Никъабашна тIехула саццаза къийсамаш латтор а, ГIебарта-Балкхаройчуьра "шариIатан патруль" а, "Францера нохчийн Йукъаралло" кхайкхам бина шайн махкахо вер таллар тIедожош, UFC-н нохчийн латархочо Чимаев Хьамзата тIе ца дуьту, ша криптовалютица курхаллаш лелор, ткъа Кадыровн критикаша дIахьедина Нохчийчохь кхин а дуккха а нах лецарх.
Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:
Никъабаш: Дагестанехь, Къилбаседа ХIирийчохь + ГIебарта Балкхаройчуьра шариIатан патрулаш
Дагестанерчу бусулба нехан динан урхаллехь дӀадаьккхина фатваш луш, маслаӀат деш долу дакъа. Хьалхо оцу урхалло дуьхьало йинера никъаб лелор дехкарна. Иза бӀостане дара мехкан муфтийна Абдулаев Ахьмадана хетачуьнца.
Фатван дакъа дӀадаккхарх кхетийра, "шен хеннахь заманца догIучу хеттаршна жоп дала" уьш кийча ца хиларца. Ма-дарра аьлча, и бохург хӀун ду - билгал даьккхина дац. Амма тӀаьхьо республикерчу муфтиято ма-дарра тӀечӀагӀдира и сацам никъабаш лелор дехкаран хаттарца боьзна хилар – "иза лелор кху заманца бӀостанехьа тӀеӀаткъам беш ду" аьлла. Цаторийла хилахь бусалба зударшна магийна йовлакхан тIомаца йа мох тухучу хIуманца йоьхь къайлайаккха, аьлла ду шариӀатан сацамехь.
Дагестанехь цхьана ханна динан духар дехкар йукъадаьккхира мангал-беттан 23-чу дийнахь синагогашна а, килсашна а герзшаца тӀелатарш динчул тӀаьхьа. ХIетахь вийра 22 стаг. ТӀелатар динчу нахах цхьаъ никъаб йоьхна ведда вала дагахь хилла боху хаамаш официалехь тӀечӀагӀбина бац – делахь а, и духар дехкарна тIетайра Къилбаседа ХӀирийчохь а цхьаьна. Оьрсийчоьнан синкхетамах а, динан цхьаьнакхетараллех а лаьттачу низамо официалехь бакъо ца ло иза юкъадаккха аьлла, дӀахьедина меттигерчу динан урхалло.
Ала дашна, оцу низамо ца сацийра Кхарачой-Чергазийчоьнан муфтият а, никъаб лелор дихкира цигахь товбеца-беттан 4-чу дийнахь. Кху кӀиранах гучуделира, и дехкале хьалха а полисхоша школашкара "динан духар" лелош болчу дешархойх а, хьехархойх а лаьцна информаци йехна хиллера. Цул совнах, ницкъаллин структурийн бала кхаьчна "дине шатайпа хьежамаш" хиларна урокашка ца богӀучаьрца а, Оьрсийчоьнан гимн лакхарна а, байракх айъярна а резабоцучийн а. Цара оцу хаамашца хӀун дийр ду хууш дац, амма полицино тIедожийна оцу тептарехь болчу массарех лаьцна а телефонаш билгалйахар а.
Оцу юкъанна ГӀебарта-Балкхаройчохь тӀечӀагӀдина меттигера итт вахархо шариӀатан патрулехь дакъалацарна лаьцна хилар. Официалан версица, 2017-чу шарахь дуьйна Тырнауыз-гӀалахь урамашкахь нехан лелар тергонехь латтош хиллера лецначара – лаххара а 14 стаг лазийна церан карах, цхьаболчарна гIожмашца
"Францера нохчийн Йукъаралло" кхайкхам бина шайн махкахо вер таллар тIедожош
Товбеца-беттан 7-чу дийнахь Францехь велла нохчийн мухӀажар Тайхаев Ислам - Кахорс гӀалахь цунна йиттинера ши де хьалха. "Францерчу нохчийн йукъаралло" тӀедожийра Ӏедалшна и зулам сихонца таллар а, республикера мухӀажарш кест-кеста охьаховшучу кхечу кӀошташкахь кхерамазаллин тидам бар а.
Товбеца-беттан 5-чу сарахь маьхьаршца лела кегийрхойн тоба тейан гӀоьртира Тайхаев, и бахьана долуш кхетамчуьра валлалц йиттина хиллера цунна аьлла, дийцира Францерчу нохчийн йукъараллин президенто Магомадов Рамзана (Басхан). Тайхаев коме вахийтира, амма иза кӀелхьарваккха аьтто ца баьлла. Юкъараллин организацино кхайкхам бина мехкан ницкъаллин органашка и зулам сихонца таллар доьхуш.
"Дукха хьолахь наркотикаш йухкучу нехан бехках а, кхечу зуламан бахьанашца бала хьоьгу нохчаша, шайн менталитет бахьанехь, шаьш дехачу кӀошташкахь хуьлуш долчунна бӀаьргаш къовла йиш йоцуш хиларна", - элира диаспоран векало.
Магомадовс ишта бохура, 2024-чу шарахь оханан-баттахь Мирамас-гӀалахь цу кепарчу хьелашкахь 18 шо долу нохчо Мажидов Асхьаб велла аьлла. Францерчу хаамийн гӀирсаша а цхьаьна яздира иза валарх лаьцна.
Адамийн бакъонашларйаран Amnesty International вовшахтохаралло кхайкхам бина Европерчу пачхьалкхашка Къилбаседа Кавказера мухӀажарш Оьрсийчоьне дӀа ма ло аьлла. Францехь а, Германехь а, Польшехь а, Румынехь а, Хорватехь а Ӏедалхоша хӀинцале а махкахбаьхна тховкӀело йоьхуш болу нах, билгалдаьккхина рапортехь. Цу нахах дукхахболчарна "кхераме экстремисташ" цӀе тиллинера церан динан, къоман билгалонашца, боху бакъонашларъярхоша. Ишта шеконаш йара бакъонашларйархойн, царна тӀехь даймахкахь Ӏазап латтон, сийсазаллаш лелон тарло, йа Украинана дуьхьал тӀаме хьовсон а хьесап ду, бохуш.
Чимаевс бакъ йа до криптовалютица хьарамлонаш лелор
Нохчийчуьра схьаваьллачу ийначу кепехь латарийн спортхочо Чимаев Хамзата зорбане йаьккхина шеконечу криптовалютан реклама, цуьнан тобано бакъ ца до латархочо оцу бозбуанчалин схемашкахь дакъалацар.
Спортхочо йовзитйина шен Smash криптовалюта шен агIоне йазбеллачарна- Чимаевс реклама йинчул тIаьхьа цуьнан мах хьалабаьлла 1,35 долларшка, ткъа 24 сахьт далале 90% сов охьабаьлла. И бахьана долуш миллион гергга ахча даьккхина и схема вовшахтоьхначара, йаздо Sport24 телеканало. И бахьана долуш фанаташа бехке вина латархо криптобозбуунчаллаш лелорна, яздо LowKick MMA портало. Дукха хан ялале Чимаевс дӀаяьккхира и реклама тӀехь йолу видео.
Латархочунна гонах хиллачу скандална комментари йина цуьнан куьйгалхочо Мехди Шаммас. Цо дӀахьедира, шена цхьа "нах тӀебаьхкинера", шаьш Чимаевн фанаташ ду аьлла: "Царна лаьара шайн проектан реклама йан йоцца видео дӀаязйан Со реза хилира оцу гӀуллакхана. Цара со Iехийна хила а тарло. Хьамзат оцу гӀуллакхна юкъагӀерташ а вацара, хьуначул кхин сов хууш а вац иза". Латархочун векало тIетуьйхира, "жоьпалле болчу наха цунах лаьцна шаьш кхеторе хьуьйсуш ду" аьлла, иштта гечдар дийхира Чимаевга.
Чимаев Хамзат Нохчийчохь вина, шен 18 шо долуш эмиграци йира цо Швеце. Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца йолу юкъаметтигаш бахьана долуш масийттазза ира критика йина цунна. Ӏаьнан муьрехь Чимаевс Ӏамийна Нохчийчоьнан куьйгалхочун кӀентий уьш 16 шо долчу Кадыров Ӏелица цхьаьна гуш бара Тайландехь. Ша Чимаевс иштта дийцира шен Кадыровца йолчу юкъаметтигех лаьцна: "Нагахь санна паччахьо соьга схьавола, шеца делкъанна хӀума яа аьлча, со гIур ву иза волчу".
Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца доттагIалла лелош ву бохуш, масийттазза йемалвира латархо. "Нагахь санна, Чимаев Кадыров санна болчу нахана тIетовш велахь, цуьнан шен куьйгаш а хир ду цIийх дуьзна", - бехира, масала, UFC-н латархочо Блахович Яна полшхойн спортан газете.
Кадыровн критикаша дIахьедина Нохчийчохь нах лечкъорах
Дозанал арахьа бехачу Кадыров Рамзанан Ӏедална критика йечара хаам бира Нохчийчуьрчу Шела кӀоштан дуккха а бахархой ницкъахоша дӀабигарх лаьцна. Кхечу хьостанашкара и хаам тӀечӀагӀбина бац.
Оппозиционераша дийцарехь, верриг а лачкъийна 30 гергга стаг, зорбане йаьккхина итт стеган цӀе – оццу фамилешка хьаьжча, уьш бу АхматхановгӀеран а, ДжаватхановгӀеран а шина доьзалера нах. Кхечу хьасто цӀе яьккхина лачкъийна бохучу кхин а шина Джаватхановн, царех цхьаннан I4 шо ду боху. Иштта де хьалха хаам баьржира Соьлжа-ГӀалин гергарчу Гикало юьртахь Исаев фамили йолчу шина лачкъийначух лаьцна, ткъа товбеца-беттан 6-чу дийнахь – Шелахь Домбаев Ӏабдуррахьман лачкъийна хиларх лаьцна а.
И нах лечкъоран бахьанаш хууш дац, Нохчийчоьнан куьйгалхочо а, махкара бакъоларйаран органаша а, меттигерчу пачхьалкхан зорбанаша а бина хаам бац Шела кIоштахь рейдаш дIайахьарх.
Дагадоуьйту, хьалхо товбеца-беттан юьххьехь махкал арахьа вехачу оппозицин нохчийн блогеро Халитов Хьасана дӀакхайкхийра республикехь шен да а, ши ваша а лачкъийна хиларх лаьцна. Иза кхоьрура Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен гергарчаьрга бала хьегийтарна.
Мангал-бутт бовш дийца даьккхира, Дагестанехь герзашца тӀелатарш дарца доьзна Нохчийчохь рейдаш йина аьлла. Уьш йолийра Кадыровс "юкъараллин кхерамзалла ларъярехь болх чӀагӀбар, терроризмана а, динан экстремизмана а дуьхьало яр" тӀедожийначул тӀаьхьа. Иза дуьххьалд1а "Дагестанехь хиллачу бохамечу хиламашца" дузура цо. Ницкъаллин структурийн белхахошна тӀелетарш дечу нехан гергарчарна чIир кхайкхор йу, уьш бойур бу аьлла кхерамаш тийсира Кадыровс.
Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте: