ТIаьххьара болчу хаамашца, Оьрсийчохь бехачу нехан терахь ду 132 миллион гергга стаг. Гарехь, буьйцурш бу цу пачхьалкхан паспорташ долу нах, царах 11 миллион стаг ву вехаш Москох. Гучудаьлларг ду цу нахах 4 миллион 620 эзар бен юххера къаьмнаш лочруш долчу оьрсех а, беларусех а, украинахойх а цахилар.
Цунах лаьцна яздо «Антикор» (антикоррупционный) олучу интернет портало. Цо дийцарехь, Оьрсийчохь 97 миллион 680 эзар стаг ву вехаш гIаланашкахь а, гIаланаш санна кеп йолчу кхечу меттигашкахь а. Цул сов, цхьана Москох вехаш ву 11 миллион гергга стаг, Москох областехь вехаш ву 7 миллион 900 эзар стаг. Петарбухан бахархойн терахь ду 6 миллион 897 эзар. Ленинградан областехь вехаш ву кхин а 3 миллион 350 эзар стаг.
Москох бехачу нехан къоман а, этникан а чулацам иштта бу:
оьрсий - 3I%
азербайджанхой - 14%
гIезалой, башкираш, чувашаш- 10%
украинахой - 8%
эрмалой - 5%
таджикаш, узбекаш, казахаш, гIиргIизой - 5%
корейхой, китайхой, вьетнамхой - 5%
нохчий, дагестанхой, гIалгIай - 4%
беларусаш - 3%
гуьржий - 3%
молдаванаш - 3%
цыгонаш - 3%
жуьгтий - 2%
кхин долу къаьмнаш - 4%
Гуш ма-хиллара, Москох бахархой 11 миллион гергга стаг ву. Царах оьрсий а, украинахой а, белорусаш а 4 миллион 620 эзар стаг бен вац. Цу кепара Оьрсийчоьнан коьртачу гIалахь коьртачу декъана бехарш кхечу къаьмнех нах бу.
Ткъа Москох хаалуш дуй иза. И хаттар делира оха Москох дуккха а шерашкахь вехачу журналисте Мурадов Мусага. Цо дийцарехь, луларчу пачхьалкхашкара баьхина нах гуш бу Москох, ураме я базара араваьлча. Амма уьш оьрсел а, украинахойл а, беларусел а алсам бу аьлла цахета цунна.
«Антикор» интернет портало бечу хаамца, Москох бехачу азербайджанхойн терахь алсам ду Бакохахь бехачарел а, ткъа Казанехь бехачу гIезалойл а алсам бу уьш бехаш Оьрсийчоьнан коьртачу гIалахь. «Аниткоро» чIагIдарехь, тIебаьхкинчу нахана реза боцучу Москохарчу оьрсаша луьш олуш хилла «понаехавшие» боху кхетам бух боцуш бисна ала мегар ду.