ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Wildberries маркетплейсаца доьзначу йохка-эцаран девна йукъагIоьртина Кадыров


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Бизнесхочун Бакальчук Владиславан шен хIусамненаца, Оьрсийчохь уггар а йаккхийчех йолчу Wildberries маркетплейсан долахочуьнца Бакальчук Татяьница хиллачу къовсамехь "йист йаккхалц" ша къарлур вац аьлла Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Конфликт йоьзна йу арахьара реклама йечу Russ операторх Wildberries цхьаьнатохарца, президенто Путин Владимира къобалдина дара и. Ишта Бакальчук Татьяна шен хIусамдах дIакъастарца а.

Кадыров Бакальчукца цхьаьнакхийтира шен Соьлжа-ГӀаларчу резиденцехь. Телеграм-каналехь зорбане яьккхинчу видео тӀехь совдегаро латкъамаш бо, "шен хӀусамнана цӀера ара а йаьлла, хIун йу ца хуучу компаних кхетта, шаьш цхьаьнакхетта а бохуш, бизнес схьайаккха хьийза уьш, активаш а дIайохуш йу" аьлла.

Цунна жоп луш, Кадыровс дош ло "хӀара пачхьалкхан куьйгалле дӀакхачор ду" ша олий, дӀахьедо, "активаш цӀа йерзон йеза, зуда а шен цӀа йан йеза" аьлла.

Видеоца цхьаьна йазйинчу текстехь хьаькамо чӀагӀдо, Бакальчук Татьяна "рейдерша шен майрачух а, ворхӀ берах а дIакъастийна", ткъа цхьаьнакхетаран барт "рейдерийн эхь доцуш лелар" а, "юридикан махинацеш" а йу аьлла. Цунна бехкево Russ -н куьйгалхо Мирзоян Роберт, цуьнан ваша Мирзоян Леван а, "масех вевзаш волу кавказхо" а.

Цо дийцарехь, "шайн рейдерийн махинацешца бевзаш болчара, оцу низамехь доцчу гӀуллакхашна юкъагӀертачара а и процесс сацо йеза, Владиславан зуда а, бизнес а цIа йерзон йеза". Ткъа иза кийча ву и гIуллакх кхочушдан "йист йаллалц"

Кадыровс тӀедиллина Нохчийчоьнан цIарах Пачхьалкхан Думин депутатна Делимханов Адамна "хаттаран йистйаккхар". Цо оцу сохьта шен телеграм-каналехь йаздира, тIедахкарш "маса а, бӀе процентана а кхочушдийр ду" ша аьлла.

Кадыровс Бакальчуках "доттагӀ" олу, 10 шо ду шаьш девзина бохуш, чӀагӀдо, амма йиллинчу хьасташкахь уьш цкъа а вовшахкхетарх лаьцна цхьа а информаци йац. Муьлхачу буха тӀехь йукъагӀерта регионан куьйгалхо экономикан девнна, цу декъахойн Нохчийчоьнца цхьа а йукъаметтиг а йоцуш, ца дийцира цо.

Бакальчук Татьянас шен майрачо динчу дӀахьедаршна реакци йира, Нохчийчоьнан куьйгалхочо дина дӀахьедарш тергал а ца деш. "ХӀара рейдерша дӀалацар дац, хӀара вай дIасакъастар ду", - РБК-но далийна Wildberries пресс-сервисан дешнаш. Бакальчука чӀагӀдо, Russ-ца барт бар Бакальчукца дийцаре дина а ду, цхьаьнатоьхначу компанин презентацихь а иза хилла ву бохуш.

Пресс-сервисо тӀетоьхна, "дӀасакъастаран процессан бахьанаш а, эмоциналан деталаш а бизнесан публикацийн гIуллакх долуш хIума дац" аьлла.

Forbes журналан хьосташа дийцарехь, товбеца-бутт болалуш Wildberries компанера Бакальчук Владислав дӀавахана, ткъа Бакальчук Татьяна кхин а хьалха дӀайахара доьзалера. ХӀинца ООО "РВБ"- Wildberries-н а, Russ-н а йукъара компани йу, цуьнан куьгаллехь ву, массо а кепара коьрта сацамаш тIеоьцу Мирзоян Роберт. Куьйгаллера нах балхара дӀабохуш бу, цу компанера дӀабаханчу белхахойн метта схьаоьху Russ-ра нах. Иштта балхара дӀаваьккхина "Вайлдберриз" банкан куьйгалхо а.

Мангал-баттахь Forbes журнало хаам бира, Ӏедало къобалдина Wildberries а, Russ а цхьаьнатохар, и барт тӀечӀагӀбина Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира а аьлла. Цо шен администрацин куьйгалхочун гӀовс волчу, экономикан министр хиллачу Орешкин Максимна тӀедиллира иза шен тергонехь латтор. Цуьнца йогӀу резолюци Путина хӀоттийра Бакальчук Татьяне а, Мирзоян Роберте а йаздинчу кехат тӀехь, цу тӀехь цара чӀагӀдора, цхьаьнатохарца Оьрсийчоьнан ВВП шарахь 1,5% совйоккхур йу аьлла.

"Коммерсантан" а, "ВЧК-ОГПУ" телеграм-каналан а хаамашца, уьш цхьанатухуш барт бар оьшуш хиллачух тера ду Дагестанан цIарах сенатор волчу, миллиардер волчу Керимов Сулейманна а, ГIалгIайчоьнан цIарах Оьрсийчоьнан парламетехь депутат волчу Барахоев Бекханна а. Хьалхо иза вузуш вара Russ компаница.

Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретаро Песков Дмитрийс жоп делла РБК-н хаттарна, Кремльна ца гина Кадыровс Wildberries компани "рейдерийн дӀалацар" ду аьлла дина дӀахьедар.

  • Делимханов – Кадыров Рамзанан ненехула гергара стаг ву, цуьнан цхьахволу уллора бIанакъост а ву. Делимханов Адам вузу бакъоалрйархошна а, жигархошна а, Нохчийчоьнан куьйгалхочунна луьйш болчарна а тIаьхьавийларна, иштта масех стаг цуьнан тIедилларца верца а. Уггар а гIарадаьллачу гIуллакхех дара – Оьрсийчоьнан оппозицин политик Немцов Борис 2015-чу шарахь Кремлан пенаш хьалха вер. Криминалца воьзна хила тарло, ишта Украинана дуьхьал болийначу шуьйрачу тIамехь дакъалоцуш а ву аьлла Делимхановна дуьхьал йаьхна дуьненайукъара санкцеш. Оппозицин политико Яшин Ильяс "уггар кхераме Оьрсийчоьнан депутат" ву элира Делимханов, ткъа оппозицин политик хиллачу Навальный Алексейн агIончаша чIагIдора, доллу дуьненчуьра нохчийн диаспорашна тIехь куьйгалла дийриг и ву, шен "криминалан а, экономикан а потенциалах пайда а оьцуш".
  • Бакальчук Татьяна – Оьрсийчьура уггар а хьал долу стаг йу, Forbes-о хIоттийначу пачхьалкхера уггар а хьал долчу нахах тептарехь 22-гIа меттиг дIалоцу цо. Цуьнан бахам – 7,4 миллиард долларшкахь бу. Бакальчук йу шеггара Wildberries маркетплейс а , "Вайлдберриз Банк" а схьайиллинарг. РБК тIетовжучу ЕГРЮЛ-н реестран зерашца, маркетплейсан 99 процент цуьнан йу, ткъа цуьнан хIусамдена кхочу 1%. Бакальчук Татьянина а, Владиславна а Украино санкцеш тоьхна тIом а балале хьалха, цул тIаьхьа Польшин Iедалхоша а йехира царна дуьхьал санкцеш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG