ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Коьрта хьехам - къоман барт хилар


Нохчийчоь -- Нохчийн бераша дехкинчу суртех лаьцна йолу "Боьлху малх" филм гойтуш даьккхина сурт. 15Стиг2007
Нохчийчоь -- Нохчийн бераша дехкинчу суртех лаьцна йолу "Боьлху малх" филм гойтуш даьккхина сурт. 15Стиг2007

ХIара программа шина декъахь лаьтташ ю. Хьалхарчу декъехь шуна хезар ю кху деношкахь ОвхIанистанехь хилла юхавирзинчу Маршо Радион Украинин сервисан корреспондентаца Хотин Ростислаца интервью. ШолгIа дакъа ду Маршо Радион онлайн билиотекаа хьажийна. ШолгIачу декъехь шен байташ йоьшур ю нохчийн вевзачу поэто Бисултанов Аптис. Цул тIаьхьа шуна хезар ду нохчийн яздархочуьнан Кацаев Сайд-Хьасанан "Бодашкахь" цIе йолу дийцар. Иза дIадоьшур ду авторо.

Кху деношкахь ОвхIанистанехь, ши кIира а даьккхина, Маршо Радион штаб-хIусаме юхавирзина Украинин сервисан корреспондент Хотин Ростислав. Хууш ма-хиллара, и мохк а бу Нохчийчоь санна иттаннаш шерашкахь тIемаш ловш. Цундела ларамаза дацара тхуна цигахь хуьлучух лаьцна мелла а шуьйра дийца лаар.

Хотин Ростислав шен хенахь хьалхара тIом боьдуш Нохчийчохь хилла а ву.

Хотин Ростислав
Хотин Ростислав

Ростислав, хIун Iалашо йолуш ваханера хьо ОвхIанистане, билггала цхьаъ талла вахана вара хьо?

Хотин Ростислав: «Со проект еш вара. Ас дуьстира Советан пачхьалкх 1979-чу шарахь ОвхIанистанна чугIортар а, Оьрсийчоь 2014-чу шарахь Украинина чугIортарца. Суна дуккха а цхьаьтера хIуманаш гира цу Кремлан шина тIеман кампанехь».

ОвхIанхой шаьш а вуно боккха бала хьоьгуш бу. Церан ницкъ тоьий кхечу меттигашкахь хуьлучунна тидам бан?

Хотин Ростислав: «ОвхIанхой, баккъалла а, чIогIа политикана юкъаозабелла нах бу. ХIора а жигара радиога ладугIуш а, телевизионе хьожуш а ву. Керланаш лардо цара. Кху тIаьхьарчу иттаннаш шерашкахь шайн махкахь тIемаш боьлхуш хиларна вуно чIогIа тидам беш бу уьш кху дуьнентIехь хуьлучунна. Къаьсттина Советан пачхьалкх шайна тIелеттачул тIаьхьа цара шайн тидамехь латтайо Москохо кху дуьненан цхьацца меттигашкахь дIахьош йолу тIеман кампанеш».

Ткъа хаьий овхIанхошна Украинехь хIун хуьлуш ду?

Хотин Ростислав: «Массерна а хаьа Украинера ГIирма дIаяьккхина хилар. ОЬрсийчоьно цуьнгара ГIирма дIаяьккхина хилар. Цул сов, дукхах болчарна хаьа Донбассехь, Украинин малхбалехь дIабоьдучу тIамах лаьцна. Цу хьокъехь шайн ойла а ю церан».

Ткъа хьангахьара бу аьлла хийтира хьуна ОвхIанистанан бахархой?

Хотин Ростислав: «Царна хетарг цхьаъ ду. Цара узу жимчу пачхьалкхехьа. Онда пачхьалкхо агресси йинчу гIийлачу пачхьалкхехьара бу уьш. Ткъа ОвхIанистан дукха къен пачхьалкх хиларна, цара билгалдоккху Украина а Оьрсийчоьнал а къен хилар. Царна нийсо яц аьлла хета шел а къен йолчу бала хьоьгучу махкана тIелатар. Иза овхIанхошна ца деза. И царанп хетарг дагах кхеттера суна, журналистана санна".

ТIом гина а, иза бина а нах даиман а хьехар дан лууш хуьлу мостагI эшо дан оьшург дуьйцуш. Ткъа хIун хьехар дира цара украинахошна Оьрсийчоьнна кхиаме дуьхьал латта?

Хотин Ростислав: «Муджахедашца, масийтта командираш хиллачу нахаца къамелаш дира ас. Советан армица тIом бина бара уьш. Цара делла коьрта хьехар политикан дара ала мегар ду. Цара юх-юха а дуьйцург дара украинахой цхьаъ хила безаш хилар, церан барт хила безаш хилар. Украинахой вовшен дегабаамаш бар а, цакхетамаш а битина цхьаьнакхета безаш бу бохура цара. Воккхачу лулахочо дов кхайкхийна.

Цундела украинахой цхьаъ хилла дIахIитта беза. ТIаккха бен украинахой тоьлур бац Оьрсийчоьнал. ШолгIа цара дуьцург дара Украино нисса дIа, шера арахь тIом бан цабеза бохург. Оццул йоккха йолчу Оьрсийчоьнан армица мегар дац цу кепара толам баккха гIерта аьлла хетара царна. Цара хьехар дора партизанийн тIом бан беза бохуш.

Кхин цхьа хьехар дара цара диначерах хIоъ-молханах лаьцна. ОвхIанистан къен пачхьалкх хиларе терра, царна хетара Украинин эскархоша патарманаш кхоо деза аьлла. Кхин цхьа хьехар дара, цара дийцарехь, берриг а Украинехь болу оьрсийн шпионаш дIабаха аьлла. Цу кепара шпиономани яра цера... Коммунисташ а, Оьрсийчоьнехьа болу нах а лахкабеза аьлла хетара царна».

Ростислав, хьо Нохчийчохь хилла ву цигахь хьалхара тIом боьдуш. ХIинца шайн мохк, Украина, оццу баланах чекхболуш а болуш, хIун эр дара ахьа Нохчийчохь хиллачух лаьцна?

Хотин Ростислав: «ОвхIанистанехь цхьана историко профессоро соьга элира ши пачхьалкх ю цхьанна а къел ца тIаьна а, цкъа а къел тIаьIар йоцуш а аьлла. Цо хьахийнарг яра ОвхIанистан а (ткъа иза бакъду цунах империн Iожалхо олу) Непал а. Ас царна тIетухур яра Нохчийчоь. Нохчий жима къам ду. Амма иза эшо чIогIа хала ду. Я цаьрца барт бан беза, я уьш берш хIаллак бан беза.

Амма, охьа а таIийна, царна урхалла дан чIогIа хала ду. Цу хенахь суна гинарг дара нохчийн къам доьналла долуш хилар. Хьалхара тIом болу хан яра иза, шолгIачу тIамехь со хилла вац. Цу хенахь дерриг а херцаршлахь дара, амма адамаш, нохчийн доьналла... Къам жима ду. Цуьнан кхоллам дукха къиза хилла, бохамаш баккхийн хилла. И дара-кх суна дагахь лаьттинараг».

* * *

Маршо Радионо кху тIаьхьарчу хенахь кхочуш еш йоккха проект ю шен интернетан сайт тIехь. Иза ю «Нохчийн иртийн хазна» цIе йолу онлайн библиотека. Цигахь оха гулдеш ду нохчийн а, нохчийн мате гочдина кху дуьнентIера гоьбевллачу поэтийн а, яздархойн а байташ а, дийцарш а, ткъа иштта туьйранаш а. Цхьаболчу нохчийн поэташа а, яздархоша а шаьш йовзуьйту шайн кхолларалла.

Тахана оха шун тидаме юьллур ю цу библиотехь нохчийн вевзаш волчу поэто Бисултанов Аптис ешна шен байташ а, нохчийн яздархочуьнан Кацаев Сайд-Хьасанан «Бодашкахь» цIе йолу дийцар а. Иза дIадоьшур ду авторо.

Бисултанов Апти
Бисултанов Апти

Бисултанов Апти.

Цаевзарг Cо хьоьца волало хуьлу хьо тIома, Со хьуна велало хуьлу хьо гома. Со соцу мал хуьлий тулгIенаш яржош, Юьжу хьо сан дагалецамийн Iома. Лаьхьанан когийн лар дIаевлла хенаш, Зингатан бIаьрга го хьан куьйгийн кенаш. Со вуьсу секха дог гIевланга дуьллий Хаддаза тергалдан хьох долу гIенаш. Со тIома гIотту хьо тIулг хуьлу кочахь. Со хьуна дарло хьо елало коча. Хьан йистцахиларо синбердаш херцош Хьоьга ладоьгIий сан са лере кхочу. Берд байна тулгIенаш дIадаьлла дахар, Чуьртана доладар хьоьга догдахар. Хьо юьсу бIе эзар бехкаман долахь Есаллехь сан деган мохь хуьлий яха. Хьуна тIекхевдича гIоьмаша лоцуш... Хьуна букъ берзийча кхардамо лоцуш... Дерриг а карийна дерриг а дайча, МукIало ду-кх хьуна хьуна бен доцу. ЦIа доцуш лелла со цIе йоцуш лелла, Мохк боцуш лелла со, некъ боцуш лелла Хьан озо вижавеш, хьан озо гIаттош Хьо гIам ду, йиша ю ца хууш лелла. Хьоьга ладегIар - мохе цIа дехар. Хьоьга ладегIар - тIулге са дехар. Хьо цхьаъ бен йоцуш ерг, цкъа а ца хилларг, Серлонна йоцуш ерг боданехь тилларг. БIе эзар цIе йолуш дуьненчу яьлларг. Сан деган ца боьрзу мохь хилла яьлларг Хьо йицъян гIертар - куьйга хи шардар. Хьо йицъян гIертар - кога гIан къардар. Ден букъехь со воцуш, хьо ненан кийрахь Къастийна дара те гергара хийра. Азаллехь вайн синош кхуллучу хенахь, Къастийна дара- те самах я гIенах? Хьоьга ладегIар - хьо йицъян гIертар. Соьцанна гIур ду цкъа кешнийн керта.

Кацаев Сайд-Хьасан
Кацаев Сайд-Хьасан
Кацаев Сайд-Хьасан

Бодашкахь Аьхке. Тийна, эсала буьйса. Сан – берхIитта шо. ТIаьххьара трамвай а, рельсех еттало чIургаш а цIийзаш, парке чуйоьрзу. Буьйса юкъал тIехъяьлла. Кхи лаьттича а эрна ду. Социйлехь, некъо гола тухучохь, школана дуьххьал, соьца скамейки тIехь хиъна Iаш кхо йоI ю. Юххерчу бедарш тегаран фабрикера балхара богIучух тера ду уьш. Наггахь, трамвай микрорайоне охьайоьрзуш, кхузахь сацар нисделла сан. Сарахь, бенара арахецна олхазарш санна, тIаьхьий-хьалхий фабрикера арадуьйлу къона зудабераш. Чучча а бахана, вовшашна тIе а теIаш, жимма лаьттинчул тIаьхьа, гIала мел ю, массо а агIор дIасабаьржа. Со тIевеана дукха хан яц, вовшашка дистхилла а дац тхо. Накъоста ша волчохь буьйса яккха боххушехь, юкъараIойле схьагIерташ ву со. Сайн маьнги тIехь бие наб кхеташ вац со. –Шу ма тIаьхьа арадевлла? – олу ас. Уьш бист ца хуьлу соьга. Со а кхи хабаре вала а ца гIерта. Соьга а хьоьжуш, вовшашка шабарш до цара. Цхьамма, халла хезаш: –ХIахIа, хIахIа, – олу, юххерниг сацо а гIерташ. Вукхо соь-гахьа а йоьрзий: –Хьажахь, – олу. – Хьан цIе хIу ю? Ас сайн цIе йоккху. –Студент-м вац хьо? –Ву. –Тхо балхара догIуш дара. Кхул тIаьхьа, мел Iийча а, трам-вай йогIур яц. Тхойшиъ-м микрорайоне йоьдуш ю. ХIара шаца йита Iаш яра. ДIакхетор ярий ахь хIара? Хьоьх теша мегардуй? «Минуткехь» Iаш вуй хьо? –Со гIур яц. Собар дийр ду ас. Шуьшиъ дIагIойша, – олу йоIа. –ДIакхетор юй ахь хIара? –Дера кхетор ю-кх, – олу ас. – Кхана хIара балха ца ягIахь,тхан юьрта догIур ду-кх шу, сту баккха. И шиъ сапаргIат дIайоьду. Жимма Iийна: –Вайшимма хIу до? – хотту ас. –Хьо дIагIо,– соьга хьожу иза.– Трамвай ларйийр ю ас. –Кхул тIаьхьа Iийча а эрна ду. Иза йист ца хуьлу. «Орца дала!» – аьлла, мохь тоьхча а, хе-зачохь адам доцуш, иза соьх ийзалуш Iа. –Хьуна лаахь, сахиллалц а хиъна-м Iийр ду вайшиъ. Iуьйрана со занятешка ваха а веза. Хьо кхузахь а йитина дIавахар а нийса дац. Хьан накъосташна гергахь соьца ма ю хьо. Со дIавахча мила вогIур ву хьанна хаа? И кхеро гIерташ вац со, кхолладеллачу хьолах кхето лаьа. Иза сайх цатешар новкъа ду суна. ЙоIан лаамца, цуьнан соьца самукъа а долуш, со йоIана тIехьовза тарлахь а (сайн романтик волу, хьалхарчу миноташкахь суна и дага а догIу), амма йоIан гIелонах, сайх тешна йисарх а пайдаоьцур болуш вац со. Кхи цкъа а гур яцахь а, иза сайх тешийла лаьа суна. Цунна вешалладан кийча ву со. –Хьан ваша вуй? – хотту ас, йист ца хуьлуш, токан сера тIехь хьоза санна, хебна Iачу йоIе. –Вац, – олу цо. –Сан ю хьуна йиша, – олу ас. Иза кхи йист ца хуьлуш, хьала а гIоттий, суна тIаьхьа хIутту. Юьртара уггар а хаза йоI хьалха а яьккхина, буьрсачу хьаннашкахула вогIучу Калойн санна, йоIе безам а бахана, хьере ойланаш къахко ирачу шаьлтанца кераюкъ хадо ца деза сан. (Бусалба дин тIе эцале хиллачу гIиллакхашца, къонахийн къовсамехь тоьлла кIант, массарал а хазачу йоIаца, генарчу ломан хьехахь буьйса яккха дезаш ву, цIена юкъаметтиг а ларъеш. Хьалха ваьлла воьдучу Калойга кхойкху Зорас. «ХIу боху ахь?» – юхавоьрзу хIара. «Со хьалха ялийта, сайна тIехьахула цхьа хIума тIекхетарна кхоьру-кх со». Исбаьхьчу цуьнан дегIах хьакхадала лаьа шен куьг шаьлтанца хада а дой, и ойла генна эккхо, тIе туьха духку Калойс. ЦIий оьхуш, Iийжаш долу куьг къуьйлуш вогIучу Калойс хотту йоIе: «ХIинца хетий хьуна, тIехьахула цхьамма лоцур йолуш санна?» – «ХIинца ца хета суна», – олу Зорас.) Къегина дуккха а сирла седарчий ду стиглахь. БогIамашна тIерачу чиркхашна герга кхаьчча, гучура довлу уьш, дехьа ваьлча юха а лепа. ГIалин урамаш деса ду. Кху агIор цIенош а дац башха. Аьчка некъана тIехула тесначу тIай тIе кхочу тхойшиъ. ЙоIе цIе хIу ю а ца хаьттина ас, я юха ган йиш хир ярий а. Эвхьазавала а ца гIерташ, ша схьакхетаярна, декхар хеташ, цо шен цIе юьйцийла я вола олийла а ца лаьа суна. Нагахь кхуьнан деган кIоргехь жимма шеко, кхерам биснехь а, и тIаьххьара кхерам а дIаболийла лаьа. Цуьнга эрна ойланаш ца яйта, некъ бацбан а, цхьана а кепара шалха тида йишйоцу, къамелдо ас йоIе. Цуьнан юьхьдуьхьал хьажа а ца гIерта со. Кхана дийнахь гича, иза евзар а яцара суна. Амма иза къона, хаза а хилар хаало. ЮкъараIойлана хьалха кхаьчча: –Хьо схьакхаьчна. КхидIа яха яьхьар ю со, – олу цо. –Со схьакхетош дара вайшиъ? – велало со. Шайн цIийна тIе кхаччалц дIаюьгу ас иза. Чуяхале жимма соцунгIа хуьлу иза, ас хIумма олий-те, бохург санна. БерхIитта шо! ЙоIан, кIентан а синош уггар а вовшашна тIекхийда, безам уггар а мерза хуьлу хан. Ярташкахь – хий-истехь, белхешкахь, синкъерамашкахь, ловзаргахь; гIалахь – кинотеатрашкахь, кафеш чохь, доьшучохь, Iачохь, подъездехь, скверехь, дитташ кIеларчу скамейки тIехь… ВерхIитта, берхIитта, ткъа шо долчу хенахь – маьлхан серлонал а, беттансерло лоьху. Куьйго куьг къуьйлу… «Хьан ваша вуй?» – «Вац». – «Сан ю хьуна йиша», – аьлча, тIаьхьа хIоьттина ю хIара суна. –Iодика йойла хьан, – олу ас. –Дела реза хийла хьуна, – олу цо, лохачу кевнал чоьхьа а йолуш.… Оцу буса, шаьшшиъ доьдучу дIакхаьчча, кIелдилла ча а тодой, тIера чоа схьадоккху Калойс. Цо лелочух шен агIор кхеттачу Зорас, цунна и дагадеънехь ша хIаллакьхиларх а кхетта: «Калой, хьайн Делан дуьхьа», – олу. «Со-м хIара мотт тобеш вара», – олу Калойс. Калойга ша маре яхана гIан го йоIана. И самаха (халкъан тидам!) кхочуш а хуьлу. Боьха меттанаш долчу наха дуьйцу: « Лаа дац хьуна иза цуьнга яхар. Цу буса хилларг къайладаккха яхана». Ткъа шо хилла Iийр дац, Базоркин Идрисан «БIешерийнбоданера» цIе йолу и роман ас ешна. Вайнехан яздархойн сунатоьллачех хеташ произведени ю и. Трамвайн социйлехь со кхаа йоIана тIе а Iоттавелла, царах цхьаъ ас дIакхетийначу буьйсанал тIаьхьа, пхийтта шо даьлла. ХIетахь цкъа-шозза соьга маршалла а даийтира цо. Со кхи и йолчу а ца вахара. Я кхи гина а дац тхойшиъ. Нагахь гинехь а, вовший ца девзаш, тIехдаьлла хила а мега… 2001

XS
SM
MD
LG