ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Германихь вийначу тIемалойн командиран Хангошвилин доьзална хууш ца хилла Красиков хуьйцуш хиларх


Хангошвили Зелимханан суьрташца Тбилисера Германин векалтана хьалхара митинг
Хангошвили Зелимханан суьрташца Тбилисера Германин векалтана хьалхара митинг

Берлинехь вийначу нохчийн тIемалойн буьйранча хиллачу Хангошвили Зелимханан доьзалшка немцойн Ӏедалша хаам ца бина, иза верна велла дӀаваллалц набахтехь яккха хан тоьхна волу Красиков Вадим хийцарх лаьцна. Хангошвилих йисинчу зудчо Циатиева Мананас (Раиса) хаам бина цунах лаьцна Кавказ.Реалии сайте.

Цо бахарехь, Красиковна тӀехь кхел йоьдучу хенахь дуьйна дуьйцуш хилла хийцарх лаьцна хабарш, цул тӀаьхьа адвокаташа иза хила тарлуш дац аьллера. Кхелан сацам бинчул тӀаьхьа цара хьахийра, хӀинца а Оьрсийчоьнан агент хийца йиш ю шайн, амма цул хьалха цо шена тоьхначу хенан доккхаха долу дакъа чохь даккха дезар ду аьлла.

"Хийцарх лаьцна тхоьга цхьаммо а хIуммаъ а хаьттина дац. И хийцар нисдаларо дIагойту, сингаттам хиллачу нахана хетарг Германин Iедалхошна бен-башха доций", - дIахьедина йиссинчу зудчо.

Хьалхо "Frankfurter Allgemeine Zeitung" газето хаамбира, федералан прокуратурехь "чам байна" Ӏедало Красиков Вадим маьршавоккхуш сацам барна. Немцойн Ӏедало а цхьана комментари йира оцу сацамна: "Федералан Ӏедало и сацам ца бина йеххачу хенахь ойла а ца йеш. ТаIзар динчу зуламхочун хьокъехь пачхьалкхан интерес хилар дуьхьалхIоттийра Оьрсийчоьнан набахтешкахь латточу политикан тутмакхийн маршонна, могушаллина, цхьаццайолчу меттигашкахь бехке боцчу нехан дахарна а. Коьрта бахьанаш хилира тхуна Герамнаин бахархой Iалашбар, Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташца цхьана хилар а".

Мангал-беттан 1-чу дийнахь тутмакхаш хийцира Малхбузерчу пачхьалкхаша а, Оьрсийчоьно а. Оьрсийчохь а, Беларусехь а колонешкахь латтош вара 16 стаг, уьш хийцира малхбузерчу набахтешкахь хиллачу 8 Оьрсийчоьнан вахархочуьнца.

Хийцаран гурашкахь Оьрсийчоьно маьршабаьхна оппозиционераш Кара-Мурза Владимир-жимахверг а, Яшин Илья а, Пивоваров Андрей а, Останин Вадим а, Фадеева Ксения а, Чанышева Лилия а, бакъонашларъярхо Орлов Олег а, Маршо Радион а, WSJ а журналисташ Курмашева Алсу а, Гершкович Эван а, суьрташдахкархо Скочиленко Александра а, Ӏамеркан гӀашлойн эскархо хилла Пол Уилан а, Германин бахархой Крёгер Рико а, Шебель Патрик а, Мойжес Герман а, Дитер (Демури) Воронина а, Кевин Лик а.

  • Ичкерин маршонехьа къийсам латтийна гуьржийн вахархо, нохчийн къомах волу Хангошвили Зелимха терроризмна бехке а вина, Оьрсийчоьно лехамашка веллера. Ша винчу Гуьржийчохь масийттазза вен гӀоьртинчул тӀаьхьа, 2016-чу шарахь Германе тховкӀело йехнера цо. 2019-чу шарахь мангал-беттан 23-чу дийнахь Берлинерчу Тиргартен олучу паркехь герз тоьхна вийра иза.
  • Дукха хан йалале лецира иза вийнарг - харц кехаташца лелаш хилла Оьрсийчуьра Красиков Вадим вара иза. Журналисташа-талламхоша дийцарехь, и стаг Оьрсийчоьнан ФСБ-ца воьзна хиллера. 2021-чу шеран дечкен-баттахь Берлинера кхело тIечIагIдира Красиков стаг верна бехке хилар, велла дӀаваллалц набахтехь йаккха хан туьйхира цунна, хенал а хьалха аравала бакъо ца йуьтуш. И зулам вовшахтохарна Оьрсийчоьнан Ӏедалхой бехке бира суьдхочо, хилларг "пачхьалкхан террор" йу аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG