ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь лела ша-тайпана низамаш


Нохчийчоь - Полисхо вуьш яьккхинчу видео тIера сурт, Соьлж-ГIала, 22Манг2014
Нохчийчоь - Полисхо вуьш яьккхинчу видео тIера сурт, Соьлж-ГIала, 22Манг2014

Нохчийчохь дийнахь делкъа хена, камерашна хьалхахь, полисхо веро кхоьллина къийсамаш а хIинца а тийна бац. Европе а кхаьчна цу къийсамийн йилбазмохь.

Масех кIира хьалха Соьлжа-гIалахь полисхо веро ира-кара хIиттийнера Нохчийчохь Iедалан, халкъан юкъаметтигех долу къийсадаларш. Цхьаболчара и вийна волу полисхо цхьа а бехк-гуьнахь а доцу, маьршачу нехан синтем а, паргIато а ларйан араваьлла хилла Делан лай санна вуьйцура, цхьанна а стагана новкъа а воцуш, шен доьзална алапа даккха шен болх беш воллучуьра цхьана ямартхочуо, букъ тIехьара тешнабешкаца герз а тоьхна, вийна-кх иза бохуш.

Вукхара бехк-гуьнахь а доцуш верг и полисхо вийнарг лорура, иштта „цхьанна а новкъа а воцуш, шен дIа а хIоьттина, туннелан корехула арахьоьжуш лаьттачу цу мисканна тIе а вахана, кхуьнан хIун гIуллакх дара, цуьнга кехаташ хетта, цуьнан тIоьрмиг чу хьежа, ша санна волу нохчо сийсаз ван гIерта, преми яккха араваьлла хилла хир ву иза, хуур дара-кх и кIант церан каравахнехь, цара дийна воллушехь тIера цIока доккхур ма яра цуьнан“ - иштта туду цуьнан агIончаша хилларг.

Цу хиламан гонахьа лилхинчу къийсадаларш гойту нохчийн къомана юккъехула даьлла долу харш мел кIорге ду бохург.

Кхузахь хьахон догIу, оцу сохьта, полисхо вийна хилар гучудаьллачу дийнахь дуьйна, цунна дуьхьал и талор дина волу зуламхо вила ву хууш ду бохург чIагIдира меттигерачу Iедалхоша. Цу зуламхочун цIе Магомадов Мохьмад а ю, иза Iалхан -юртара а ву аьлла дара полисхоша массо а меттехула даржийначу кехаташна тIехь яздина. Иштта цуьнан накъост санна вазвина вара оццу Iалхан-юртара Усманов Мансу а.

Амма дуккхаъ деношкахь талла а теллина, эххар а мархийн бутт болалуш вен а вийна, куьгбехкенарг санна юкъараллийна схьаоьхьнарг кхин вара – СоIди-КIотарара Дахтаев Хьасан. Нагахь санна бакъволу бехкенарг Дахтаев велахь, оцу вукху лоьхуш хиллачу шиннах, Iалхан-юртарчу Магомадовх а, Усманов а хIун хилира? Карийрий уьш? Я хиллерий цхьанна а хуманна бехке? Я, ца хиллехь, уьш шаьшна къинтIера баьхний-те Iедалхоша? Царна цхьанна а кепара компенсаци йиний-теша, иттех дийнахь къоман коьрта зуламхой санна и шиъ вийцарна? Дийна мукъане а вуй-те и шиъ?

Ала догIу, милцой, полисхой я къайлахчу сервисийн белхахой цхьанна а къомалахь я цхьанна а пачхьалкхахь а бац нахана башха дукхабезаш. Ши шо хьалха Германехь дIабаьхьна хиллачу хеттамашкахь дукхахболчу респондетанша шуна уггаре а гома йолу професси муьлхарниг ю аьлла хаьттича, полисхойн а, билеташ таллархойн ерг ю аьлла жоьпаш деллера. Амма Оьрсийчохь полисхой ца безар цу полисхоша нахана тIехь латточу харцонашкий, Iазапей хьаьжжина доза доцуш доккха ду. Багахь хIуммаъ ала ца бохьахь а, амма полисхой шайна гIо-накъосталла дан Iалашо йолу нах бу бохучух тешаш атта нах бац цу махкахь.

Мелхо, хIораммо а кар-кара а оьцуш дуьйцу, полисхоша лелочу къизаллех лаьцна, цара шаьшна статистика лакхара хилийтархьама бехк боцу кегирхой лийца а луьйцуш, царна тIехь Iазап а деш, цаьрга шаьш ца дина долу зуламаш шаьшна тIелоьцуьйту бохуш. Кху деношкахь социалан машанашкахула а, телефонашкахула а баьржина лела кийрахь дог долчуьн муьлхачун а дог Iовжон долу хIара кхайкхам. Нана ю шен лаьцна дIавигна кIант лахарехь гIо доьхуш. Полисхошка ца доьху цуо и гIо, цаьргара шена иза хила меттиг боцийла хаарна делахь а, я иза зулам цара шаьш дина аьлла тешна ша хиларна делахь а. Цуо и гIо доьхург ду республикан куьйгалхочун йиша Кадырова Зарган.

Ненан аз: „Хьоьга дехар дара-кх сан, Зарган. Хьо а нана яра, со а нана яра. Сан кIант 26-чохь спортзале воьду аьлла араваьлла вара. Юха итт долуш, иза чуван хьевелча, ас телефон тоьхча, цуо ша хIокху сохьта чукхочу хьуна, юург охьайилла мегар ду хьуна аьллера. Амма цу кхачанна тIе ца кхечира сан иза, Зарган. Цул тIаьхьа кхин телефон схьа ца ийцира цуо. ШозлагIчу дийнахь цуьнан массо а накъоста орцах ваьлла, лехча, наха дийцира, „хIара кIант сийсара, пIераскана буьйсанна, иза спортзалера цIавогIучу хенахь, дуьхьал а бевлла цхьана наха, шаьш Iедалан белхахой ду, хьо наркоман ву, хьо анашист ву“, бохуш иза хьийзош вара, аьлла. Делдаш, АллахIа дуьхьа, со наркоман а ма вац, ма вигахьара аш со, со кхана шуна луучу полисхойн декъе дIа а вогIур вара, аьлча, цкъа шен нене телефон мукъане а тохийтахьара аш шега, шен нана сагатдеш хир аьлча а, ца тухуьйтуш, ца вуьтуш, цара иза дIавуьгуш гина нах бу.

Божарий а, зударий а цунна гIодан гIоьртича, цхьа а стаг улло а ма гIорта, тхо Iедалан белхахой ду аьлла цара, Зарган. Делдахь, Зарган, хьо нана хиларе терра, хьоьга дехар ду-кх сан, суна орцах ялар. Харцонца бен кхоьллина ма яц цара цу кIантана и цIе. Деши санна цIена кIант ма ву иза, Зарган. Орцаха ялахьа суна, Зарган, гIо дехьа суна!“

Iедална метта республикан куьйгалхочун йиша-веше, Деле санна, дехар дечу нах бевлла хилча, гуш хуьлу, полисхошка цигахь мел тешам бу бохург.

Кхин хьал ду Европерчу пачхьалкхашкахь. Цигахь полисхой меттигерачу нахана башха безаш бацахь а, амма вуо-дика хилча, Iедалан векал шен накъост вуйла хаа хIоранна а. Цхьана нохчийн мухIажаро дуьйцура: масех шо хьалха Германехь, ша хIинца-хIинца схьаеъначу хенахь, ша шен 5 шо дочлу бере, иза волелча, цIахь, хIора а полисхо мостагI волчехь шена багадирзина ма-хиллара, „Iад Iе, хьо вуо лелахь, ас полисхочуьнга дIадуьйцур ду хьуна“ олура бохуш.

Цхьана дийнахь и къамел хезна йолчу немцочуо, цец а яьлла, аьллера: „Айхьа цунна Iамош дерг вуно тешнабехке хIума дуйла кхеташ юй хьо? Кхана-лама цхьа дагдоцу хьал нислуш хилахь, полисхочуьнгара орца деха йоьхьар ма яц иза. Ма Iамаделахь иштта, мелхо а, хIуъу нислуш хилахь а, полисхочунна тIе гIо, цуо гIо дийр ду хьуна олуш Iамайе иза“, - аьлла.

Иза ю коьрта башхо европахойн, Оьрсийчоьнан бахархойн, шаьшна юккъехь нохчи а болуш, полисхошца йолчу юкъаметтигашкахь. Цундела кхузахь кхета хала ду дийнахь делкъа хена, летта камераш а йолуш, герз тоьхна Iедалан белхахо муха вуьйр ву бохучух. Иштта хала ду европахошна кхета, полисхочуо стагана тIе а вахана, жоьлгано санна, цуьнан тIоьрмиг чу ка-мIараш хьекха йиш ю бохучух. Иштта хала ду кхета, цхьа стаг вийнарг лохуш виъ стаг верах а.

Амма зуламна куьг бехкеверг вийначул тIаьхьа цуьнан да-нана а, йиша-ваша а махках даккхар уггаре а кхета халчех ду. Кху лаьттан муьлхачу а низамца хьаьжча, бусулба динан я керистачуьн, я Iедалан конституци схьаэцча, ваша вешех я да кIантах жоп луш вац. Хила-м хилла ишттанарг исторехь, хIинцачул 70-80 шо хьалха. Нохчийн къам дохийна махках даьккхинчу Сталина юккъедаьккхина лелош. Амма иза цхьа кхин тема ю.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG