Керлачу скандала йуккъехь ву нохчийн UFC-н латархо Чимаев Хамзат: муьлш бу ца хуучу наха цуьнан фанатийн Smash криптовалюта тӀехь миллион гергга доллар даьккхина. Ша спортхочо реклама йира цунна, амма ахчанан мах охьабаьллачул тӀаьхьа, шен цуьнца цхьа а уьйр йац аьлла, дӀахьедира. Чимаев вевзаш ву Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца дика йукъаметтигаш лелорца, цо г1уран-баттахь спортхошна а, блогершна а дов дира, "нохчийн къоман ламасташ а, мехаллаш а" лар ца ярна. ХӀинца церан юкъаметтигаш карзахъяларе сатуьйсийла юй- те бохуш, толлуш ду "Кавказ.Реалии" сайто.
Товбеца-беттан 3-чу дийнахь Чимаев Хамзата йовзийтира шен агIоне йазбеллачарна "Солана" блокчейн-платформин бух тӀехь йолу Smash криптовалюта - цо реклама йира цунна социалан машанашкахь. Цул совнах, спортхочун сурт лелийна проектан официалан сайта тӀехь а, цуьнан аккаунташкахь а. Ша Smash цӀе Чимаевн "уьш берриш а бохо" бохучу лозунгна тӀе а тевжаш ю, бохуш, кхетийра криптовалюта кхоьллинчара.
Йохк-эцаран графикашкахь гуш ма-хиллара, Чимаевс реклама йинчул тӀаьхьа, Smash криптовалютан мах 16-зза гергга хьалабаьлла шина сахьтехь. ШолгӀачу дийнахь ахчанан мах кхаьчна шина центана гергга, цул тӀаьхьа цIеххьашха охьабелира: йаккхий активаш йолчу наха де хьалха дӀайолийначу криптовалютан оццул барам боьхкира, цуьнан мах 90% сов охьабаьлла. Схема вовшахтоьхначара миллион гергга ахча даьккхина цу кепарчу манипуляцех, яздо Sport24 телеканало.
Товбеца-беттан 7-чу дийнахь латархочунна гонаха хиллачу скандалах дуьххьара комментари йинарг вара цуьнан менеджер Мехьди Шаммас. Цо тӀечӀагӀдира, ша проект кхоьллинчарна Чимаевн сурт лело пурба делла хилар, амма дӀахьедира, ша "цу гӀуллакхна юкъагӀерташ вацара, шул сов хууш а вац" аьлла. Цу хенахь спортхочун социалан машанашкара дӀайаьхна йара Smash реклама йеш йолу йерриг а посташ.
Цул тӀаьхьа ши де даьлча Чимаевс зорбане баьккхира цӀе ца йоккхучу проектан маркетолого бина кхайкхам. Цо дӀахьедира, команда "цкъа а Хьамзатца дуьххьалд1а зӀенехь хилла йац" аьлла, ткъа спортхочун менеджер Шаммас бен вацара "фанатийн жетонах" лаьцна хууш: "Цхьа а бозбуунчаллаш ца хилла. Хьалххе эцначу могIарера наха тIаьххьа доьхкинера, цунах царна пайда а хиллера. Тхо а дацара уьш, йа Хьамзатан команда а йацара. Кхин хIуммаъ дацара цигахь".
"Забарш йийраш бу лелаш"
Чимаевн сий деш ахчанна гонаха иккхинчу скандалах лаьцна дийцина ZachXBT цӀе йолчу блокчейн талламхочо. Йиллинчу машанехь транзакцешна тӀаьхьакхиарца цунна гучуделира, инсайдерийн а, и йинчу тобанан а 71% бохчанаш дуьххьалдIа доьзна хиларна. ХIунда аьлча, цхьана адресехула кхочуш дара царна ахчанаш. Цу гӀуллакхо аьтто бира ахча кхоьллинчийн дукхахйолчу криптовалютан Ӏуналла дан а, мах а, дехар а кепе даккха а.
Чимаевс зорбане баьккхинчу цхьана "маркетологан" хаамехь цо дӀахьедина, Smash ахчанан берриг барамехь 70 а доцуш, 80% ахча кхоьллинчийн долахь ду, амма цара пайда эцархьама махкана тӀехь Ӏуналла дарх пайда ца оьцу бохуш дуьйцу.
Чимаев криптовалютаца воьзна вара, шен цӀарца жигара йаржош вара иза, ткъа девелопментан тобано йерриг аьлча санна токенийн кхачо эцна, махца манипуляцеш йан гӀерташ, иза къайлайаккха гӀоьртира, бохуш, жамӀ до ZachXBT-но.
Шен Ӏедална пропаганда йеш Кадыров тIетовжу нах бу. Ткъа Чимаев а ву царлахь цхьаъ
Кавказ.Реалии сайтан дехарца, Smash ахчанан графикна анализ йина криптоинвесторо Руслана (кхерамазаллин бахьанашца цуьнан фамили ца йоккху оха. – Ред.билгалдаккхар). Токенан транзакцин барам шен уггаре а лакхарчу тӀегӀанехь бара гергарчу хьесапехь 1,8 млн доллар. Эксперто бахарехь, нагахь санна йерриг а криптовалютан 80% хьан долахь хиллехь, цу тайпачу схемех 750 долларера 1,5 миллион долларе кхаччалц "ахча даккха" йиш яра хьан.
Чимаев Хамзатан реклама йинчул тӀаьхьа проектана юкъабаьхкинчу нехан гергарчу хьесапехь 15 минот хан йара арадовла, цу ахчанах 75% эшам а болуш - ши сахьт даьлча хьалха хиллачу мехах 5% бен ца дисира.
"Хьал чӀогӀа пайдехьа ду цунах "ахча даьккхинчарна". Зулам хилларг цIарах ца буьйцу, цара протоколах пайда а оьцуш, токен духкуш хилла протоколехула. Цхьаболу зенаш хилларш адамаш дац, мемаш т1ехь ахча даккха гIоьртина боташ йу", - кхетийра Руслана.
Криптовалютан базарахь тайп-тайпана токенаш йу - Bitcoin а, Ethereum а санна. Церан функционал йу, уьш оьшуш йу кхерамзалла латтон, кхетийра къамелдечо. "Мем-монеташ" олучарех йу Smash: церан мах кхоллалуш бу уьш г1арайовларца а, царна чу кхоьллина васт эшарца а.
"ХӀара криптовалютан дакъа ду, цигахь пранкстерш лела. Ткъа массарна а хууш хиларна, мемаш евзаш юйла, тидам тӀебохуьйту царна. Керла нах богӀу, мах кхин а хьалабаккхаре сатуьйсуш, хӀунда аьлча, мемаш стигал хьалайаха таро йолуш хила тарло. ХIорамммо а ойла йо: хӀинца мах лакхабер бу, ткъа ас уггаре а лакхахь йухкур йу олий. Ткаъа и дан цхьанна а аьтто ца хуьлу", - аьлла жамI дира цо.
И тайпа проекташ дӀакхайкхош йолчу цӀейахначу нахана ахча даккхаран масех схема хила тарло. И кхоьллинчийн тобано спортсменан менеджершна реклама йарна хьалхха цхьа билгалбьаккхина мах кховдийна хир бу, йа тIехиллачу пайданах дакъа дийр ду "дарста а дай, йукъа кхосса" ("Pump and dump") – аьллачу схемехула. Ишта хила тарло, эххар а цу проектан куьйгалхочунна цунах хӀумма а ца кхаьчна хила а, билгалдоккху Руслана.
"Pump and dump" — иза манипуляцин практика ю, цуьнан буха тIехь актив нахалайоккхар ду. Схема бохург ду криптовалютин доккхаха долу дакъа и схема йукъайаьккхинчара дIаэцар, и бахьанехь мах хьалабоккху бу, ткъа тIейог1учу хенахь кхин а цу йукъа нах ийзабо жигара реклама а йеш, дукха хьолахь цӀеяххана нах юкъа а балош. Агрессиван маркетинган жамӀехь дуккха а кегий инвесторша оьцу и актив, цуьнан мах кхин а лакхабаларе сатуьйсуш. Цхьана билгалчу тӀегӀанехь схема вовшахтоьхначара пайда а оьцуш, шайн бахамаш схьабоху, цхьана хенахь мах охьа а боккхуш. И схема низамехь йац ламастан финансийн бахарашкахь.
Йуьхьанца оцу ахчанан дукхахйолчу транзакцешна ахча луш хиллачу Smash кхоьллинчарна гергарчу шина бохчера 270 эзар доллар доьхкира. И барам хаъал совбаьлла йуьхьанца йинчу инвестицийн барамал а, иза машанера арадаккхаро мехаш охьадехира, хааделира ЗачХБТ-на. Цул сов, хӀинца а йу тобанца йоьзна йолчу чоьташ тӀехь активаш, цара "муьлххачу хенахь а йохка йиш йолуш" йу уьш.
Кавказ.Реалии сайто йозанца дехар дахьийтира Чимаев Хамзатан куьйгалхочуьнга Мехьди Шаммасе, Smash йохкарх цунна пайда хиллий а, цу проектехь дакъалацар рекламан контрактца дозаделла а дарий дуьйцуш, жоп лахьара аьлла. ХIара текст зорбане йоккхучу хенахь цхьа а жоп ца кхаьчна.
КадыровгIеран доьзалан шайн латархо
Кадыров Рамзана критика йира гIуран-баттахь нохчийн спортхойн а, блогерийн а аккаунташ тӀехь шеконе рекламаш йарна. Цо дош деллера "къоман гӀиллакхашца а, Ӏадаташца а догӀуш доцчу кепехь лелачу нахаца" луьра болх бан.
Цул а хьалха республикерчу Ӏедалца цхьаьнакхетаре кхайкхинера гӀарабевлла спортан блогерш Тамаев Асхьаб а, Эмиев Ӏарби а. Цара дош делира, "шеконе рекламаш а ца йеш, шайн бизнес-проекташ кхочушъян". ХӀетахь интернет-казинош йовзийтарх лаьцна дара иза, хьалхо цуьнан тидам бира цензурица болх бечу "Кхерам боцучу интернет-лиган" куьйгалхочо Мизулина Екатеринас.
Чимаевн Кадыровца йолу зӀе къайле яц: 2022-чу шеран стигалкъекъа-баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо спортхочунна сийлахь той хIоттийра, цо зуда йалийча. Украинехь тӀамехь меттигерчу бахархошна юкъахь эшамаш хилар бахьана долуш, республикехь даккхий даздарш вовшахтохар дуьйцуш доцуш дихкинчу хенахь дара и. Цул совнаха, Кадыровс лаххара а кхоъ Mercedes йеллера латархочунна, тӀаьххьарниг Дубайхь хиллачу UFC турнирехь цо толам баккхарца доьзна Соьлж-ГӀалахь шен цуьнца цхьаьнакхетар хиллачул тӀаьхьа йелира. И латар чекхдаьлча, Чимаевс Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга дехар дира шена Палестинехь "бусулба вежарийн дуьхьа вала" пурба лахьара аьлла, ткъа цо иза шен резиденце дӀавигира шен долахь долчу кеманца.
Дуьненан т1ег1анехь UFC-н латархочуьнан статус йолуш ву Чимаев. Ткъа кхузахь цунна мегаш ду кхечарна ца мегаш дерг а
Кадыров Рамзана комментари ца йира Чимаев Хьамзата шеконечу криптовалютан реклама йеш дакъалацарна а, цунна гонаха хиллачу скандална а. Цул тӀаьхьа Тамаевца а, Эмиевца а йоьзна хиллачух тера реакци хиларе сатуьйсийла яц, бохуш дуьйцу Европехь вехачу "Цхьааллин ницкъ" олучу ичкерихойн боламан куьйгалхочо Сулейманов Джамбулата.
"Кадыровс шен рожана пропаганда йеш иза тIетийжа нах бу. Ткъа Чимаев а ву оцу нахалахь. Оцу доккхачу кулисашна тӀехьарчу ловзарехь фавориташ а бу, ткъа иштта гергара боцу нах а бу. Ткъа къаьсттина царна т1ехь шога терго йу латтош, эр вай, масала, бизнесхошна т1ехь а санна. Чимаевн дуьненан тӀегӀанехь UFC-н латархочун статус йу. Ткъа кхузахь цунна бакъо ю кхечарна ца мегаш долу хӀуманаш дан а", - бохуш, кхетадо къамелхочо.
Чимаев Хьамзатах Кадыровн Ӏедалан пропагандин Ӏалашонашца пайда эцар а чӀагӀдо оппозицин блогеро Абдурахманов Тумсос. Цо дагалоьцу, чиллан-баттахь Европерчу пачхьалкхашкахула туре вахана хилар спортхо, цигахь нохчийн орамаш долчу латархошца цхьамогӀа цхьаьнакхетарш а дӀадаьхьира цо. Абдурахмановс бахарехь, оцу кепара Чимаевн таро йу Оьрсийчоьнан Федерацин дозанал арахьа Нохчийчоьнан куьйгалхочо бохург а, цуьнан дехарш а дӀакхайкхо.
Хила тарлучу цхьаьнаболхбаран иллюстраци санна даладо блогеро ММА-н латархочо Макаев Байсангура Стокгольмехь хиллачу турнирехь гайтинарг: цо толам баьккхинчул тӀаьхьа, нохчийн байракхах хьаьрчина, Чимаевца цхьаьна сурт даьккхинера цо.
- Хьалхо Чимаев Хьамзат хаавелира бардан Муцураев Тимуран иллешка ладоьгӀуш, Оьрсийчохь цуьнан дуккха а композициш экстремистийн йу аьлла дихкинчу иллешка.
- 2022-чу шеран г1адужу-баттахь дӀайаьхьначу UFC 280 турнирехь дов иккхира Чимаевн а, дагестанхойн спортхочун Нурмагомедов Хьабибан вешин Абубакаран а. Цул хьалха Чимаевс чӀагӀо йинера Нурмагомедовна "ватIор ву" ша иза аьлла. Оцу тIехула шен вешина тIехIоьттинера ваша.
- Кадыровс омра динера, шена гергахь бехкеболчу республикин дозанал арахьа бехачу Нохчийчоьнан бахархошна дуьхьал таӀзар даран кепаш юхаметтахӀиттон йеза аьлла.