ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Адамийн кхолламаш мехала бац". Нохчийчохь Кадыровна ца тайна цӀенош дIахьаькхна


Соьлжа-гIала, гайтаман сурт
Соьлжа-гIала, гайтаман сурт

Соьлжа-ГӀалахь Кадыров Рамзанна хьал ца тайна масех нехан цӀа дIахьаькхна. Иза муьлхачу низамехь дина а, церан долахой хӀинца стенгахь беха а, хууш дац. Дуьххьара дац Ӏедалан лаамца, меттигерчу бахархошкара церан долахь болу бахам дӀабаккхар. Кавказ.Реалиин редакцига эксперташа дийцира, нуьцкъала гӀалахь хийцамаш барх а, цунна тӀехьа долчух а лаьцна.

Йуьхьанца цӀенош дохорах хаам бира махкал арахьа вехачу нохчийн оппозицин блогеро Абдурахманов Тумсос. Ша зорбане йаьккхина видеохь цо дийцира, республикан куьйгалхочо меттигера Iедална наха Iуналла деш доцу цӀенош дIахьакхар тIедожийна хилар.

Кавказ.Реалиин редакцино билгал ма-даккхара, йуьйцург йу Кадыровн резиденцина кхо километр бен генахь йоцу Сайхановн а, Шаумянан а урамашна йукъахь йолу меттиг. Шина кертан долахой хийцабелла кху шара: царех цхьаъ мэрин урхаллин цIартIе йаьккхина, ткъа шолгӀачун долахо мила ву, хууш дац. Оцу латтанийн кадастран мах бу 1,5 миллион гергга сом, Росреестран документаш тӀехь гуш ма-хиллара.

Редакцин хьостанаша дийцарехь, дIахьаькхнарг йерриг а итт меттиг йу - цу латтанаш тIехь тайп-тайпанчу барамехь йохийна, чохь нах бехаш гӀишлош йара. Схьагарехь, гIийла бохкуш нах бара цигахь Iаш, хIунда аьлча, гIишлош тайан аьтто бацара церан, цӀенош къаьсташ дара цу кӀоштахь хаъал хьал долчу цӀеношна йукъахь.

Кхин цхьаъ а Кадыровн йурт йийр йу оцу меттехь, Абдурахманов тешна ву: "йа шен накъосташна гIишлош йийр йу, йа Кадыровна а, цуьнан доьзална а пайда оьцар болуш гӀишло йийр йу цара".

ХӀинца арабаьхна нах стенгахь беха а, царна шайн бахамах йогIу компенсаци йеллий а, хууш дац.

"Схьадаха, кехатийн бух дIабаккха"

Цхьа шо хьалха Нохчийчоьнан куьйгалхочо шен шича кӀантана, Соьлж-ГӀалин мэрана Кадыров Хас-Мохьмадна тӀедиллира, гӀалин йуккъера "дай боцу а, Iуналла ца ден" а латтанан дакъош схьадахар. Кадыровна хетарехь, церан долахоша керташкахь цIано ца латтайо.

"Схьадаха, дерриге а кехатийн бух дIабаккха (долахь хиларан бакъо. – Ред.)", - аьлла, омра дира хӀетахь Кадыров Рамзана. Муьлхачу низаман буха тӀехь дан дезаш дара иза, билгал ца даьккхира цо. Схьадаьхначу дакъойх цхьана агIор пайдаэцар тӀедиллира цо мэрина.

Вайна массарна а йевза Кадыровн амал: паччахьс омра динехь - кхин дан хӀумма а дац

Цул тӀаьхьа, Соьлж-ГӀалахь талламаш дӀабаьхьира: гIишлойн долахошна 29 гӀуда тоьхнера, ткъа бахаман бакъонаш дIайохуш - 24 иск чуйелла хиллера кхеле. Цул тӀаьхьа Соьлжа-гӀалин мэр ша вахара "проблеме" меттигашка хьажа. "ДIагайта мегар йоцу меттигаш" лоруш йара тIехь нехаш, даьлла къух долуш, йина керт йоцу дакъош.

Соьлжа-ГIалин йуккъехь цхьаммо а терго йоцуш дуьтур дацара латтанаш, кхин хIумма а ца хилча а, цуьнан мах лакхара хилар бахьана долуш, дуьйцу шен цӀе йовзийта ца луучу редакцица къамел динчу цхьаммо: "Массарна а хууш ду латтанан дакъош вуно деза дуйла, эца луучу нехан чаккхе хир йацара. Соьлжа-гӀалара кIоште хьаьжжина, латтанан лаххара мах 4 миллион сом тӀера дӀаболало. Ткъа кхузахь йуьйцург гIалин йукъ йу, цундела мах цхьаъ ах, шозза лакхара хила тарлора".

ХӀоразза а меттигерчу бахархошна телехьожийлехула мэрин куьйгалло талламаш барх лаьцна сюжеташ гича, цара сихонца гергарчаьрга а, лулахошка а хабар дохьуьйту: "Вайна массарна а йевза Кадыровн амал: паччахьо омра динехь –кхин дIа вайн дан хӀумма а дац".

Кадыров Рамзан, хьоста: телеграм-канал RKadyrov_95
Кадыров Рамзан, хьоста: телеграм-канал RKadyrov_95

"ХIуъа дина а имидж латтор"

Нохчийчоьнан куьйгалхочо масийттазза дӀахьедар дира, шена хетарехь, тIехь Iуналла деш доцу цIенош а, дакъош а дIахьокхур ду аьлла. Керташ схьайаьхна, бахам долахь хиларх кехаташ а схьадаха деза, бохура цо.

Масала, нах цIенош чуьра арабаьхнера 2011-чу шарахь йохка-эцаран центр а, маьждиг а, масех лекха гӀишло а йукъайогӀуш йолу Аргун-Сити комплекс йеш. Бахархошна йоцца хан йелира шайн бахам арабаккха, цул тӀаьхьа бульдозерца хьаьккхина дIайехира нехан хIусамаш. 2017-чу шарахь Шелахь маьждиг дуьллуш, гӀалин йуккъера 90 гергга цӀа дохийра. Йохийначу гIишлошна дуьхьал гIалин йистехь керла хӀусамаш лур йу аьлла, доьзалашна дош делира. 2018-чу шарахь Куьрчала-кIоштахь йохка-эцаран центр йан лерина - 37 цӀа дохо сацам бира, бахархошна масех де деллера шайн бахам схьагулбан. Изза хаамаш баьхкира республикерчу Ахмат-юьртара а, Гермачигара а, кхечу кӀошташкара а.

Цхьа йолу меттигашкахь цхьа а тайпа низамехь кехаташ ца кечдеш дIадоху нахера цӀенош а, латтанаш а, дуьйцу регионерчу редакцин хьостанаша. Нохчийчоьнан Ӏедалша дӀахьочу политикан цхьа агIо гайтаме йу - шина тIамехь йохийна Соьлжа-гIала меттахIоттор, билгалдоккху Бирмингемерчу университетан Къилбаседа Кавказан эксперто Квахадзе Александра.

Нехан кхоллам мехалла бац Нохчийчоьнан куьйгалхочунна

"Нохчийн Ӏедалшна хазахета коьртачу шахьаран эвсара цӀеналла а, регионан керла гӀишлош а, шатайпа архитектура а дIагойтуш. Латтанан дакъош тIехь Iуналла деш дац аьлла, бахьана а хIоттийна, дӀадахар кест-кеста хуьлу Соьлжа-гIалахь а, йерриг а республикехь а. Ӏедал кийча ду, хIуъа а дина, долахошкара дакъош дIадаьхна а, гӀалин имидж ларъйан", - тешна ву эксперт.

Нохчийчохь Кадыровн аьтто бу, нахана хетарг ца лардеш, шен коьрте деъанарг дан, тӀетуьйхира стратегин анализан Центран эксперт волчу Баранец Томаша. Цо билгалдоккху, латтанаш дӀадаьхна долахой баьхьар бац шайн резадацарш дIахьеда.

Адаман кхолламашца бала бац Нохчийчоьнан куьйгалхочунна, боху Соьлж-ГӀаларчу хьехархойн университетан политолого шен цӀе ца йовзийтар доьхуш. "Кадыровс Соьлжа-гӀала кхиош, кхочушъйеш йу Iаламат йаккхий проекташ, гIаланах Дубай йеш санна. Цундела цу гӀуллакхана новкъарло йеш дерг дерриг а дIахьокхар долуш ду - хуьлийла иза йеккъа нехаш, йа цӀенош", - аьлла, дерзийра къамелхочо.

  • Устрада-ГIалахь дIавоьллира 2018-чу шеран гIуран-баттахь Осмаев Абубакар, Шелара хIусамаш йохош йаьккхинчу видеон автор. Дуьххьара цIийн таIам совбаьлла, вуьйжира иза 2017-чу шарахь, Шела йохорах лаьцна интернете цо видео хIоттор ца тайначу кадыровхоша лачкъийначул тIаьхьа.
  • Ойсхарара вахархочо Матаев Расула видео йаьккхинера, Кадыров Рамзанан тIедожорца эвла йуккъера ураман цхьа дакъа дIахьокхуш хиларх лаьцна. Iедалхоша лелочух лаьцна хIуммаъ а ца дийцинера цо, дIадохийна цIенош а, хьайанза йитина коттедж а гайтинера. ТIаьхьо гучуделира, и хIусам кадыровхой болчу ЯхъяевгIеран гергарчийн хилар.
  • 2014-чу шарахь бакъоларйархоша дийцира, Соьлж-гӀалана тӀелатар динчул тӀаьхьа, дуккха а цӀенош дохорах лаьцна. ГIура-беттан 6-чохь Гуьмсе йистехь Гехаев Юнусан цӀа дагийра - цул хьалха Гехаевс беллачарна йукъахь билгалваьккхира шен кӀант. ГIура-беттан 7-чу дийнахь, Энгель-Юьртарчу Касумова Майсетан цӀа дагийра кадыровхоша, цуьнан кӀант а тӀемалошна йукъавахана хиллера; гIура-беттан 7-чу буса, "Мемориало" дийцарехь, Янди-кIотарахь дагийна 4 цӀа, ткъа гIура-беттан 19-чу буса Хошкельдахь тӀемало ву бохучу стеган гергарчу нехан цӀа бульдозерца дIахьаькхира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG