ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнан туризман министро Кадыров Рамзан мехкан "коьрта бренд" йу аьлла


Кавказан инвестицийн форумехь ву Кадыров Рамзан
Кавказан инвестицийн форумехь ву Кадыров Рамзан

Нохчийчоьнан туризман министро Байтазиев Муслима республикан куьйгалхочух Кадыров Рамазанах цуьнан "коьрта бренд" аьлла. Соьлжа-ГӀалахь дӀахьочу Кавказан инвестицийн форумехь вистхуьлуш элира цо иза. Кадыров Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн а, Евробертан а, кхин а масех пачхьалкхан а санкцеша лаьцна ву, Нохчийчохь адамийн бакъонаш хIоразза а йохош хиларна а, Оьрсийчоьно Украинана дуьхьал бечу тӀамна а юкъахь хиларна.

Байтазиевс динчу дӀахьедарийн тидам бина "Агентство" хьасто, цо зорбане яьккхина Нохчийчоьнан туризман бренд йовзуьйтуш йолу видеоролик. Хьаькамо камел дира презентаций еш. "Нохчийн Республикан цхьа бренд а, цхьа хатӀ а, цхьа шарм а ю, ткъа, суна хетарехь, хӀара ю коьрта бренд" аьллачу дешнашца цо схьайиллира Кадыровн сурт тIехь долу слайд: "Кадыров Рамзан Ахматович – и йу-кх бренд" аьлла.

"ХӀара баккъалла а бренде вирзина стаг ву, и бренд йеххачу заманчохь лаьттар йу. Оцу брендо баккъалла а гайтира нохчашна баха хууш хилар, баха лууш хилар, кхолла лууш хилар", - аьлла тӀетуьйхира Байтазиевс.

Оцу йукъанна презентаци йеш лелийна сурт, 2020-чу шеран стигалкъекъа-баттахь даьккхина ду – хӀинца регионан куьйгалхо кхечу кепара ву, и дузу цуьнан могушалла эгIарца.

Кхаа денна хIоттийна Кавказан инвестицийн форум (КИФ) дӀайолаелла Соьлжа-ГIалахь республикашкарчу проекташка инвесторийн шовкъ хилийта лерина йу и. Ша Нохчийчоь аутсайдер юьсуш ю инвестицеш шена тӀеозош хиларан а, экономика кхиоран а рейтингашкахь дуккха а шерашкахь. Оццу хенахь федералан форум регионан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна персонале пиар ян майда санна кхоьллина йара, билгалдоккху эксперташа Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь.

  • Нохчийчоь аутсайдер юьсуш ю белхазаллица а, банкроташца, хьехархойн алапашца, пенсешца, барамца а, банкашкахь дуьллучу ахчанан барамца а, бахархойн Iер-дахаран хьолаца а.
  • Нохчийчохь туризм кхион дуьхьало йечу бахаьнашлахь лору говзанчаша индустри кхиаза хилар а санна, регионан а, цуьнан куьйгалхочун а негавтиве имидж а. Кест-кеста хаамаш кхочу Нохчийчуьра кхел йоцуш нах байъарх, къайлахчу набахтех, нах лечкъорах а. Ткъа Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн, Японин, Израилан, цхьа могIа кхечу мехкийн а Iедалхоша хьоьху шайн бахархошна Къилбаседа Кавказе ца лестар, цигахь терроран кхерам латтарна а, кхечу пачхьалкхашкара нахаца гамо лело тарлуш хиларна а.
  • 2017-чу шеран дечкен-баттахь Магнитскийн санкцийн тептарна йукъа вахийтира Ӏамеркан финансийн урхалло Нохчийчоьнан куьйгалхо. Департаменто жоьпе озийра иза кхел йоцуш нах байарна а, гӀело йарна а, кхин долу дуьненаюкъара къобалйина адамийн бакъонаш къиза а, хIоразза а йохорна а. 2022-чу шарахь Ӏамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан финансийн министралло керла санкцеш йехира Кадыровна дуьхьал. Цунна а, цуьнан доьзална а, лаккхарчу даржашкахь болчу хьаькамашна а дуьхьал санкцеш кхайкхийра Украина, Евросоюз, Япония, Новая Зеландия, Канада.
  • Украинин Кхерамзаллин Сервисо таллам болийна Кадыровн хьокъехь, цунах шеко йу пачхьалкхан бехктакхаман кодексан кхаа артиклехула: къиза тӀом барх а, пачхьалкхан дозанан цхьааллина тӀелатар дарх а, Оьрсийчоьно Украинана дуьхьал герзаца йина агресси бакъйарх а. Кадыровн нах – республикан куьйгалхочо шен Ӏуналлехь латточу дакъойн эскархой – бехкебо Украинехь цхьа могӀа тӀеман зуламаш дарна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG