ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къиза де лайра Буьрса-ГIалано


Нохчийчоь -- Догуш ду Президентан цIа. Дечкен-бутт, 1995 шо.
Нохчийчоь -- Догуш ду Президентан цIа. Дечкен-бутт, 1995 шо.

Нохчийчохь тIом боло кхоччуш сацам бира Оьрсийчоьнан куьйгалхоша 1994-чу шарахь Лахьан-беттан 29-чу дийнахь Оьрсийчоьнан кхерамазаллин кхеташонехь. ШолагIчу дийнахь Ельцин Бориса тIе куьгтаIийра цу хьокъехь долчу указана. Цуьнан цIе яра «Нохчийн Республикан территорина тIехь конституцин къепе а, низаман къепе а юхаметтахIотторан мероприятех лаьцна» аьлла. Ма-дарра аьлча, иза тIом кхайкхор дара.


ТIом кхайкхийна а бацара оьрсийн тIеман хIаваан ницкъаш меттахбевлча. Уггаре а хьалха цара тохарш дира Соьлж-ГIаларчу кеманийн портана а, Ханкалахь а, Калиновское олучу эвлан йистехь а долчу къона пилоташ Iамош лелочу жимачу кеманашна а. Уьш дагийна боккха кхиам хилла шайн аьлла дIакхайкхийра Оьрсийчоьнан Iедалша.

Некъахой дIасалело шира Ту-134 ши кема а, цхьа "кукурузник" а, лаьмнашкахь жа дажочу пекъаршна юуург латтон беркема а дохор дIоггара дозалла дан хIума дацара. Делахь а Оьрсйчоьнна иза боккха кхиам хийтира.

Оьрсийчоьнан тIеман хIаваанн ницкъийн бюйранче телеграмма яхьийтира ша а пилот волчу Дудаев ЖовхIара. «Ас декъалво хьо, хIаваэхь олалла дарца, гур ду вай лаьттахь»,-бохуш яздора нохчийн президенто.

ГIуран-беттан 18-чу дийнахь дуьйна жигара бомбанаш а, ракеташ а етта йолийра гIалачу оьрсийн кеманаш. ГIуран-беттан 27-чу дийнахь Ельцин вистхилира телевизионехула Оьрсийчоьнан бахархошка леррина кхайкхам беш.

Цо дийцира хIунда оьшуш ду Нохчийчоь ницкъаца юхаерзо. Егоровна, Квашнинна а, Степашинна а тIедиллина ша нохчашца дийцарш дIадахьа элира Ельцина. Амма шолагIчу дийнахь Степашина дIахьедар дира, дуьйцурш дийцарш дац, ультиматум кхайкхор ду аьлла.​

ГIуран-беттан 31-чу дийнахь Iуьйранна Соьлж-ГIалана штурм йолийра Оьрсийчоьнан эскарша. И де иштта дагалоьцу Нохчийн тIеман ницкъийн штабан куьйгалхочуьнан Масхадов Асланан адъютант хиллачу Исханов Хьусайна а, Нохчийчоьнан парламентан декъашхочо, тIаьхьо вице-президент хиллачу Абумуслимов Сайд-Хьасана а, журналисташа Азимова Сийлахас а, Дадаев Асланбека а.

Нохчийчоьнан коьртачу гIалана йинчу штурман ирча тIаьхьенаш яра. Байинера эзарнаш маьрша нах, салттий, тIемалой. Ягийнера бIаьннашкахь гIагI диллина тIеман техника. Соьлж-ГIала яра ерриг а аьлча санна йохийна дIаяьккхина.

Дуккха а хиламаш хилира цул тIаьхьа. Эххаре а 1996-чу шарахь Марсхьокху-беттан 31-чу дийнахь Хасавюртахь барт бира тIом соцо.

XS
SM
MD
LG