама йиттира шена аьлла", - далийна Солтаевн дешнаш "Грозный-информ" пачхьалкхан агенталло.

Де хьалха Журавельна йеттарх хаамбира Iедалхошкахьа йолчу "ЧП/Вайнах", "ЧП/Грозный" пабликаша. Цхьатерра чулацам болу посташ хIиттийра цара, республикера ФСИН-н белхахойн информацина тIетевжина.

"Кадыров Рамзана пурба делла бен хила йиш йоцург ду и. Хьалхо цо масийттазза кхерамаш тийсира, КъорIан дагораш хIаллакбийр бу аьлла. Схьагарехь, оьрсийн регионан куьйгалхочунна хетта, дуьйцуш ца Iаш, дийр ду бохург дан деза аьлла", - билгалдаьккхина публикацешкахь.

ХIара хаам зорбане хIотточу хенахь Кадыров Рамзана йина комментарий йац шен кIанта лаьцначунна йеттарх лаьцна.

  • Волгоградехь КъурIан дагош видео гучуйелира социалан машанашкахь стигалкъекъа-беттан 19-чохь. Ши де даьлча ницкъахоша дIахьедира, шаьш меттигера вахархо, Украинера схьаваьлла Журавель Никита лацарх. Йуург дIасакхоьхьуш болх беш хиллера иза. Хууш ду, аннекси йинчу ГIирмера иза Волгограде веана хилар.
  • Оьрсийчоьнан Талламан комитетан куьйгалхочо Бастрыкин Александра омра дира Волгоградан кIоштахь КъурIан дагорах гIуллакх Нохчийчуьра талламхошка дIало аьлла. Дукха ца Iаш 19 шо долу Журавель Соьлжа-ГIала валийра, цигахь "халкъан кхел" йе цунна бохуш, кхайкхамашца тIеийцира иза меттигерчу бахархоша.
  • Бахначу гIадужу-баттахь Кадыров Рамзана дIахьедира, шен кхуьй а кIант – Ахьмад, Эли, Адам - Украинерчу тIамехь дакъалаьцна ву аьлла. Цунна тоьшалла деш видео зорбане йаьккхира цо, цу тIехь пулемет а, гранатомет а йетта цара. Нохчийн оппозицин телеграм-каналаша тергойира: и видео тылехь дIайазйина хиларан.
  • Зазадокху-баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхочун воIаршна – 17 шо долчу Ахьмадна а, 15 шо долчу Адамна а некха тIехь лелон мидалш йелира "Терроризмаца къийсам латторна" аьлла. Цунах лаьцна хаийтира республикера къоман политикан, арахьарчу зIенийн, зорбанан, информацин министро Дудаев Ахьмада.
  • Мангал-баттахь хаамаш бора, Нохчийчоьнан урхалхочун кIентий а, иштта цуьнан йоьIарий а, "кхинболу доьзалхой а" тIеман Iаморашкахь бу аьлла. Кавказ.Реалиин редакцино хеттарш динчу бакъонашларйархоша элира, тIеман пропаганди йукъа Кадыровн доьзал ийзор, регионера бахархой "лаамхой" санна йукъабалон дагахь йолийна "шоу-проект" йу аьлла.
  • "Хьалхарчийн болам" кегийрхойн декъан куьйгалхочо, Нохчийчоьнан урхалхочун воккхаха волчу 17 шо долчу кIанта Кадыров Ахьмада йуьхь йаьккхира бакъо йоцуш машенаш хоьхкучу кхиазхойн. Оцу йукъанна мехкан урхалхочун кхиазхо кIант масийттазза гина вара хьалхо машен хоьхкуш, тIехула тIе машенаш лелайо цуьнан жимахволчу шина вашас а. Дуккха а масалш ду, Кадыровн бераша могIарерчу бахархошна лелон цамагориг, дихкинарг дина. Кавказ.Реалиин редакцино хеттарш динчу бакъонашларйархоша бинера цуьнан тидам.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG