Оккупаци йинчу Мелитополехь шайна хеттарг леладо кадыровхоша
Кадыровхой йукъахь болуш дов хилла Оьрсийчоьно оккупацехь латточу Мелитополехь. Нохчийчуьра эскархой тIелетира блокпостехь кехаташ хоьттучу тIеман полисхочунна. Конфликтан декъашхойх цхьаъ ву «ВОСТОК-АХМАТ» батальонан буьйранча Хамбулатов Ваха, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Хамбулатовх «хьоме ваша» олу.