Кадыровн Пачхьалкхан думан депутатаца даьлла дов
Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан девне ваьлла пачхьалкхан думан депутатаца Матвеев Михаилца, бахьана дара депутато Оьрсийчуьра бусалба нахах аьлларг. Соьлжа-ГIалахь критика йинчул тIаьхьа депутата гечдар дийхира, цо чIагIо йора ша хьехийнарш бусалба-мигранташ бара бохуш. Делахь а, Оьрсийчохь бусалба нехан бакъонаш хьешарх болу хаамаш тидамза буьту Кадыровс.