Кавказан инвестицийн форуман сцени тӀера бехк баьккхина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана финансийн министраллан куьйгалхочуьнга Силуанов Антоне республикехь Оьрсийчоьнан турпалхошна дала федералан ахча ца тоарна. И гӀоьналлин барам регионан тӀегӀанехь тӀеэцна 2014-чу шарахь.
"Массарна а моьтту, пачхьалкхо тхуна дуккха а ахчанаш ло. Адам кхетийта, оха Оьрсийчоьнан Турпалхошна 10 эзар соьмаш дIаделла бюжетера. Господин Силуановс тхуна дихкина ахча далар, официалехь кехат дахьийтина, Оьрсийчоьнан Федерацин турпалхошна 10 эзар соьмаш ма ло аьлла. Иштта ду-кх регионийн бюджеташца дерг, къаьсттина Нохчийчоьнан бюджетца дерг. Ткъа массарна а моьтту, Нохчийчоьнна цунна луъучу барамехь ахчанаш кхочу аьлла, - дIахьедира Кадыровс.
Нохчийчоьнан куьйгалхочо хьахийна гӀорторан барам Нохчийчоьнан Ӏедалан омрица юкъабаьккхинера 2014-чу шеран мангал-баттахь. И документ тIетевжира оццу шеран йуьххьехь республикехь тIеэцначу Советан Iедалан а, Оьрсийчоьнан а Турпалхошна, сийлаллин орденийн кавалерашна а, церан доьзалхошна а социалан гIо дарх кхин а барамаш тIеоьцучу низамна. Лур ду аьлла 10 эзар соьмаш хIора шарахь Нохчийчоьнан финансийн министраллин бюджета йукъа дахийта дезаш дара, цул тIаьхьа Москвара коьртачу министраллин аппарате дIа а кхачош, аьлла ду бинчу сацамехь.
Оьрсийчоьнан турпалхошна а, къинхьегаман турпалхошна а луш долу ахчанаш лелаш ду федералан тӀегӀанехь а, тидам тӀебохуьйту "Проект" гIирсо. Стохка оханан-баттахь цуьнан регистраци автоматикехь йира, дехархочун дехар а доцуш: Оьрсийчоьнан йа Советан пачхьалкхан турпалхошна гӀо даран барам 83,5 эзар гергга бу баттахь.
Дуьххьара дац Кадыров Рамзана федералан хьаькамашка бехк боккхуш, ахча ца тоарна. 2016-чу шеран гIадужу-баттахь цо дуьхьал къамел дира финансийн министралло Нохчийчоьнан бюджет лахъяран хьокъехь кховдийначунна, ткъа ма-дарра дӀахьедира, оцу хьолехь Путинан "май беттан омранаш" республикехь кхочушдан аьтто хир бац аьлла.
2018-чу шеран гIуран-баттахь цо латкъам бира, шайна юкъагӀерташ ца хиллехьара, ахчанаш кхачор лах а ца динехь а, Iедалхоша республика кхиош дуккха а хIума дина хир дара аьлла. 2023-чу шеран лахьан-баттахь финансийн министралло хьийхира, Нохчийчоьнан а, Дагестанан а, ГӀалгӀайчоьнан а, Тыван а, Украинин оккупаци йинчу йеа регионан а куьйгалхой декхаре бар регионийн бюджеташкахь дефицит хиларна. Нохчийчохь цул тӀаьхьа дӀакхайкхийра республика субсидех йозуш хиларх.
- Нохчийчоьнан бюджете чудогӀу федералан ахча Кадыровн Ӏуналла дечу кхаа компанехула схьадоккху – царах доккхаха долу дакъа схьаоьцу бюджетан организацешца контракташкахула, цул тӀаьхьа долахь болчу нахехула схьадоккху. Нохчийчохь бюджетан ахча схьадаккхаран схемех ма-дарра зорбане даьккхира компанийн финансийн хьесапаш толлучу "Проект" цӀе йолчу зорбанан гӀирсо.
- 2022-чу шеран дечкен-баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дӀахьедира, республикана ахча латторна шарахь мехкан федералан бюджето 300 миллиард ахча дойу аьлла - тӀаьхьо цо цӀе яьккхира кхин а боккхачу барамехь – 375 миллиард ахча аьлла. Цул тӀаьхьа Кадыровс терахьаш цхьаьнадогӀуш цахиларх кхетийра регионан консолидацин бюджетан а, "федералан гӀоьналлин" бараман а башхаллаца.
- Регионан парламентан куьйгалхо ша волчу хенахь Даудов Мохьмада дIахьедира, Украинаца тIом болабелчхьана республикехь тӀеман гӀуллакхашкахь дакъалацарна дайина 32,57 млрд сом аьлла. Цхьана оханан-баттахь йина харжаш йу - 1,37 миллиард сом.